Сценари Керла 2010 шо

               
Дакъалоцурш
1-ра жухарг – Марем
2-г1а жухарг – Хьамзат
3-г1а жухарг – Макка
Бераш (подставные дети) – Ислам, Мовсар, Мата + 2-3 ученика
1-ра ц1оькъалом - Разет
2-г1а ц1оькъалом - Иман
Лайн-Баба – Халима
Жер-Баба – Мадина
Борз – Мохьмад Индарбиев
Цхьогал –Бозбуанча – Майнат
Г1ур-Дада – Муслим Эдилов
Лайн-Аьзни – Апаева Лиана.

Базалгана хьалха гулбелла лахарчу классера дешархой. Царнна юккъехь д1атарбелла царнна юкъабахийтина дешархой (Ислам, Мовсар, Мата, …)  Берашна дехьа-сехьа лаьтташ шиъ ц1оькъа лом а ду. (Разет, Иман).. Гуонна юкъадолу ши ц1оькъалом. Хелхаран эшар йолало, (Разет, Иман) вовшен куьйгаш а лоцуш хьийзаш ловза йолало. Эшар лахло ши ц1оькъалом берашка дистхуьлу.
 
1-ра ц1оькъалом. Разет. Хьажахь, сан йиша ц1оькъалом, хьуна хаьий д1адоьдуш долу шо муьлхачу акхаройн ц1е тоьхна ду?
2-г1а ц1оькъалом. Иман. Хаьа дера! И шо ц1ечу сарг1ин шо ц1е тоьхна ду-кх!
1-ра ц1оькъалом. Разет. Ткъа керла т1едог1уш долу 2010 уьтталг1а шо муьлхачу акхаройн ц1е тоьхна хир ду хаьий хьуна, сан йиша?
2-г1а ц1оькъалом. Иман. Дера хаьа! И керла т1едог1у шо вайн ц1е тоьхна хир ду-кх – «Ц1оькъалоьман шо!»
1-ра ц1оькъалом. Разет. Т1аккха вайшимма уггар хьалха декъалдан деза-кх х1ара бераш Керлачу шарца. Декъала хуьлда шу, тхан хьоме бераш, т1едог1учу 2010 –чу шарца! Ирс, аьтту хуьлда шун динна шарахь!
2-г1а ц1оькъалом. Иман. Тхан хьоме бераш! Декъала хуьлда шу т1едог1учу «Ц1оькъалоьман» шарахь! Дика доьшуш, шайн дена, нанна муьт1ахь долуш хьалакхуьийла шу!

Ч1ог1а екайолало х1инцалера эшар-мукъам. Юкъадаханчу бераша шаьш хелха а довлуш юкъаозадо кхин долу бераш-дешархой. Хелхар чекхдолу, эшар лахло. Схьабовдуш гуонна юкъалелха

1-ра жухарг Марем  (Шен накъосташка-жухаргашка) Э-х1ей! Ма самукъне меттиге кхаьчна вай! Хьовсийша, х1ара бераш-м Керла шо даздан вовшахкхетта! Х1ей, бераш, т1едог1учу Керлачу шарца оха декъал до шу!
2-г1а жухарг Хьамзат. Ирсе, самукъне хуьлда шун т1едог1уш долу Керла шо!
3-г1а жухарг. Макка. Тхан хьоме бераш, могуш-маьрша дехийла шу Керлачу шарахь!
Марем. Ткъа х1инца, бераш, сихонца кечлолаш самукъадаккха! Хелхадовла хаьий шуна?
Бераш. Хаьа! Хаа!
   (Мовсар) Хаьа! Со валий хелха! Ас гойтур ду шуна хелха муха валан веза! (Хелхаволу кеп х1оттош куьйгашца, когашца бохь буг1у)
  (Мата) Суна а хаьа хелха яла дукха хаза! С а ялийташа хелха! (Хелхаран хьовзаран кеп х1оттайо)
 Макка. Делахь байташ еша хаий шуна, бераш!
Бераш. (Ислам) Хаа, хаа тхуна-м хелха довла а, эшарш лакха а, байташ еша а! Д1аса хилал соь баккхийтал цхьа бал!

Хелхаран эшар йолало, Исламас хелхаран бохь а буг1уш Мата Хелха йоккху. Жухаргаша хелхабовлурш бегаш беш хьийзабо, царах тера хелхарш деш.

Марем. (Хелхар чекхдаьлча берашка цецйолуш хотту) Бераш дера шу-м хаза хелхадевр долуш хилла. Амма цхьа х1ума т1еоьшуш санна ма хета суна-м х1окху Керла шо даздаран ловзаргахь!
Бераш. Мата. Х1у т1еоьшу вайна!
Марем. (Базалган аг1ора куьйг а хьажош)Хьовсал шу оцу вайн йо1 санна кечъелла лаьттачу базалге! И-м хаза кечъелла елахь а, сингаттаме ю! Х1унда аьлча цунна т1ехь догуш бес-бесара чиркхаш доцу дела! Бераш, шуна хаий и чиркхаш хьалалатош верг мила ву?
Бераш. (Мовсар) Суна-м ца хаа, Ша-шаха хьалалеташ дац уьш?
Бераш. (Ислам) Дац дера уьш-м шаьш хьалалеташ. Г1ур-Дадас латош ду-кх! (О1лане волуш) Амма вайн ловзарга Г1ур-Дада ва-м ца веъна!
Марем. Дика бераш долчу ловзарга бен ца вог1у Г1ур-Дада. Шу вон лелаш хир ду. Аша дика доьшуш хир дац ишколехь! Урокаш еш хир яц аша ц1ахь! Цундела ва веъна вайга хьошалг1а Г1ур-Дада!
Бераш. (Мата) Х1ан-х1а! Тхо дика доьшуш ду! Оха урокаш а 1амайо х1ора дийнахь, хьехархошка дика ладуг1у! Цхьа бахьана даьлла висина хир ву Г1ур-Дада хьошалг1а ца вог1уш!
Марем. Делахь дера ду вай Г1ур-Дадига а, Маьлх-Аьзнига а кхойкхур. Мохь тоха массара а:
  Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола тхоьга хьошалг1а!
  Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, кхойкху хьоьга ловзарга!
Бераш. (Массара а кхойкху)
Лайн-Баба. Халима. (Д1аса а хьоьжуш, ирх а хьоьжуш, цецъяьлла шена гонаха а хьоьжуш гучуйолу. Ловзарган гуона юккъе а йог1ий массаьрга а цецъяьлла хьоьжуш лаьтта)
Хьамзат. Оха кхойкхург-м Г1ура-дада вай, х1ай тентаг! Ахьа х1ун леладо? (Меран метта долу ж1онк озадо беламна)
Лайн-Баба. Халима. Ца хаьа суна-м, со хила а мега аша кхойкхург, аьлла схьанехьа яьллера со-м… ваьллера…даьллера…Муха аьлча бакъахь хир дара техьа?
Макка. (Къинхетаме озаца, белшт1е куьг а хьокхуш) Хьажахьа, дукха яхарг, оха Г1ур-дадига, Лайн-Аьзнига а кхойкху!
Лайн-Баба. (Самукъне) Х1аъ! Х1аъ! И ахьа т1еххьара цеяьккхинарг хилан еза хьуна со!
Макка. Мила? Лайн-Аьзний?
Лайн-Баба. Х1аъане!
Хьамзат (Велалуш) Э-э-э! Дера ву со х1ара коьчал кота боьжна лела моьттуш! Хьуна хаьий Лайн-Аьзни мел хаза, кечъелла ю!
Лайн-Баба. (Доьгдоьхна) Ца хаьа суна-м. Со х1инцца оцу арахь бераша лайнах йина ю.
Макка. Со кхийти! Со кхийти х1ара х1ун ала г1ерта! Х1ара лайн-Аьзни ала ца г1ерта, х1ара Лайн-Баба ю! Бераша арахь самукъадаккха лайх йина ю х1ара!
Лайн-Баба. (Хазахетарца) Х1аъ! Лайн-Баба! Лайн-Баба ц1е тиллира суна оцу бераша!
Марем. Маьрша йог1ийла хьо, Лайн-Баба! Керлачу шарна лерина оха динчу х1окху ловзаргахь хьо а хир ю тхан лерамен хьаша!
Хьамзат. (Улло а г1уртуш, бегаш бо) Хьуна хаьий ткъа хелха яла, хьоме Лайн-Баба! Эшар лакха хаьий хьуна?
Лайн-Баба. (Ойлане хуьлуш) Ца хаьа суна-м сайна хелхаяла хаьа, я ца хаьа!
Хьамзат. Хьовсий вай хьуа хелха яла хаьий?
Лайн-Баба. Хьовса!
Хьамзат. (Эшар т1ех1оттош волучунга мохь тухуш) Д1атохал и вайн зевне вота! Д1алакхал и вайн мерза пондар! Бал баккхийтал соьга вайн хьешаца Лайн-Бабица! (Хелха волу Лайн-Бабица)
Лайн-Баба. (Шен хелхаяларх самукъадаьлла) Суна-м современни хелхар дан а хуур дара!
Макка. Дера ю со х1ара Лайн-Баба вайна т1е куй тоха еъна моьттуш! Х1ара-м поп-рок супер Лайн-Баба хилла!
(Х1инцалера музыка. Шаверг а хелхаволу базалгана гуонаш а туьйсуш. Лайн-Баба юккъехь хелха йолуш ю. Юкъадаьхначу бераша ловзарга даьхкина кегийра бераш хелха доху куьйг а лоцуш юкъадохуш)
Марем. (Хелхар сецча) бераш, Лайн-Баба-м карий вайна, ткъа базалг хьала муха латон еза хьанна хаьа? Г1ур-Дада ца хилча и хьала муха латор ю вай?
Лайн-Баба. Суна хаьа. Г1ур-дадин гергара стаг ма ю со а. (Базалгана улло а йоьдуш бозбуанчалла до)  Базалг, базалг, хаза базалг!
       Серла даккха ловзар тхан!
       Базалг, базалг, хаза базалг!
       Хьала лата, лата хьо!
(Базалг хьалалеташ серлайолу. Ловзар кхин д1адоьду)
Марем. Базалг-м хьалалатий вай, амма Г1ур-Дадий, Лайн-Аьзний ца хилча вайн ловзар кхоччуш самукъне хир дац. Цара-м вайна цхьацца долу совг1аташ а схьадаийтина хьалххехьа Керлачу шарца вай декъал деш. (Базалгана бухахь 1уьллуш долчу галина т1е куьг а хьажош гойту)
Макка. Г1ур-Дадига кхайкха деза вай! И ца хилча совг1аташ вай ваьша хьедойла а ма дац!
Марем. Бераш, кхин цкъа а кхайкхий вай Г1ур-Дадига?
Бераш (Ислам) Дик ду!
Бераш. (Мата) Х1аъ, кхайкха!
Марем. Кхайкхал делахь соьца цхьана:
  Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола тхоьга хьошалг1а!
  Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, кхойкху хьоьга ловзарга!
Борз.Магомед. (Геннара хезаш аз ду, базалган т1ехьара) Со вог1уш ву-кх! Ма хьекха маьхьарий хьерадевлича санна! Вог1уш ву со! Вог1уш ву!
Жер-Баба. Мадина. (Геннара хезаш аз. Базалгана т1ехьара) Со а ю схьайог1уш, шун хазал яла йоллуш йолу Лайн-Аьзни!
Цхьогал. (Аз) Со а ду дог1уш! Суна мерза кхаьрзина котам кечъйиний аша! (Т1аьхьий, хьалхий гучудолу Борзий, Жер-Бабий, Цхьогаллий)
Борз. (Буйнахь Жер-Бабин декха нуй бу 1асана метта. Г1ур-Дадех тардина аз: Амма берзан сибато гойту и борз хилар) Бераш-кераш, хьовсал соьга! Со ву шуна бакъ волу Г1ур-Дада! Шаьш дахьахь цхьаммо а алал, вац! Ас бийр бу шун болх!
Бераш. (Иман) Ва, орца дала! И ма буьрса Г1ур-Дада ву! Со кхоьру!
Борз. Х1аъ! Иштта сох кхера шу! Ца кхоьруш верг-м ас д1акхоллур ву!
Макка. (Барзана гонаха хьаьвзаш. Цунна т1еоьллина духарах катухуш, жухургаша го бо) Хьовсийша, бераш, х1окху коьчалга! Хьаннах а хуьлу моьтту хьуна Г1ур-Дада!
Борз. (Нуй ластабеш жухаргаш д1алахка г1ерта шена гонахара) Д1адовла жухаргаш, аса х1инца церг юллур ю шух!
Жер-Баба (Бераш шех тешон г1уртуш) Бераш-кераш, шу х1унда ца теша и Г1ур-Дада ву аьлча? Ас тоьшалла до шуна, и шуна гуш верг, ша ма-варра бакъволу Г1ур-Дада ву аьлча! Ас аьлча-м тешар ма ду шу! Дуй?
Макка. (Жер-Бабина гонаха хьаьвзаш, кучан юхах ка а тухуш) Хьовсийша х1окху къеначу гужаме а! Хьо мила ю, янне а?
Жер-Баба. И бохург х1ун ду? Со уггар а х1окху дуьненчохь хаза йолу Лайн-Аьзни ю-кх!
Макка. Э-э-э! Хьо ялла 1ай уьшал чохь! Хьол хаза-м тхан лулахойн гомаша а ю!
Жер-Баба. Д1аяла со оьг1аз а ца йохийтуш. Х1инццалца жухаргех чам баьккхина бацахь а, ас цхьа кхурд бина д1акхоллур ю хьо!
Макка. (Гонаха хьийзаш хьийзайо Жер-Баба) Ахьа кхоллур яра со д1а! Кхалла! Кхалла! Со-м дера легашка х1уттур ма яра хьуна, хьо со кхалла г1оьртича а!
Цхьогал. (Машарен озаца) Хьовсийша, доттаг1ий! Хьоме бераш! Хаза, дика бераш! Аса тоьшалла до шуна уьш бакъдолу Г1ур-Дадий, Лайн-Аьзний хилар!
Хьамзат. (Г1ур-Дада (БОРЗ) д1а а хоьцуш цхьогална улле вог1у) Х1орш-м Г1ур-Дадий, Лайн-Аьзний хуьлийтура вай, ткъа хьо х1ун экха ду? Ахьа х1ун леладо, хьайн х1иллане ира муц1ар йовлакхан т1емана т1ехьа а лечкъош?
Цхьогал. Со кхаьрзина котам езаш… (Жер-Бабас муьшка еш юкъахйоккху) аьлча а шун совг1аташ лачкъон… (Жер-Бабас муьшка еш юкъахйоккху) аьлча а шуна совг1аташ дохьуш еъна бозбуанча ю-кх.
Макка. Дера ю со оцу хьан х1илланен муц1арна бозбуанча дарал дика нехан бун чуьра котамаш лачкъон дика хаа моьттуш! Дукха ч1ог1а цхьгалах тера ду хьо!
Цхьогал. (Ойлане долуш) Котамаш! Котамаш! Кхаьрзина котамаш! Царал мерза х1ун хир ду! (Жер-Бабас муьшка йича меттайог1уш) Х1ун котамаш юьйцу ахьа? Со-м шуна совг1ат дан лууш дара…
Хьамзат. Х1ун совг1ат? Мичхьа ду и?
Цхьогал. (Шен киснашка хьоьжу кеп х1иттайо) Эх1, новкъахь схьайог1уш дайина аса шуна дохьуш хилла совг1ат.
Хьамзат. Делахь х1ета хьо соьца хелха дала деза, совг1атан метта!
Цхьогал. Муха… хелха?
Хьамзат. Иштта! (Хелхаран эшар йолало. Жухарга цхьогал ца луушехь шеца хелха доккху, кест-кестта муьшка а еш)

Цул т1ехьа жер-Баба а йоккху массара а т1араш а тухуш Барзаца хелха.

Марем. (Хелхаран бал чекхбаьлча) Бераш, х1ара Г1ур-дадий, Лайн-Аьзний, Бозбуанчий ч1ог1а тера дац бакъболучех. Аша къасто деза, кхара юьйцург харцо ю я яц!
Бераш. (Къийсан дуьйлало вовшашца. Цхьаболучара уьш тера бу боху бакъболучех. Вукхара бац боху)
Борз, Жер-Баба, Цхьогал. (Бераш къуьйсуш дохкушехь, тебина базалгана к1елахь 1уьллучу галийна улле а доьдий и дадон г1урту. Амма берашна, жухаргашна гучу а бовлий уьш вовшах тасало. Оцу хенахь гучуволу бакъволу Г1ур-Дада, Лайн-Аьзни а.)
Лайн-Аьзни. (Йиша локху, массо а йишане ладог1ан х1утту)
Жер-Баба, Борз, Цхьогал. (Соне тебина кхераделла эгош лаьтта)
Г1ур-Дада. (Эшар чекхъяьлча) Де дика хуьлда шун, сан хьоме бараш! Дуьненахь мел долу бераш долчу хьошалг1а кхиан г1ерташ жимма хьевелла со! Х1инца цхьана х1оттор ду вай Керлачу шарна лерина вайн самукъне ловзар! Амма цкъа хьалха ас декъал до шу т1едог1учу Керлачу шарца! Могуш-маьрша дехийла шу керлачу шарахь! Ирсе, самукъне хулда шун Керла шо! (Жер-Баба, Борз, Цхьогал а гой, царнна улле воьду.) Х1орш муьлш бу?
Марем. Дера бу х1орш, шаьш Г1ур-Дадий, Лайн-Аьзний, Бозбуанчий ду бохуш х1окху ловзаргахь харцонаш лелош берш!
Г1ур-Дада (Оьг1азе хьожу соне тебинчаьрга) Ой, и бохур х1ун ду? (Шегара 1аса лаьттах туху.) Ас х1окху сохьта схьакхойкхур ду лайн дарцашка! Ас ша бойтур бу х1окхарах! (Барзе, Жер-Бабига, Цхьогале) И х1ун харцо ю аша лелориг? Х1унда?
Борз. Х1ай сийлахь воккха стаг! Ма бехьа сох ша! Со яцара бехкениг. Х1окху кхеначу гужамо Жер-Бабас ахьа берашна даийтина совг1аташ ду аьлла 1ехийна кхаьчна со кхуза.
Жер-Баба. (Барзе) Д1асацае хьайн бат! Ас хийнцца д1акхоллур дера ю хьо!
Цхьогал. Хьовсийша, со-м дацара шун совг1аташ оьшуш т1ехьакхийсича а! Со д1адахийтийша!
Борз. Хьо а дар-кха Жер-Бабас аьлларг т1етадеш, хьайна кхузахь кхаьрзина котамаш хир ю моьттуш.
Цхьогал. Ас дош ло-кх, соьга дош далийтийша… Хинцачул т1ехь кхин цкъа а котаман жижгаш мотт д1а ма тухур бац аьлла! (Доьлху) Д1адахийтийша со сан ц1а!
Бераш (Къахета цхьогал дилхича) Г1ур-Дада, гечдехьа оцу тентагашна Керла шо даздаран лерина ловзар кхоьлина хир доцуш!
Г1ур-Дада. Мегар ду делахь, шуна лаарна ас гечдийр ду царнна! Амма х1окхара дош далан деза, кхин цкъа а харцо лелор яц шаьш аьлла!
Борз. Со реза ю и дош дала!
Цхьогал. Ас-м шиъ дош а лур дара, аша со шайн ловзаргахь дитича. Хьанна хаьа, суна а кхочур дац техьа совг1ат!
Жер-Баба. (Шен накъосташна куьйгаэшарехь дов деш) Ас а ло дош кхин берашца харцо ца лелон!
Г1ур-Дада (Массаьрга а) Ткъа х1инца вай д1адолор ду вайн Керла шо даздаран ловзар! Декъала хуьлда Керла шо! Маьрша дог1ийла Керла шо! Схьакхечи вайна 2010 Керла шо! Маьрша, ирсен дахар хуьлда шун Керлачу шарахь! Д1атоха вота, д1алакха пондар!

(Хелхарш, эшарш, байташ ешар, берашна совг1аташ далар д1адолало. Г1ур-Дадас, Лайн-Аьзнис д1ахьо кхин д1а долу ловзар)


Рецензии