Цхьа орам болуш. Один у нас корень
Дукха хан яц т1еман г1овг1а д1атийна.Юха маьрша дахар д1ах1оттаре сатесна г1елделла,ницкъ эшна к1елдисина адам шайн-шайн ц1ийнах йисинчу х1усамашка-бахьанашка д1атарделла.Арахь наггахь а гуш дийна са а ца карадо,сих-сиха "зачисткаш"-талораш до оьрсийн салташа.
1уьйрре г1аьттина балха яха ара яьлла ю со.Цхьа ши социйла дехьа ю тхан ишкол … Дукха хан ялале ,цхьа къено йоккха стаг д1ах1оьтти суна йисте,такхийна г1удалкх а яхьаш.Хетарехь,гуманитарни г1о эца йоьдуш ю иза.Гонах кьора тийналла ю,социйлехь адам а дац , сой,и кхечу къомах йоккха стаггий бен.1уьйре дика йича а йист а ца хуьлу иза,къора ю моьтту суна , я массо а х1уманах чам байна,дуьненан марзонах хаьддачух тера ду…
1уьйре хаза кхелина ю ,гуьйренан юьхь ю арахь..Гобаьккхина еса аре ю,т1е бомбанаш етташ аьтта лаьттачу т1ек1ела йинчу г1ишлойн х1усамийн деса кораш дагна т1е лазам тосуш хьоьжу.Т1амо з1аь1ап дина дитташ а ду боккхачу некъан йистехь лаьтташ,дукхахдерш - леганаш.Эрча даьхна уьш т1амо,баххьаш а аьтта,цхьацанхьа диттийн юьхкаш бен ца йисна…
"Маржа дитташ я-1, адамаш-м вовшийн къизалла лелайора ,шу х1ун бехк бу те сел ч1ог1а 1азапан к1ел нисдала?,-ойла йо ас...-1алам а хили-кх кху балийна юкъара»…
Боккхачу некъа йистехь лаьтта сой и зудий, социйла хиллачу меттехь,маршрутке хьоьжуш ,вуьшта, лоьмаршца йолу автобусаш х1инца а юьйла а ца елла…Гуш машен а яц..
Жим-жимма болх бан йолаелла больницаш, ишколаш,тхан ишкол а ю ерриге а юха метта х1отто езаш, кхин а б1еннаш санна...Дешар д1адоладале ,аьтта куьзганаш схьа а гулдеш,чуьра лелхийтина пенашна мадар а еш,балхана кечам беш ду тхо.Хьалхара т1ом баьлча иштта йохийна ах аг1о д1а а къевлина лаьтташ яра тхан и ишкол.Дуккха а кхечу къомах хьехархой х1ета бевдда к1елхьара бевлира кхузара,шоллаг1а т1ом хир буйла хууш санна.
Оьрсийн меттан хьехархо хиллачу цхьана эрмалочунна метта еана яра со а балха.Хьанна моьттура кхин цхьа къематан де а дог1ур ду Нохчийчу?Амма юха а бомбанийн г1овг1а лан дийзира, шортта декъий ган а дийзира.Баланаш а хуьйдира,иесах а телхира.Дуккха а нах д1акхелхира :цхьаберш -бакъдуьнена а ,кхиберш-кхечу мехкашка.Биснарш баха безаш бара,керлачу хьелашкахь д1атарбала безаш а.Х1уммаь атта дацара ларамаза бухабисинчеран дукъ а. ..
Иштта цхьацца ойланаш еш,д1адахнарг карла а дуьйлуш лаьтташ ю со,сайца и оьрсийн зуда а йолуш.Ц1еххьана дог1ийначу г1аттийн ц1еношна юкъара герз детта долало,мичара бевлла а ца хууш гон беш д1ах1уьттуш бу баьццара къорза духарш дуьйхина г1азкхийн салтий. Хетарехь ,цхьаъ «боевикех» хаавелла царна ц1а чохь,цара герзаш кхийсса доладо,д1а а схьа етташ.Цхьанхьа дуьне къардал г1овг1а а йолу,мина эккхийтинчух тера а ду.Дог сихадеттадала долало. Кийра кхерам буссу.
. Ас сайца лаьттачу йоккхачу стаге:
-Вайша д1айолалой -эли.
Йоккха стаг сихха шен г1удалкх а такхайой д1айолало,цхьа йилбазалла доцуш санна ю иза ,йист а ца хуьлуш,г1аш д1аяха ойла хуьлу сан а. Некъал дехьа а йолий охьанехьа болчу жимчу некъа йоьду тхойшиъ,т1ехула а , когаш к1елахула а д1аьндаргаш ловзу , тхан лере ц1ог1а а детташ.Лерехула а,когашкахула а ц1ийзаш д1аоьху д1аьндаргаш.
Есачу арахь д1аоьху тхойшиъ.Ц1еххьана г1овг1а марсайолу,кхерам а алсамболу,1ожалла гена яц тхуна,герзаш бен а доцуш д1аса детташ ду .Ас дагахь доьшучура ч1аг1дой бисмиллах1и доьшу: «Бисмиллах1иррохьманиррохьийми.Алхьамдулиллах1ироббил 1аламийн...» Соьца йолчу некъахочо а до шайн маттахь до1а: «Отче наш ,иже еси на небеси,спаси и сохрани…» хеза суна.Со дагахь деша йолало къулханаш,йоккхачу стага а до шен до1анаш дагахь.
Тхойшинна т1ехула хьийзаш цхьа 1ожалла ю,цуо ца хоьржу, хьо муьлхачу къомах ву ,цхьа кхерам бу тхойшиъ вовшехтоьхнарг а,цхьа бохам а.Охашиммо а кхойкхург цхьа Дела а ву,1аламаш а ,Ни1маташ а Кхоьллина волу,охашиммо а доьхург цхьаъ ду:балех хьалхаяккхар.Тхойшиъ 1ожаллех хьалха а йолу...
Балха д1айоьдуш ойлайо ас:х1унда ду х1ара зуламаш адамашна юкъахь? Цхьа орам а болуш ,цхьана эхартан бешара схьадевлла синош ду вай,Лаьтта т1е д1адоьг1на адамаш...
Лазам,кхерам ,вахар,валар -и шадерг цхьатерра юкъара ду,бутт а ,малх а санна..Къинхетам ца хили юкъара,адамалла а...Х1унда?
07.05.2000-2002 шераш
Один корень у нас...
Война вроде прошла,но кругом гарь,стоят снарядами обглоданные деревья,взирают на редких горожан глазницы-окна полуразрушенных многоэтажных домов...По дороге идут две женщины(чеченка и русская),одна -на работу,другая-возможно, за гуманитарной помощью.
Вдруг дома окружаются военными ,открывается стрельба.Может быть,боевиков заметили...
Пули проносятся под ногами двух женщин.До Смерти,может,рукой подать.Они идут по своей дороге,читая молитвы...На разных языках, взывая к Одному Творцу.Повезло им,услышаны молитвы.
Почему все так происходит? Один у нас у всех корень.Все у людей общее:страдание,смерть,жизнь,как солнце,луна,небо.На одной планете живем ,к Единому Творцу обращаем лик,когда тяжело.
Почему Милосердие,Гуманность не едины для всех?
Свидетельство о публикации №214010600216