Хьонкехь
хьонка чохь болу т1оьрмиг схьа а оьзна,цу чуьра хьонка шун чу а биллина, и ц1анбан охьахии со.
Сехьа чу вели х1ара, дуьхьал охьа хии.Кегийра хелигаш схьа а оьцуш ,царна т1ера мачаш д1аяха х1утту и ша-шена вела а воьлуш. "Цхьа х1ума дага-м деана хьуна кхунна"- шек йолу со.
-Хьо хиллий цкъа а хьонке вахана?-хотту ас,цуьнан ойланийн хьаса лаьцча санна.
-Дера хилла-кх цкъа-м,-дийцар доладо ц1ийндас.
-Тхо х1етахь кегийра дара,со а,Дида а,Дуда а,вайн луларчу Вавас шен доьзалца хьонки дигинера тхо.
Тхо кхоъ вара,церан чуьра виъ стаг вара,кхин а лулахой а бу тхоьца.Шен жимахйолу ши йо1 а ялайинера:ка дика йолуш йолу Маржан а,яах1ума ян Селихьат а.
Хьонкех дерг дика девзаш а,хууш а вара Вава."Мурйоьлла дечиг охьайоьжначохь дукха хуьлу жахар"-хьийхира цуо тхуна.Йилбазалла доцуш стаг а вара ша, дуьххьал д1а иштта цхьацца бахьанашца,хьонке воьдуш а,жий воьдуш а доьзал кхобуш хене волура иза.Цуьнан-м барх1 йо11ий,цхьа к1анттий дарий,кхаба дезаш...
Хьонка гулбина чудирзи тхо,цхьана дечиган йиначу тоьли чу.
Юха дика тхайна жахар а биъна,д1а парг1ат девлича,Вава хьовзо ваьккхира оха, цхьацца хилларш-лелларш дийцийта...
Д1адоладира Вавас шен дийцар:"Хьасттах веъна со-суо хьонке,арахь цхьа вон г1овг1а ели, д1а ара ваьлла со –говр яц , не1арехь лаьтташ ча ю-кх(тхо-м вовшех а хьоьжуш доьлу ). Ши т1амар д1аса а хецна лаьттачу чане ас боху, хьада д1аяла мА лаза яйта соьга хьо. Мичара? Меттах а ца йолу.Юха хьан т1ейолалушшехь топ ялийтина ас когах , юха а къар ца ло .Хьада, д1аяла ма ейта соьга хьо, олу ас , амма хьаьнга лоь а ца хаьа, кхин цкъа са лоцуче топ тоха йийзира сан. Тоьхна ча охьа а йиллина , говр лаха д1аволавели со, къаьхкина д1аяхначух тера ду. Д1а ладоьг1ча , т1ехьа цхьа г1овг1а ю, ча ю-кх т1аьхьа текхаш, д1атасвели со , со ма вахло ведда , хьалха хьаьжча цхьа 1ин ду, цу чохь кондар ю ,со оцу кондарх тасавелла виси, ча-м яхна 1инах иккхира.."
Бакъ дара я дацара ца хаьа , тапаьлла ла-м дуг1ура оха цуьнга, сих-сиха Селехьат юкъа а кхоссалуш:"Оввай, Дада, ма дика ду хьо цуо вен ца вийна, оха х1ун дийр дара т1аккха?"
Иштта Вавас цхьацца инзаре х1умнаш а дуьйцуш,Селихьата иза д1а а нисвеш,тхо 1аш долуш, ц1еххьанна хьун юккъехь цхьа ирча экханан мохь белира , г1еххьачул ч1огг1а массеран а дагчу кхерам а тосуш , Мохсолта-м (тхох уггар а зоьрталниг) кхеравелла , не1арера а д1атиллира.
-Алмаз лаьцначух тера ду цхьаммо -элира Вавас,кхин шек а воцуш,- вай кхузахь хааделлачух тера ду цунна.
Йо1-м кхера а елла дена т1ехьа хилира."Вай, Дада , зудабераш д1акхуьйлу ма боху цара, со-м кхоьру,со ма йигахьара."
Забарна т1ера волчу вашас:" Хьай деллахь 1е 1ад, хьо йолче- олу йишига (ч1ог1а хаза яцара иза) хьо гича дог иккхина лийр ду -кх иза , д1а-м х1етте а юьгур яцара цуо хьо ."...
Оцу буьйсанна наб ца кхийтира тхох цхьанна а,боккъал а Вавас дуьйцу Алмаз схьакхачарна кхоьруш,1уьйранна тхайн галеш сарале хьонкех а дуьзна,дукха чехка ц1а а дахара,кхин хьонке ког а ца баьккхира-дерзийра шен къамел тхан стага,хьонкийн хелигаш лаьтта а тесна.
Тхаьш хьонка а эцна,иза моссаза буу ,карла долийца суна х1ара х1ума.
"Хьонкехь" в буквальном переводе означает "За черемшой".
В кратком эпизоде юмористического рассказа показаны простодушие,открытость,трудолюбие
простых людей из народа,проводящих несколько дней в лесу,собирая черемшу.
Забавным в этой истории является рассказ старика(может,специально придуманный для ребят)о том,как он одолел медведя.
Раздавшийся среди ночи крик какого -то животного,по рассказу главного героя- вопль Алмаза(Лешего),схваченного кем-то в глуши леса.
Свидетельство о публикации №214010800187