Де дика к1ант
КIорггера Iилам девзина, яккхий къайленаш хууш волу стаг хилла шен цхьаъ бен воцчу кIанте хьоьжуш, тидам беш.
Шен кIантера сингаттам готтаре совбаьлли шена хиича, дас элира кIанте:
- КIант, аса цхьа доIа Iамор ду хьуна – ахьа хьайца, деша а доьшуш лела мел до, сингаттам хир бац хьоьгахь, бIарзвалар хIун ду а хуур дац хьуна, хьайна хуург нахе а ма дийца.
ДIаделира дас кIантана сина паргIатуо яхьа доIа.
Ара ваьлла, сихха йоккхачу майбана кхечира кIант. ЧIогIа мохь тоьхна, адам шена тIедерзийна, вистхилира иза:
- Махкахой!, аса цхьа доIа деана шуна – схьаэций, шайца леладе, аша иза шайца мел леладо – сингаттам хир бац шуьгахь, бIарздалар хIун ду а хуур дац шуна!
Шега дас аьлларг доха а дина, халкъана доIа дIа а дела, сина паргIатуо яьлла, ша динчух воккхавеш, цIа къечира кIант, дега элира:
- Дада, ахьа сунна делла доIа аса, майдана а ваьлла, нахана дIа дели! – аьлла.
Ша шен кIантана дихканарг цуо дастарна чIогIа оьгIазе вистхилира да, кIант човха а веш.
КIанта элира дега:
- Аса и доIа сайна цхьанна лелийча, со цхьаъ бен кху балех хьалха вер вацара. ТIкъа, хIинца хьажал адаме – ахьа делла доIа доьшуш, сингаттам дIабаьлла, сибаташ серла девлла бу нах дIа- схьа боьлхуш. Эзарнаш балера бовлар дац гIолехьа?
Меллаша шен кIантана хьалха гора хоьттира да:
- Солла а тоьлла хьо, сан кIант, хьо соьлла а лакхахь ву Далла герга боьдучу новкъахь! ХIинца со а ву хьуна, и нах санна, сина паргIат – аьлла.
Свидетельство о публикации №214012001741