Бахьанаш
Цхьана дийнахь Адама хеттарш дан долийра Мохьмаде.
- Ва Мохьмад! Ткъе пхиъ – ткъе итт шо хьалха хIара вайга хIоьттина хьал хуттур дуй хуъушехь, хIара ца хIоттийта, бахьанаш лелийна а, хIума цалеладар хIун бахьана хилла - техьа?
Адаме схьа а хьаьжна, юха хи чу буьйгIира Мохьмада ши бIаьрг. Эххар а вистхилира.
- Цхьана дийнахь а, цхьана сохьтехь а хIоьттина хьал дац хIара, Адам, кхуьнан бух - орам Советан Iедал тIедале тасабелла, кхиа болабелла бу.
Аьшпех бакъдерг тарделла, Iеха цалург вийна, висинарг кхерийна дIахIоьттина дара Советан Iедал.
Iедало деанчу дешаро адамехь долу дика- диканиг дIадаккха долийра.
Цхьана хIуманан тидам белахь: шен къоман гIиллаккхаш дIа а тесна, кхечу хIуманашна тидам а, хьекъал а тIедирзина хьала - кхиинчу мехкарша шайн доьзална хIун лур ду аьлла хета хьуна?
Уггар дика хан ю 6-7 шо - оццу хенахь ишколе доьлху бераш.
Итт шарахь ишколе а лелий, ишкол яьккхиний- яккхазий маре доьлху кегий зудабераш – сискал хьакхо а ца хаьа, гIиллакх- гIуллакх лело а наггахь йолчунна бен ца хаьа. Шена хуург бен Iамор дуй цу жимчу зудчо шен доьзална? Дац.
1918 шарахь духар дIатисса долийна къомо.
1944 шарахь къам дохийна, Казахстанехь даьккхинчу 13 шарахь доьзал мацалла ма лахьара бохуш кхиийина наноша бераш. Къена зударий, бакхий нах мацаллой, шелоной дIалахьийна – хIор къоман хьекъал а, кхетам а бу къаной.
Къам цIа дирзича гуттар а чIогIа, са чу диллина, тIебирзина нах дешарна. Деша цаваханарг, воккха а, жима а, сискал яккхалахьара-кха бохуш, рицкъанах тасабелла баьхкина - бахьанаш а, орамаш цигахь ду кху Iаьржачу хенан. Хьажал гуонаха (куьг тесира Мохьмада гуонахьа ) яьлла коьллаш, баьIаш гой хьуна? - аре баьIеххий, коьллеххий лар ца йича мичахь дежар ду бежана а, уьстагI а?
Чу диллина хIума ца хилча, хено кхиийна, ницкъе баьхкича цу коьллех а, баьIех а тарло нах. Ницкъана хьалха охьатеIаш, ницкъана корта бетта аьлла тIе ца диллина хьекъална а, кхетамна а.
Свидетельство о публикации №214012001789