Ненан ДоIа

Бодане еана зама дIаяьлла, сина паргIатуо яхьаш,  серло      
             ца  яьржаш, сингаттамуо бIарзйина  Нохчийн  Нана  кхайкхира
            Деле:
         - Тхо кхоьллина Веза а, Воккха а Дела! Хьайн  къинхетамах ма даха 
            Ахьа тхо, хьайн къинхетам бе Ахьа тхох!
                Де бахьана а доцуш Айхьа кхоьллинчунна деллачух кхачам а
            бина ца Iийначу тхуна гечде Ахьа!
                Хьагделча тхуна  мала хи делла Ахьа  –  мала ца  мегачу  тIе
            даьккхинчу тхуна гечде Ахьа! 
                Латта делла Ахьа тхуна – тIехула лела а, тIехь ваха а ца мегачу
            хьоле далийначу тхуна гечде Ахьа, Веза Дела!
                Са ца доккхуш Iалур дацара тхо, Ахьа  къинхетам а бина ХIаваъ
            ца деллехь – чуоза ца  мегачу тIе даккхарна гечде Ахьа, Веза а,
            Воккха а Дела!
                «Елаш Ойла!» - аьлла, Ойла елла Ахьа адамана – дуьненан
            рицкъи тIе яхана, йоьхна тхан Ойла нисъе Ахьа, хIай
            Сийлахь  Дела!
                Айхьа билгал а даьккхина деллачу пхеаннах - ЦIарна белла 
            Ахьа ницкъ адаме ца хьашийта – ларде Ахьа, Веза, Сийлахь 
            Дела, тхан догIмаш а, тхан синош  а  ЦIарах!
                Нисъе Ахьа тхан Ойла, даха Ахьа хьайна герга богIучу
            новкъа! – Юккъера некъ луо Ахьа тхуна, баийта Ахьа тхан
            махка хьайн къинхетам, луо Ахьа тхуна синтем!...

                Саццаза  уьду  Ненан  бIаьргех  хиш …, доьху   къинхетам бар… 
                Нана ма ю и …  йоьлхург…,  Нана – Нохчийчоь…

                …Ца сеци-кха йоьлхучуьра вайнехан Нана…
                БIе шарахь белаш тIе доьжна къоман дукъ -
                ца хили-кха схьаэца тхох вала къонах,
                Хьо елхо бен…, тхан Нана…Нохчийчоь…


Рецензии