Ларалаш Нана!

Хих  дуьзначу  бIаьргашна  гуш  хIума  дац, маьлха дуьне кхоьлина  Вайнеха  йоIана – хотта  мел  цадезарг  хоьттина  махкахь – вийна ваша, лазийна  да-нана, йиша, тIамо  ца  бузучу  кийра  хьарчийна  жима  цIийнда… .
            Заманан балано  ягий-кха  йоьIа  елаялар, латий-кха бос боцу  сийна  цIе  жимчу  дагах… , хийци-кха коьртара  хаза  ойла  леттачу  цIаро… .
            Айина  корта, йоIа  хьажабо  бIаьргаш  Кавказан  даккхийчу  ламанан  баххьашка … ницIкъ  боьхуш  шена.
            Лур  бу  Кхоьллинчо цу  йоIана  ницкъ, хена  йохаллехь  чевнаш  а  йоьрзур  ю дIа  вай, вежарий,  бахь  цуьнан  ларам, ма  делаш диц  шу – ю шуна и  цхьана  дикачу  де  йоI, дикачу кIента  йиша, Делера  къайле  а  йолуш  дуьненчу  деанчу  беран - Нана!
            Лераниг Нана – лорур ву  Дала!
            Дац шуна, вежарий, лараме кхочуш дуьненахь х1умма а!


Рецензии
г1ап хилла х1оьтти хьо

халоний новкъахь,зуламех

тхо лардеш,баланаш

ойуш.ахь дуккха техкина тхан

балийн ага,х1инца хьо

д1айижа,тхоьга лой ага...маьлх серло

йогучохь,кхулур яц

марха,хьан вона х1оьттина

хьан доьзал хьалха.тхо луаш

дац хьуна хьан б1аьрхиш

гойла,и ца ган тхо массо хьан метта лойла.тхо даккхий мел

хуьла хьо ч1ог1а еза,тхан

шераш мел дузу хьо мерза

хета.х1оранна моьтту,хьо

шена сов еза,хьо шена

санна,кхи цхьане ца еза.сан дог ду хьан ц1арах хьан метта

дага,оха хьо хьаьстича

йоьлхар яц НАНА.техкор

ду,къийсалуш хьан дашо

ага,тхо гора х1иттина

баркалла ала.наношна ца хаа,вай хержа

дезий,дуьненан г1алаташ

гечдан ца дезий,цхьатера

човхадай дов дехьа тхуна!-тхо

доьлаш лаьттар ду,там бина

хьуна.са илли доссахьа сан ненан коре,маршалла

хатахьа еш цунна г1оле.ас

къайлахь мел олург,мохь

тохий ала,шо кхаьчна бер

санна ,хьасталахь НАНА!

Малика Сосламбекова   28.04.2014 14:22     Заявить о нарушении