Дашах дош

Дадас дийцара олий Адама шен  кIанте олура:
- Воьдуш-вогIуш шиъ хIума  карор ду хьуна, хьо бIаьргана бIаьрзе вацахь, лергана  къора а вацахь. Бакъду, шиъ  хIума довр ду хьан, хьо къора а валахь, бIаьрзе а  валахь.
                КIант а воккха хилла, къан а веллера, цхьана  дийнахь цхьа сурт а гина, шен дас  дийцинарг цIена  бакъдерг  дуьйла хиъча.
                ГIали юккъахь автобусе хьоьжуш лаьтташ нах  бара дуккха  а.
                Юьстахуо хоьттина  лаьттачу воккхачу  стагана  ма  яггIара  тIе а еана, де дика деш ца деш, воккхачу  стаге  хотту йоIа:
- Ваши, тахана долчу суьртах лаьцна хIун  эра  дара ахьа?, алахьа хьайна хетарг, - аьлла, чехкка  микрофон хьалха  а  кховдош.
                Цу къануочо дикка  аренаш  цистаний  хиира  хиттана  лаьттачу  нахана, воккхачу  стага  хаттарна жоп делча:

 - «Оьцур ду дешнаш! Духкар ду дешнаш!»
Детташа  хезаш  ду маьI-маьIнехь цIогIанаш…
Жиманиг, воккханиг дIахьаьдда базара,
Сихонца терзана кхисса шайн могIанаш.

Терзанахь дешнаш ду  маьхза дIадухкуш…
IуьтIа, харданга, бежло а меххехь ву! Схьа да!
«Мах бацахь дош а дац!» - цхьаммуо схьабоха,
Йоьхьа доьхьала  схьа, ца хеташ эхь.

Хьайн ала дош далахь даггара, доттагIа,
Ма хьолахьа  терзане  сихвелла  ахь!
Лардеш, дIадиллий, даккхалахь кхане,
Йийр ю хьан кханенехь тIаьхьено яхь!

               ЦIийелла  латтара  йоI, микрофон  дIаяккха ца хуттуш, дийнахь сарралца баьжна цIа беана сту санна, сегIаз   Iуьйшуш  кинокамерца болх беш цуьнан  накъост  а  валлара, йоккха  топ  иккхича  санна  сила а  долу адам  цхьанаметта  дела а делла,  т1араш тоьхча!
-  ЭхI! Дела реза  хуьлда хьуна! Дела а доьхьа ма  шен  меттара  элира  ахьа  и  дош! – элира  воккхачу стега  хенарачу   цхьамма.

               Ша дIадиллича  санна, чехка цуьнан  агIор а хьаьжна, воккхачу стага  элира:
- Дош дош ду хьуна, сан ваша, и дош далахь! ВаллахIи-биллахIи! – дош а дош ма  дац  хьуна, и дош  дацахь!
- Дуьло, вай ахтобаз а схьаеъна! – аьлла  автобусехьа  ког  баькхира воккхачу стага.


Рецензии