Шоршаллий, стаггий

Куьйгана  каде хиларна, аьтто а баьлла, лаьцнера стага шоршал. Карахь тохаелла, хецалурйоций хиъча, аьлла шоршала стаге:
 - Хецахь со дIа, хIай комаьрша стаг!, - дукхачу дохнан, яккхийчу реманийн да вара хьо! Дукха уьстагIий, стерчий диьнера ахь, сел  дукха рицкъа даарх ца вуьзна, вузар вуй хьо хьан  буйннал а йоцу со яарх?
     Ялийтахьа со, тIам тоьхха, стигал! – лур ма ду ас  хьуна кхо хьехар:  цхьаъ хьан карахь доллашехь, шолгIаниг – хьан цIийна тхевна  йистте хиъна, кхолагIаниг – кху йоккхачу уьйтахь IиндагI даржийна лаьттачу дитта  гаьн  тIе хиъна! – аьлла.
 - Сан хьехаршка ла а доьгIна, ахь  уьш схьалацахь  - дуьненан  рицкъа лаха ца оьшуш, нехан  ирсе са ца туьссуш Iер-вахар хир ду хьан кху маьлха дуьненахь!
     Ду хьуна кхааннах хIара хьалхара хьехар: теша ма тешалахь чулацам а боцуш дуьйцучу хабарех, дуьйцург Iилманан да велахь а!
     Елира стага шоршална маршо, хиира иза, тIам тоьхна, тхевнан йистте  охьа…
Исбаьхьа  эшарца  кхайкхийра шолгIа хьехам:
  - Юха ца догIу долчу хIуманна велха ма велхалахь, дуьненан рицкъа хьайн  дайча, ма дихкалахь сардамаш! – лахарх каруор а доцуш, мехе диллича, мах а боцуш, ше дозаллина хьан куьйга айа а лур доцуш деза жовхар дара сан харданг  чохь! – вели-кха хьо цунах, хир ма вара хьо бIешарахь  эла сана  вехаш – ца хилла-кха иза а хьуна доьгIна… 
      Дуьнен  чу дала кечделлачу беро нанна туху лазар санна лазар туьйхира шоршалан  дешнаша стеган даг  чу, белира шийла мохь…
      Цуьнан лаьтта керчаре а хьаьжна, узаршка ла а доьгIна,  элира шоршало:
   - Къора ву хьо, хIай сутара стаг, дуьйцарг ца хеза?!, я Iовдал ву хьо, деллачу хьехарх ца кхета?! – ас ала ма элира хьоьга  чулацам боцчу хабарех теша ма тешалахь!, - аьлла.
      Дуьненан  меха а долуш, дозаллина  куьйге ла а лур доцу жовхар сан харданг  чохь муха хуьлу, со-суо шина шайнал бен деза а ца хилча?!
      Халла меттава волавелира стаг, элира шоршале:
  - Схьалуохьа кхоалгIа хьехам! – аьлла.
  - Ас хьалха кхайкхийначу шина хьехаре  ла  дуьйгIи  ахь,
Кху кхолагIачу хьехаро доккхийла серлонга хьан хьекъал! – Iовдал стаг Iамо гIертар – туьха доккхучу аренца хIу дер санна хIума ду хьуна, Iуьрг даьллачу хьекъална йома йилла гIертарх, Iовдалаллин Iуьрг шор -  далар бен хIума а ца хуьла хьуна!

      Долуш хуьлу-кха Iуьрг… хьекъална а…, маттана а…


Рецензии