Кхеравеллачу стага аьлларг
- Мила ву хьо? ХIун хилла хьуна? Стенна вегаво хьо, хорша еача санна? - хаьттира хIусамдас.
- Вайн оьгIазе паччахьна эшна цхьана гIуллакхна варраш - урамашкахь карадеънарг лоций а, схьадокхий а дIадуьгу! - элира бос бехьна, кхеравелла чуиккхинчу «хьешо».
- Ой! Лоьцуш дерш варраш ма ду, адамаш ма дац - хьуна хIун сингаттам бу цара лелочух? - хаьттира хIусамдас.
- Делан къинхетамца хьо адам ма ду, вир ма дац!
Вукхо элира:
- Хаац, валлахIи, суна-м, паччахьо аьлларг сел доггах кхочушдан гIерташ - м бохку цуьнан леш. Хьанна хаьа, гIадбахханчохь цара со а лацахь?
Ткъа лаца а лаьцна, со варрашна юкъа кхоьссича, хьанна хуур ду, мила хьожур ву со вир ду, я адам ду?
Хьераваьлла, оьгIазаллех вуьзначу паччахьана бен а ма дац адам лаца а виран метта!
Свидетельство о публикации №214012102303