Паччахьан самукъадаккхар. Туьйра

               
               
               
                Паччахьан самукъадаккхар. Туьйра.
Йоккха яра, дукха хьал долуш ехаш яра цхьа пачхьалкх. Ч1ог1а ницкъала дара оцу пачхьалкхахь эскар, дукха хьекъал долуш бара баккхийнарш, г1иллакхен бара кегийнарш. Амма цхьа х1ума дара оцу пачхьалкхехь цатоам болуш, «декъазчунна ден ц1ера дог1у» - олуш хуьлу, иштта вара оцу пачхьалкхехь куьйгалла деш волу паччахь. Х1умана карахдолуш вацара и, шен дикчу дас шена йитина пачхьалкх «х1ора-пака» яьккхина ваьллера и шен ледарлонца. Набарна а, шен самукъадаккхарна а ч1ог1а т1ера вара и паччахь, цундела цуьнан хьадалчаш хуьлура, шайн паччахь делкъалт1ехьа самавалале, цуьнан самукъа даккха х1ума лохуш. Цхьана малх кхеттачу хазачу дийнахь кхеташоне вовшахкхеттера паччахьан лайш, амма дагадог1уш дацара цхьа а «шайна т1евиллинчун» самукъадаккха х1ума.
- Суна хаьа вайн паччахьан самукъадоккхур долу х1ума! Вай схьагулбийр бу вайн пачхьалкхехула дуьйладелла хаза мел болу мехкарий. Вай цаьрга дойтур ду вайн паччахьан хьашарахь майдана т1ехь хаза хелхарш, лоькхийтур ю и хаза эшарш! – бохура коьртачу паччахьан хьадалчас.
- Х1ан-х1а, и мехкарий-м вайн паччахьана к1ордийнера х1ора дийнахь шена хелхарш деш, шен самукъадоккхуш! – т1е ца тайра паччахьан шолг1а хьадалча.
- Ткъа х1ун да деза вай? Вайн веза-воккха паччахь самаваьлча цунна самукъа даккха х1ума ца хилахь, вайна х1ара дуьне гаттадийра ду-кх оцу вайн паччахьо!- велхан къурдаш а деш, чуьравелира кхоалг1а паччахьан хьадалча.
- Суна хаьа х1ун дан деза! Вайн пачхьалкхехь уггар а воккхачу стаге хатта деза вай! – элира хьалхарчу паччахьан хьадалчас.
Паччахьан хьадалчийн хьадалчаша ког лаьттах ца кхетийтуш сиха валийра пачхьалкхехь уггар а воккха волу стаг. Сихонца хаьттира цара, х1ун дан деза а.
- Дера ца хаьа суна-м, шу дац паччахьа леррина алапа а луш лелош оцу г1уллакхана? – цецвелира воккха стаг, шен ехачу кайнчу можа т1е куьйг а хьокхуш.
- Тхуна хуург кхачийна, х1инца ахьа тхуна г1о ца дахь, оха тхайн хьадалчашка корта «т1ера схьаоьцийтур» бу хьан! – кхерамаш тесира паччахьан хьадалчаша воккхачу стагана.
- Дера корта-м къанбелла а, тишбелла а мехалера баьллера сан, аша и кхерамаш-м эрна туьйсуш бу суна, - жоп делира майрачу воккхачу стага.
- Воккха стаг, хьайн корта хьуна мехалла бу аьлла ца хетахь, оха хьуна хьоьга д1а ма дахьалун ахча лур ду-кх хьуна, - элира паччахьан хьадалчаша.
- Шайн корта аша беза лоруш хир бу, шуьга хаьттича-м аса и мах бехан безара шуьгара. Амма сайн коьртан мах аса мел х1оттийна шуна хууш ду, и мах тоьур бу суна-м шуьгара, - олуш жимма ойлане волуш хьехар дан волавелира воккха стаг. – Аша схьакхайкха х1окху пачхьалкхехь 1аш-бехаш болу массо а пхьераш, белхан говзанчаш, цаьрга хатта аша. Цара эр ду шуьга паччахьан самукъадаккхан деза, - хьехар дира воккхачу стага.
Паччахьийн хьадалчийн хьадалчаша ког лаьттах ца кхоьтийтуш сиха балийра пачхьалкхехь мел болу говзанчаш, цаьрга сиха хаьттира цара, х1ун дан деза шаьш аьлла. Воккхачу стагана, цо аьлла болу мах д1абалан а биц ца белира уьш. И мах бара ши шай.
Пачхьалкхера говзанчашна а тесира кхерамаш пачхьалкхан хьадалчаша, дехарен а бевлира эххар а. Говзанчаш а буьйлира ойла ян, паччахьан самукъадаккха х1ун дан деза. Аьчган пхьеро элира:
- Дера деза вайн веза-воккхачу паччахьана аьчган пхьола дан 1амон, х1ун хир ду цулла самукъане х1окху доккхачу дуьненчохь.
Паччахьан хьадалчаш реза ца хилира оцу ойлана, цара сиха эккхийра аьчган пхьар паччахьан коьртачу шахьарера.
- Вайн паччахьана х1умнаш тега 1амон деза! – шен ойланах паччахьан хьадалчаш кхетийра бедарш тега хууш волчу говзанчо.
Бедарш теган хууш вериг а эккхийра сихонца паччахьан хьадалчаша.
- Вайн паччахьан сий деш хьалхайоларах говраш хахка еза! – шена хетарг элира паччахьан говраш яжош волчу 1уьно.
И ойла тайра паччахьан хьадалчашна, цара дашон шай а делира паччахьан говраш яжош волучунна.
Сихонца схьагулбира паччахьан хьадалчийн хьадалчаша пачхьалкхехь болу дикачу говрийн дай. Хьалхара меттиг яьккхинчунна лерина совг1ат а кхайкхийра. Паччахь самаваьлла кхаанна метта х1ума а йиина парг1атваьлча, цунна хаийтира, цуьнан сий лоруш говраш хахка гулбелла пачхьалкхера дика к1ентий хилар. Ч1ог1а реза хилира паччахь иштта самукъадаккха. Цо хастийра шен хьадалчаш, цхьацца т1оьрмиг буьззина дашо а делира царнна, кхин цхьацца т1оьрмиг дашо паччахьан хьадалчаша лачкъа а дира.
Паччахьан коьртачу шахьаран майданахь гулбелира дикачу дойн дай, «дика к1ентий» а. Паччахьан лерина 1индаг1ехь х1оттийра даъар-малар а, коьртехь охьахиира ша паччахь а. Кестта дикачу говрийн дай а кечбелира говраш хахка. Амма оцу дикачу говрашкахь болчу дикачу к1енташна юккъехь нисвелира цхьа хан иккхина воккха стаг. Хахка говра ца хиларна, цо далийнера шен хеннара долу к1айн вир а. Оцу вир т1ехь 1аш волучу цуьнан, беха ши ког а бара лаьттах хьекхалуш текхаш. Виран т1ехь волучух буьйлуш д1алелхийтира «дикчу к1енташа» шайн дика говраш. Ченан к1урана юккъехь хьийзан висира виран т1ехь «говраш хахка» веъна волу воккха стаг, вир-м дацара говрашна т1ехьа хьада сиха а. Воккхачу стага чехадора шен вир, амма вир дацара ладог1ан дагахь, шен да ца тергалвеш, сийначу бецах це тохан х1оьттира и, йистаха а даьлла. Вирана т1ера воьссина, юьхь лаьцна, вир д1алилхинчу говрашна т1аьхьа ийзон г1ертара воккха стаг, амма вир воккхачу стагах ца дешаш 1ехан х1оьттира. Шега а шен вире а хьоьжуш волчу паччахьах б1аьрг кхийтира воккхачу стеган ц1аьххьана. И кхийтира, х1инца шена паччахь реза ца хилахь, шен къена корта шен къеначу дег1ах къаьстирг хиларх. 1оьхучу виран мукъамехь хелхаран бохь бог1ан вуьйлира воккха стаг, кхин ша х1ун дийр ду а ца хиина. Чена к1уралахь 1оьхуш долу вир а, цунна го туьйсуш хелха волуш волу воккха стаг гина паччахь ц1аьххьана самукъадаьлла велавелира. Эххар а шен чоь а лаьцна велан вуьйлира и ч1ог1а самукъадаьлла. Воккха стаг кхийтира шен «хелхарах» паччахьан самукъадаьлла хиларах. Цо-м х1инца гуттар а говза бохь буг1уш «хелхар» дора, шен вирана гуонаш а туьйсуш. Амма къанало мелла а тишвинчу воккхачу стеган ц1аьххьана виран ц1оганах ког тасабелира, и вахвелла, ваьржина лаьттах кхийтира. Паччахьан иштта а даьлла долу са кхин а масаделира, х1инца-м цуьнан б1аьргех хиш а оьхура, дукха ч1ог1а воьлуш. Паччахьан хьадалчаш а боьлура шайн синош а хаьлла, «говраш хахкаре» хьажан гулбелла болу нах а буьйлура ч1ог1а йоккха г1овг1а эккхийтина. И г1овг1а хааелира говраш хаьхкина боьлхучарнна. Шаьш хохкуш йолу говраш а йицъелла уьш бухабирзира, и х1ун г1овг1а ю хьажа. Воккхачу стага деш долу «хелхар» а гина цецбевлла севцира уьш цхьана ханна. Оцу хенахь царнна т1евеира паччахьан хьадалчаша кхуза хьажийна хьадалча. Цо массарнна цхьацца дашон ахча а луш т1едиллира «хелхадовлар». Массо а буьйлира «хелхабовлан». Оцу хенахь воккха стаг садо1ан сецира, амма дукха латтар-м ца хилира цуьнан. «Ловзарах» самукъадаьлла долу вир, ц1аьххьана ц1ингаш а кхуссуш д1атасаделира говраш хахкан кечъйинчу аренгахула, уллохь нисвелла воккха стаг и схьалацан дагахь хиллера, амма, вир сацорах г1уллакх хир доций хиъна, и вахана вирна кхоссавелла т1ехиира. Лаьттахула текхош воккхачу стеган беха ши ког а болуш д1атасаделира вир и ерриг а аре схьалоцуш. И сихонца кхиира говраш хахкан кечъйинчу аренгахула го баккха! Эххар а, шена ида к1ордийча, вир а духакхечира, х1инца-м и дара «говраш хахкарехь» уггар а хьалха даьлларг! Оцу хенахь говрашкара биссинчу «дикчу к1енташа» деш долу хелхар к1ордийна 1аш волчу паччахьна гира шен вирахь ша и мох санна чаккхенан сиз хьаькхинчу меттиге схьакхочуш волу воккха стаг. Вир гушшехь вуха а велавелира паччахь. Вир-м и хааделча санна гуттар а самукъадаьлла цхьана меттехь го туьйсуш, 1оьхуш доладелира, ша ду толам баьккхинарг, ала г1ерташ санна. Паччахьна-м и гуттар а ч1ог1а хазделира, и г1адвахана велан вуьйлира, б1аьргах девлла хиш д1асхьа а хьоькхуш.
Паччахьан хьадалчийн хьадалча веира говраш хахкан баьхкинчу «дикчу к1енташна» т1е. Дашон ахчанаш а луш цо т1едиллира царнна, говраш хахкар. Массо а шайн говрашна т1е а хевшина д1атасабелира «говраш хахка». Амма паччахь-м вацара уьш тергалбеш а. И-м х1инца а вара, воккхачу стагеган вирна т1е п1елг а хьежош, воьлуш 1аш.
-----------------------------        12.11.2009 шо.      


Рецензии
Хаза туьйра ду.

Хамид Дельмаев   26.04.2024 11:35     Заявить о нарушении