Да виса хьан дуьне,
Ахтаханов Русланна
Да виса, хьан дуьне, хьо муха лаьтта те,
Дешана, даьржана ца шарлуш д1а??
Латта а муха 1а, хьулъеш и къайле,
Къизалийн когашка хьоьшийтуш ша??
Да виса, хьо дуьне, хьо муха го те,
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна??
Цуьнан дац дуьне а, эхарт а дац я,
Иблисо ловзош ду и баьрзе са.
Да висарг, мерза са, хала ду кхета,
Хьо гура дерзол ша къизачунна.
Ахь лучу йовхоно нур серла дохуш,
Къегийла хаа малх кху дуьненна.
Ткъа малха-м лепар бу, хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду, хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца, диканаш дебош,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.
Свидетельство о публикации №214021301979