Гакаев 1аьрбис Айзига, забаре

Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.

Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.

Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.

Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.


Айзин забаре жоп:

Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».

Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгара балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.

Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.

Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.

Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со  д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг  хилла,
Кхочуш-м  яц и парг1ато.


Рецензии
!арби дог ца оькхуш дика ма висна хьуна, Айза!
Лерамца-

Адам Делибер   05.03.2014 00:16     Заявить о нарушении
1аьрби вайн яздархо ву. Забаре къамелаш, бегаш
лелаш ду вайна юккъехь. Бери цецдийларш, дегабаамаш д1адевлла. Вай дуьненан г1иллакхех кхеташ хила дезаш ду.
Лерамца Айза.

Айза Резванова   09.03.2014 14:49   Заявить о нарушении