Ца юьтуш буо хила..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла кхайкха те, со хьоьга гена.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.

Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, д1ахаьдда, марзонах хьайн...


Рецензии
ма елхахьа Айза...
Тоьар дац техьа вайнеха делхар!?
Сина парг1атуо лолда вайна Дала!
Хьо лоруш- Адам

Адам Делибер   18.02.2014 00:48     Заявить о нарушении
Адам,Н.Р-н хьакъ волчу яздархочо яздина ду цхьа дешнаш:
"Ден дех а хуьлуш ма хилла,
дай, наний д1адаьлчи буо . "
Дахаро вела а, велха а бахьана ло.
Дала ма велхавойла цхьа а лалун доцу вон делла.
лерамца .... .

Айза Резванова   20.02.2014 11:55   Заявить о нарушении