Долаева Мадина, ученица 4-го клаасса
"Х1етахь нохчий бан а барий?
Ша ву олуш къонах варий?
-Вара.
-Мила ?
-Верриг вара .
Верриг "халкъан мостаг1" вара.
Яралиев Юсуп "Х1етахь"
Кестта 70 шо кхочу нохчийн къам ц1ера даьккхина.Жима а,воккха а,зуда а,стаг а,бер а-шаверг а лаххьийна ,баж санна,вагонаш т1е а боьттина шийлачу Азе д1ахьовсийра.
1944-г1а шо ,23-г1а февраль дицдала ца туьгу терахь хилла дисира къоман иесехь.
Цу дийнахь ч1ог1а шийла яра арахь,даккхийра кхуьйсуш лайн чимаш а дара,хьийзош дарц а дара,баккхийчара дийцарехь.Буйнахь схьаэцнарг бен ларча йоцуш,д1атесна т1аьхьа 1оьхуш дуьсуш даьхни долуш,маьхьарца доьлхуш бераш долуш г1аш шалонашна т1е д1адигира нохчийн къам дерригеа. Массо а "халкъан мостаг1" винера.Ткъа т1амехь майра фашисташна дуьхьал леташ нохчийн Къонахий бара,шаьш , дукхахаберш т1амт1ера нуьцкъала схьа а баьхна ,гергарчарна т1аьхьа хьовссолц.Шайн ц1ераш а хуьйцуш,т1амт1ехь бисинарш а бара.
Д1акхаьчча ,цигахь ,шийлачу Казахийн,Киргизийн мехкашкахь бала 1овша бийзира,цамгарш-ун даьржира,мацалла лан йийзира.Амма Делан г1оьнца вайн къам собарах а,иманах а ца дуьйхира.
1957-чу шарахь юха Даймахка ц1аберза маршо елира нохчашна.Уьш ц1а а бирзира.Юха а йолаелира нохчийн къоман дахаран керла аг1о...
Свидетельство о публикации №214022102104