Башхачу вастийн йийсарехь
(А.Бисултановн кхоллараллех ойланаш)
«Хьайбаха ,Хьайбаха, Хьайбаха,
догуш ду адамаш ,хьайбанаш,
догуш ду доIанаш, есанаш,
догуш ду сан къоман деса каш»-
Мила хир ву вайн махкахь тахана нохчийн г1араваьллачу поэтан Апти Бисултановн «Хьайбаха» - поэма я байтийн гуо ц1е йолу стихийн цикл ца евзаш?
Авторан ц1арал а хьалха дешархошна евзина и поэма,шеко йоцуш, дешин йозанца д1аязъелла нохчийн къоман иесехь а, исбаьхьаллин бакъйолчу литературехь а .
Нохчийн къам 20-чу б1ешеран юккъехь рог1ера дохош , ,Хьайбахьехь багийначу нехан синойн г1алартийн гуонаш а ,цара лайна 1азап а дуьхьалх1уьтту лирически турпалхочунна кху поэмехь.
Х1ун даьлла хьоьгара сан къам? Х1ун къа –бала ду хьан сих хьаьрчинарг? Муха такха иза? Маца кхачалур ду сан къоманна тоьхна г1уда?– оцу хаттаршна жоп карадан дешархо кхиале , 20-чу оьмаран чаккхенгарара керла мохь боху лере:
«Дег1аста ,Дег1аста
нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна,
хьан лаьттахь коша барз хиллачех хьоьгуш ,
бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш,
эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа,
…………………………………………………………..
Дала ларйойла хьо тхан Нана-Дег1аста
1995
Даймохк! Нохчийчоь! Дег1аста ! - нохчийн къоман синлазам шен деган синлазамех х1оттабеллачу илланчех,назманчех ву Апти Бисултанов а.
Дег1астанах къаьстина массийта шарахь леларна шен кхоллам декъаза хиллехь а,шуьйрачу мог1а дешархошна шен поэзии йовзарехь-езарехь а , декъала дакъа кхаьчначех ву нохчийн поэт Апти .Цуьнан байташ евзина ца 1аь Нохчийчохь,уьш евза махкал арахь а дуккха а дешархошна.
Апти Бисултановн кхолларалло йоккха меттиг д1алоцу нохчийн къоман литературни дахарехь. Нохчийн литература езачарна, ч1ог1а хьоме ю Аптин лирика, дукхаха йолу байташ дагахь а хаьа. Хьанна ца девза цуьнан «Ас хьан ч1абанех илли дуцур ду» я «Нохчийчоь,хьо йоцуш хилча,со мича г1ур вара ,мича?» , «Гой шуна,доттаг1ий,вайн наной къежлуш бу денна» ц1е йолу иллеш?
Шайн чулацамца а ,назманийн мукъамца а поэтан байташ ч1огг1а гергга ю нохчийн къоман барта кхоллараллина. Ткъа шена Дала деллачу дешанговзаллийн пох1мица къоман дахарера васташ лоьхуш ,царех пайда эцарца цу къоман дахар туьдуш волу илланча шен сица,дагца,ойланца воьзна ца хила йиш а яц ша схьаваьллачу орамах- Нохчех.
«Нох,ц1е ,чоь», «Нохчийчоь» - и дешнаш вовшех дозуш ,церан маь1нин дуьхе кхиа 1алашо х1оттича санна яьккхира Аптис литературехь шен дуьххьара г1улч.Х1ета,1986 -чу шарахь ,7-чу классехь доьшуш а йолуш ,
цкъа охьа хиина, йийшира ас цуьнан дуьххьарлера гулар «Нох,ц1е,чоь».
Цуо синна т1е1аткъам а бира еххачу ханна…
Цулт1аьхьа арайийлинчу гуларийн ц1ераш яра : «Цхьа илли»,1988; «Ткъесан 1индаг1а»,1991.Сан еша аьтто баьлларг т1аьххьарниг ю.
«Ткъесан 1индаг1а» гуларехь мел йолу байт дешархочун сих литтина язйича санна ю.Х1ора а цхьа шатайпа мукъам ,исбаьхьа-башха чулацам болуш а. Цхьа тамашийна ю лирически турпалхочун ойла
х1окху пхеа ,аьлча а ялх мог1ане ерзинчу байташкахь:
Ц1арах кхерч хуьлучу дийнахь,
Озах дош хуьлучу дийнахь,
Т1улгах чурт хуьлучу дийнахь
х1ораза сан ойла хилла
кху лаьттахь эрна ца 1ийна-кх
1ийнарг.
1987
Шатайпа философаллин категореш ялайо поэто кхузахь :
Ц1е-Кхерч,
Аз-Дош
,Т1улг-Чурт.
Йист йоцуш карадо тида воьлча оцу дешнийн маь1наш.Ц1е –к1ур,ц1е-адаман ц1е,ц1е-йогу ц1е; кхерч-ц1а…,кхерч –ц1е…
Х1ора Дош- Дахаран къайленийн уьйриг,Дахар ша а – Къайле….
Ткъа Дахар,Дуьне а оцу шайн къайленашца диеза кхоьллина хилар гойту Аптис шен кхечу байтийн мог1анашкахь:
Каш санна таь1начу буьйсанна
дог къовла дезар-кха, буй санна ,
д1аваха везар-кха генна д1а,
хилла д1о седанан хеннара,
аталуш чувожа везар-кха
кху лаьтте болучу безамна.
1987
Масане васташ дисина сан иесехь оцу гуларера кхин а .
2003 шарахь Апти Бисултановн лерина «Мух1ажаре» байташ а оцу вастийн йийсарехь язйина ю сан :
Кхолламо хьо гена ваьккхина,
Сил дукха безачу махкана,
Нохчийчоь хьо воцуш йисина,
Амма хьан васташ ца дицдина...
Хьан «акха кхор » цкъа а бужур бац,
Назманийн мукъамаш совцур бац…
………………………………………………………
Цкъа юха воьрзур ву Дег1аста,
Бакъдолчу иллешца и хьаста!
Кхин цкъа а цунах д1а ца къаста!
……………………………………….
Даймахко шен мукъам сацийначу санна хета,
сан илли доьлху хьан кхолламах кхеташ…
……………………………………………….
Хьан ненан «ошшада»долийла хьан синна орцаха.
Йолийла Нохчийчоь хьаьвзинчу кху уьне дорцаха.
1999-2003
Аптин байтийн керла гулар зорбане ялаза дикка хан яьллачул т1аьхьа , 2004 шарахь Венехь нохчийн,немцойн шина маттахь арахецна «Ткъесан 1индаг1а» .
Ткъа 2010 шарахь Гуьржин махкахь нохчийн а,гуьржийн а меттанашкахь зорбане яьллачу гуларан ц1е ю «Поэзин жайна». Цу жайни юкъа яхана Аптин хьалха арайийлина а ,т1аьххьарчу шерашкахь язйина керла байташ а...
Дуккха а ду Аптин кхоллараллех яздан а ,дийца а. Х1инца а ястаза ю цуьнан поэзин башхаллийн кепаш а,йовзаза ю васт х1отторан ,басарш-мукъамаш лелоран говзалла а. ..
Дошддерзош билгалдаккха лаьа цхьа ъ: кхин цхьа а говзар поэто ца язйича а,еккъа цхьа «Хьайбаха» поэма тоьур ю Бисултанов Аптин ц1е къоман дахарехь йиса а,цуьнан кхолларалла нохчийн къоман литературан уггаре а мехала исбаьхьа хазна хилла д1ах1отта а.
Литературное эссе о творчестве Апти Бисултанова,чье имя уже обессмертила поэма или цикл стихов "Хайбаха" ,посвященная трагедии села Хайбаха...По прихоти Берия и его предводителя Сталина больные,немощные старики,дети ,женщины были загнаны в конюшню и сожжены в то время,когда многие чеченские Къонахи наряду с другими защитниками СССР сражались на фронтах против всемирного фашизма.
В одном селении Хайбаха было сожжено более 700 человек,не считая горстку трупов ,усеявших длинную дорогу по пути в Казахстан,Киргизию.
А сколько их погибло от голода и холода на местах пребывания!
Но ,Хвала Всевышнему,наш благородный народ выжил благодаря Вере в Аллаха, стойкости национального духа, помощи гуманных людей .
Свидетельство о публикации №214022201454