Йиш йоьхна йог1у со

Х1ай зама, дитахьа дай-наний къиза ка ца етташ хьайн,
Марзонна орамаш хедийча, х1ун до кху дуьненах тхайн.
 Хала некъ ас бина, цу шинна т1е кхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжчи сайн бералла гой,
Йоьду со дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шинна могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, ма мотта  со лелла амалех ца кхеташ хьайн,
Дуьненан хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден-ненан декхар со ца яьлла, ма хетта д1а текхна сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, хьо уьду т1ехь-т1ехьа хьалхачул болар сихдой,
Ден-ненан доггуха дог хьаста хан лохьа,  цкъа собар дай.
Дахарехь ас ойла ца йина,  цу шиннах къастаран сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со,  дехарца, хилла  хьан лай!!!!

Мукъаме даьлла илли
мукъ. деш. Резванова А.А.


Рецензии
Радио чохь х1окху дешнаш т1ехь д1аолучу эшаро хийла
дог делхийна сан! Иза чекхйаллалц леда б1аьрахиш!

Везчу Дала шен дикаллехь сайоккхийла хьо, Айза!
Дела реза хуьлийла хьуна!

Ларамца.Азман.


Аза Атагинская   10.03.2014 21:49     Заявить о нарушении
какая прекрасная песня.... хаза байташ ю

Ваха Докаев   03.04.2014 23:31   Заявить о нарушении
Ваха, Дела реза хуьлда хьуна!
Хьан байташ нохчийн матта йохур йара ас, хьан оьрсийн маттахь санна хаза сайн уьш нислур юйла хиъча...

Айза Резванова   18.03.2018 21:19   Заявить о нарушении
Сан хьоме Азман, Дала елхамайойла хьо!
Да - нана хала - м ду...

Айза Резванова   18.03.2018 21:21   Заявить о нарушении