Валарал а хала ду

Валарал а хала ду, эхьаца ваха. Кхин болу баланаш а, сингаттамаш а, сатийсамаш а, ма хетта ца хилча, ма торра бохуш замано д1алуьсту, селханенах а, тохара а олуш. Ткъа эхь, кханенца соцу. Т1е йогучу заманца, муьлххачу дийнахь а дуьхал дала 1алашонца. Дуьненчохь адамашна т1е мел х1уттуш болчу баланел а къиза хуьлу цуьнан бекхам. Жоьжаг1атера еанчу ц1арочул а ирча ягайо цо яхьан юьхь. Т1аккха даиманна яхьан б1аьргашна дуьхьал хьежа дуьсу иза, дахаран куьзга а хуьлий. Дала лардойла вай юьхь 1аьржонах!!!

Легче смерть принять, чем жить с позором.
Горя, беда и все трудности отдоляются с вчерашним днем.  А позор переходит кзаврашнему дню и переждет, чтобы в любое время сжеч лицо адским огнем. Месть его безжалостно, жестокао глядя в глаза чести, на всю жизнь остается зерколом .


Рецензии
Амин! Дала хьа дехарна жоп лойла, Айза!
Яхь ерг-м ларвала г1ертара цунах... Ткъа цхьаболчарна бие-башха а
ца хета.

Дала лардойла вай юьхь1аьржонах!!!

Тховса хьо Грозн.каналехь гайтича, хьо стихи.ру чохь карор ю, аьлла
лоьхуш, проза чохь карий суна.Хаза ю хьан произведениш.
Кху чохь стихаш а хилла.Со-м стихирехь ю.

Дала аьтту лолда хьуна хьан кхоллараллехь!
Ларамца. Азман.

Аза Атагинская   10.03.2014 21:33     Заявить о нарушении
Леиаме Азман, сайн йозанан белхашкахь хьан ц1е хааелча со сихха хьан ц1арца кхечи хьо йолчу. Суна мехала ду нохчийн маттахь яздеш долу адам. Цул т1аьхьа гина суна ахь сайн йозанийн хадийна мах. Делм реза хуьлда хьуна. Хьо муьлхачу юьртара ю? Хьан амал вайнехан хилар гуш ду. Лерамца ....

Айза Резванова   10.03.2014 22:51   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.