Ма шело хьаьди
Хьо волчу аг1ора.
Богучу малха а
Шех б1о къаж-жал.
Делахь а йовхонан
Х1уо хаъло дагна,
Къегинарг буьйсанан
1аьржаллехь санна.
Къу вац хьо, ванне а,
Леринарг лачкъо.
Хьан б1аьргийн стиглашкахь
Ткъесс серло ловзу.
Х1етте а малх мелла,
Ойланаш кхуоло,
Мохь бетташ т1е уьду-кх,
Йилбазан оза.
Кхоьлинчу сан б1аьргийн
Г1айг1а а уозий,
Цахадош, безмана,
Буьтуш цхьа хьаса.
Сан мерза лазамийн,
Барамца дустий,
Хилахьа сол говза,
Ирсе некъ харжа.
Свидетельство о публикации №214030902306
Станислав Ягудин 12.03.2014 02:58 Заявить о нарушении