Вайнехан зударшка...
Вайн Делан дикане сатийсар иэшадай,
Дог-ойла д1ататтий, юха ма ялалахь,
Хьайн ирсе боьду некъ хада ма байталахь!
Вайн Дела хьехорца, 1амалаш кхочушъеш,
Хьайн са а ца кхоош, Ийманехь нислолахь.
Вайн Делан ни1матех хастам беш хилалахь.
Цхьа к1еззиг галъялий, динах ма йохалахь!
Даймехкан во-дика хьай санна ларалахь.
Бакъ-харцо къуьйссучохь т1еман к1ур баьржинехь,
Мостаг1чун де тоьлла, сий дайъа г1оьртинехь,
Цу Дадин Айбикех масал ахь иэцалахь.
Ден-ненан, йиш-вешин ларам беш хилалахь
Цара г1о дехначохь сихонца г1атталахь.
Доьзална эшначохь хьайн лаам толабай,
Мискъалан зарраталл мекхо ма гайталахь.
Ц1ийнада лерамехь, цуьнан сий лардарехь,
Шеко ца йолуьйтуш, тешаме хилалахь.
Буо-берийн баланийн терго еш хилалахь,
Эсала дош алий, дог хьаста г1орталахь.
Дика-вуо деъначохь йоха ма йохалахь,
Деле т1едеънарг лан доьналла дехалахь.
Дуьненан бахамах дог lеха далийти,
Схьаяьлла бух бицбай, хьайн сий ма дохкалахь.
И дерриг кхочушдан Деле ницкъ бехалахь.
Делера пурбанца кхочушдан г1иртинехь,
«Сий долу,хьакъ йолу Нохчийн йо1 ю»,-ала
Хьох лаьцна, ца кхоьрруш, мегар ду, хаалахь!
Азман Джабраилова
2007г.
/Опубликовано
в газете "НИЙСО Дагестан"
№10 7 марта 2012г./
Свидетельство о публикации №214031002097