Биллийтахь, нана, корта хьайн кара...

 Къовлийтахь, Нана, хьуо доггах мара.
 Биллийтахь соьга корта хьайн кара....
 Хьажт1е куьг хьокхуш, бераллехь санна,
 Хьайн хаза туьйра дийцахьа, Нана.

 Суна ахь схьаделла  дахаран 1илма.
 Оьздаллех, г1иллакхех кхетам а белла
 Дуненах ца кхера со ахьа 1амий.
 Кхерч ларар, сий лардар хийла  ахь кхийли.

 Замано месаш т1е  дато йисс  йилли,
 Ца кхоош юьхьсибат хебаршца кхели.
 Со йоккха мел хили,  жималлех хьо йолу,
 Хьо къежлуш, хьо къанлуш соьга ца лало

 Доьзале ша тайпа  безам бу ненан,
 Дуй техьа дуненахь и оза терза.
 Кхолламо сох а йи доьзалан Нана,
 Ницкъ кхочур буй-те сан хила хьох тера?

 Къовлийтахь, Нана, хьуо доггах мара.
 Биллийтахь корта хьайн кара, Нана.
 Баккхийтахь ховхачу куьйгашна барт.
 Хьан дог ца дохо ду сан нигат!
               
                Азман Джабраилова
                1993 г.


Рецензии
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.