Стихи Ойбуева Саид-хасана, на чеченском и русском
***
В чем смысл жизни знаете ли вы,
Родившись, вечно жить нам не дано, увы.
Мы гости в этом мире, как летние цветы,
Но все же погружаемся в нелепые мечты.
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Нам не дано понять всего, из нашей жизни быстротечной,
Живем, чтоб повстречать того, кто нам от Бога предначертан.
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Чем мы хотим себя занять, и почему так прозябаем,
Перед компьютером опять, мы как и прежде зависаем.
Забыв про то, что нам дано, от предков наших для спасенья,
Уходим мысленно вне то и до реалий параллельно.
А может, хватит быть никем, забыв про то что мусульмане,
Молиться лучше было б всем, чтоб в вечность приняли с цветами!
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Глупцы все те, кто в интернете,
Кто на забаву там чудит,
Кто ищет дружбу в дебрях сети,
И кто лишь только этим сыт.
Забыв культуру и адаты,
Забыв про жизнь, добро и честь,
Вы под гипнозом в виртуале,
Без сил с привычки этой слезть.
Она опасна как наркотик,
Как алкоголь она вредна,
Не отдавайтесь ей всецело,
Для ваших душ она тюрьма!
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Я много размышлял над тем,
Как стать сильней на этом свете,
И мой совет, друзья, вам всем
Не тратьте время в интернете.
Есть то, чего вам не принять,
И это истиной зовется.
Её увы нам не познать,
Коль дальше будем зависать.
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Не воспылай огнем желаний,
Оберегай себя всегда ,
От нехорошего влияния,
И от уродства без конца.
Пусть все отличное проснется,
Что столько лет спало в тебе
И с силой в жизнь твою ворвется
И станешь ты другой, из вне...
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Жизнь проходит незаметно,
Как песок бегут года.
Так что хватит в жизни медлить,
Не поможет это нам.
Ты хоть сколько не старайся,
Растянуть сей жизни нить,
В невозможности признайся,
и начни с душой дружить!
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Возмись за ум и начинай молиться,
Ведь только это в жизни пригодиться,
Не нужно золота и прочего богатства,
Где есть любовь к творцу,
Там не должно быть зла, беды и рабства!
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Нам много от Всевышнего дано
Но ценим, почему-то лишь одно:
Как от души нам где-нибудь развлечься,
Чтоб от мирских забот отвлечься.
Ценить и уважать друг друга перестали ,
Но вы не думайте, что так вы круче стали.
Поймите, наконец, вы дочери Чечни,
Вы мусульманки, и должны гордиться,
Но вы так легкомысленны, увы!
Откройте же глаза, спешите истиной от Бога насладиться.
Не упускайте шанс, пока спасение возможно,
Иначе каяться потом уж будет слишком поздно!
СаиД-ХаСаН ОйбуеВ
***
Грешим ли в этом мире мы?
Отвечу: да, для суеты.
Чтоб весь огромный мир познать,
Приходиться во всю скакать,
И сумасшедши озераясь,
Стараясь разумом понять,
Мы все равно не понимаем,
И снова в душу грех пускаем,
И сладострастие вкушаем
И так идет из века в век,
Грешит как прежде человек.
ХЬАША-ДА ЦУЬНАН БЕРКАТ А
Дахарехь цхьа а киртиг яц нохчийн 1адато, г1иллакхо чу цалоцуш. Хийла хаттаршкахь галдовлий, ойла х1аваэхь пана йолий, тулг1е яьтта хи санна кегалой дуьсу вай, дуьнен мехаллаш, сийлаллаш башха долу г1иллакхаш диц а дой, хила тарлуш долу гергарлонаш дуьту вай. Вайн тидам т1е цабоьдуш шорт х1уманаш дуьсу, саьхьарчу, шай дуьхьа бехачу наха юкъе хийронаш туьйсу. Стагана оьздангалла, цуьнан бехкамаш, декхарш довзарх ца тоьа, цо уьш диллина а, дерриге дахарехь а кхочуш деш ца хилча. Цундела и стаг оцу оьздангаллийн гурахь латтош тайп-тайпана г1иллакахаш хилла вайн къоман.
Тахана вай дуьйцур ду хьаша т1елацар, цуьнца лело дезаш долу г1иллакхах, хьешан беркатах а лаьцна. Вай дайшкар дуьйна, вай нохчийн 1адаташках схьадог1уш ду хьошалг1а воьдуш, хаьлде хаьархьам, шен рицкъа схьаэца, марзо йекъа, гергарло ч1аг1дан а. Хьалха заманахь дукхахьолехь говрахь воьдуш хилла дехьа-сехьа хьошалг1а. Юьрта чоьхьа ваьлча говрар вуссий говр юьхь лоций воьдуш хилла, ша т1е веанхилар эхь-бехк далош.
Иштта воьдуш д1акхочу хьо воьдучу хьошалг1а. Салам ахь д1ало хьайна дуьхьал ваьллачу х1усамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу ахь. Куьг кховдоран хьалхе х1усамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, т1е веанчуьнгахь я жимхехь яц. Хьаша-да лерамца везаш т1елоцуш хилла, юьхьт1ера велар, дагчуьра синкъерам цун д1а а гойтуш, ша везаш хилар цун д1а а хоуьйтуш. Х1усамдас наь1ара т1екхаччалц, хьалха а волий, хьаша т1евуьгу, т1акка не1 д1а а йоьллий, чоьхьаволуьйту. И бохург ду « шен х1усам маьрша ю хьуна» Хьешо чуьрачаьрга салам ло, вайн 1адатца дала там болуш делахь. « Дика мел дерш кху чу» , - олу. «Диканца дукхавехийлахьо а, марша вог1ийла», - дуьхьал жоп ло чуьрачара а. Цул т1аьхьа хьалде хоттуш, хьешан терго еш, цуьн самукъа долу аг1о лелор т1ехь ду. Хьаша варан 1алашо, цо ара баьккхина некъ а хоттуш цахилла, кходей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша не1арехь хаош цахилла оьздачу, г1иллакх г1уллакх доьвзачу х1усамдайша. Лакхара меттиг луш хилла хьешана. Нохчийн х1усамехь уггаре а г1олехь йолчу меттигах а баьрчче олуш хилла. И меттиг товхина уллохь хиларна, цига охьахаош хилла чу веъна волу хьаша. Х1усамда ша, не1арехьа а волий, дуьхьал охьалахлуш хилла: цкъа-делахь, и хьаша арара т1ег1орта тарлучу зуламах ларвархьама а; шолг1а делахь, шен кертарчу г1уллакхашна даима а ша кийча хилархьама.
Хьошалг1ахь ша х1ун лело хаа деза стагана. Шена еллачу лерамечу меттехь хиъна 1ен веза, чувеъ-веъначуьнга шен меттиг д1а а ца кхийдош. Нагахь х1ара чохь а волуш, кхин хьаша а веъна, и д1аваха ара ваьлча, кхунна т1ехь дац цунна т1аьхьа валар. И х1усамдас дийр ду, ткъа хьешо хьаша новкъа воккхуш ца хуьлу. Хьаша ша вуьтуш ца хуьлу, цуьн б1аьра хьежна цуьнга ладуг1уш, дог ца даг1ахь а цун воьлуш хьешан терго ян езаш ю. Иштта сахьтан т1е хьежар, мел хан яьлла хаьттар, ша цхьанхьа ваха везаш хилар дийцар хаз дац, х1унда аьлча хьешан ша новкъа волуш, ша д1авахийта боху аьлла даг дан тарло.
Хьаша веъча, х1усамненан уггар хьалхара декхар ду шен чохь ерг хьалха йиллар, туьхий сискал бен яцахь. Ткъа и лоруш деш долу пхьор парг1атехь дича а мегар ду. Хьаша лоруш, шен аьтто болчо, уьстаг1 боь. И тайпа х1ума нисделча, уьстаг1ан кхехкийна корта а, пханар а, некхах жижиг а, дуьмийн дакъа а, п1ендарийн юьхьигаш а, хьалха хьош хилла. « Хьо лоруш оха уьстаг1 бийна», - бохург ду иза, массо аьлча санна меже цунна хьалха яхьар. Шуьнехь юучу х1уманна т1ехь шен чуо чуоьзна хила веза стаг, къаьсттина хьошалг1ахь. «Нехан шуьна т1ехь гай мадузаде, нехан хьаьвди т1ехь дин а мабустабе» боху халкъан хьекъало. Амма оьздачу стага шен ц1ахь а хьошалг1ахь санна юу х1ума. Цхьайолчу к1ошташкахь бехачу нохчийн цхьа г1иллакх хилла, шайн хьалха йиллина юу х1ума т1аьхьа йуьтуш – шуьнан беркат ду олий. Бакъдолуш, т1аьхьарчу хенахь и г1иллакх мелла а г1елделла, х1унда аьлча, цхьаннах т1аьхьа йисинчу х1умнах кхечо пайда цаэцар наггахь и нислуш дац вайнехан х1окху заманахь. Шуьне ховшуш масех стаг хилча, хьаша а, чохьболчарах уггаре воккханиг а баьрчехь хила веза. Воккхачо, г1иллакх х1оттош, хьеше шун доладе олу, цо и кхочуш до Делан ц1е а йоккхий, я шега схьакховдийначуьнга юхакховдадо и г1уллакх. Шуьнехь охьаховшар, бехкеверг, хьаша, ненахо, стунцахо баьрче хаош хуьлу. Шуьнехь болчу наха хоржуш, я х1усамдас х1оттош хилла, шуьнан тхьамда. Хоржуш волу тхьамда шуьнехь болчу нахах воккха а, нехан лерам болуш а стаг хуьлуш хилла. Бусалба дин т1еэцарца а, и ч1аг1даларца а и тайпа шун х1оттор, дуьххьалд1а синкъерамна вовшах беттабалар а, цу 1алашонца дукха хан яйар а д1аделира вай нахана юкъара, къаьсттина делан парзашна, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисашна а т1аьхьа базабелларца юккъера. И тайпа маларций даарций долу сакъерар хийцира, Далла цхьана 1амал а еш, ( жам1атца ламазаш деш, зуькарш деш, салават дуьллуш, мовлад йоьшуш, кхачанах а кхеташ, хилларш-лелларш а дуьйцурш, хан йоккхуш, вовшех оьцучу марзоно.
Нохчаша леррина хьешана аьлла дина оти ц1е йолуш ц1а хуьлуш хилла. Иштта леррина хьаша-дена 1алашбеш кхача а , мотт а хилла вайнехан муьлххачу а доьзалехь. Дуьххьар веанчу хьешана и лоруш совг1ат луш хилла. Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1а велахь а, хьаша хилла т1е воьссинехь, и лар а вина, хьошал а дина, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана. Хьешашна тешнабехк бар, а бохамах ларца вар доккха эхь хилла нохчийн, диц а цадеш, чкъурера чкъуре долуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да цаларар эхье г1уллакх хилар дуьйцуш долу тайп-тайпана дийцарш. Иштта царах цхьанна т1ехь дуьйцу барзо аьлларг. Цхьана хьоладен жа дажош волчу 1уьнна т1е яьъначу барзо шена цхьа уьстаг1 бехна хилла. 1уьно аьлла, жа шен дац, цундела, жан дега ца хаьттича, шен бакъо яц хьуна уьстаг1 бала. Делахь уьстаг1ашка ша хьожур ю, ц1а а г1ой, пурб даккхахьа цуьнгара, дехна барзо. 1у цец ваьлла: барзах муха тешор душ а уьстаг1ий? Т1аккха барзо дуй биъна: « Шен хьаша наь1арехь а хаийна, баьрччехь 1ен х1усамда хуьлда шех, ша кху уьстаг1ашна т1е кхевдар елахь» , - аьлла.
Хьалха заманахь дикачу наха шай х1усаме хьаша ванза кхо де буьйси даьлча, кхералой, сингатам 1аьткъи шайг хоттуш хилла « Дала цхьа оьг1азло йи техь» - олий. Т1аккха ара бовлий лула-кулара,вог1уш-воьдуш верг чу а вуьгий цуьнца рицкъанах кхеташ хилла, шай саг1а хилитархьама, и стаг вузорхьама, х1унда аьлча саг1а ду дуьненахь зенах, зуламах, бохамах вай лардеш, жоьжаг1ат балех, кошан 1азапах вай хьалха дохун дериг. Цхьана шина стага, хьера а вахана, цхьаний цхьацца гали ахьар деана шайн-шайн доьзалшна.
Цхьаммо, шен зуда, ахьар а хьакхийна, юург ян х1уттушехь, чувеана стаг ца хилча, ара а волий воьдуш- вог1уш верг я ц1ахь хилча – лулахочу кхойкхе, цуьнца бен рицкъанах кхеташ цахилла. Важа волчу башха лулахой, хьеший а лесташ ца хилла, уьш бог1ахьара аьлла саготта и ша а цахилла. Маццах цкъа вовшах кхетча: Хьажахь, сан-м и ахьар вуно сиха чекхдели хьуна, - аьлла писалла вала воллучо. И ахьа айхьа диъна дела даьлла хьан иштта сиха чекх, хьешаца охьа а хууш, даал ахьа т1аккхахула, - аьлла вукхо. Нохчийн кицанаш а хьоьху вайна хьаша доккха беркат ни1мат хилар: « Хьаша ца вог1учу керта ирс дог1ур дац» « Наггахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 цатохахь, цу чу, не1 а цатухуш, бала бог1ур бу» - аьлла ду. Хьаша-да т1еэцаран г1иллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац.
Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалца я б1арг кхочер къайла валлалца латтар г1иллакхе лоруш хилла. Цхьана х1усаме хьошалг1а а воьссина, цучохь бехачеран туьхех, сискалх кхеттачу стагана т1едужу цхьацца декхарш. Масала, оцу х1усамехь кхиъначу йо1ана т1ехьовзар магош дац хьешана. Иштта я кхин тайпа осала х1ума даьлачу стеган ц1е йоьду, шена хьошалла динчу х1усамден « шун бехдинарг» ву иза олий. Хиланза ца даьлла, рицкъа тоьлла захало нис деллехь церан йо1 шен дола яллалца кхин церан х1усаме хьаша хилла ваха бакъо яц нохчийн 1адатехь.
Свидетельство о публикации №214032101603