Т1улг т1улгах кхета а

Коьртера сан кхетам д1аэцна,
Дуьнечохь хьо-м парг1ат веха.
Хьаьрчина, сан дог ахь д1алаьцна,
Хилла хьайх безаман 1еха.

Ойланаш тулг1ешца идарх д1а,
Хьекхалуш хьан деган бердех.
Къинхетам мичхьара хир бу хьан,
Т1улган ю хьан деган г1айре?...

Ас дог хьан безамах ца дилла,
Д1алур ду, сайн мерза са а.
Д1а х1отта, безаман  т1улг хилла,
Т1улг т1улгах кххета а мега.


Рецензии