Безам хьо

Сан дагчу хьаьвзина мох бу хьо,
Ойланаш лачкъийна къу ву хьо,
Синкхетам чу хьаьжна куьзга хьо,
Синхаамо базбина толам хьо.

Сан б1аьрса ирдина серло хьо,
Дахаран чам бина марзо хьо,
Сан болар шардина аьтто хьо,
Сан ирсан йист йоцу доза хьо.

Сан деган аз хезна лерса хьо,
Б1аьрхиша диллина тача хьо,
Лар йоцчохь карийна къайле хьо,
Дог даго со хьегна безам хьо.


Рецензии