Кхайкхам

Сан хьоме Вежарий, Йижарй! Сийлахьчу Даймехкан оьзда доьзал!
 Нохчий!!!
Сан кхайкхам бу шуьга, сан дехар ду шуьга, вайн нохчийн маттахь  кинишкаш ешар а, шайн доьзалашка ешийтар а доьхуш.
Къацхетарша вайна т1е тийсинчу нехашна  буха  левчкъина ца 1аш, вайн къоман сий шайгарчу оьздачу г1иллакхца а, доьналлийца а, кхетамца а, собарца а, майраллийца а, нохчийн къоман мотт биц ца беш д1агайтар. Махкана генахь дехаш хилар бахьна дац шен дайн мотт бицбан. Ингалс пачхьалкхана вайн мохк генахь боллушехь хаа вайнахана  церан мотт. Шен къоман маттахь йоьшуш а, яздеш а ца хилчи, шен дайн бух бевзар бац, ша муьлхачу орамах ву хуур дац. Бийца бух боцчуьнан, бохь къегар бац. Мотт, къоман са ду. Нохчийн мотт вай мел буьйцу а, нохчийн къам дехар ду,  мотт ца буьйцуш битича, къам леш ду., кхин долу г1ийла къаьмнаш санна. Нохчийн къоман  доьзалаш, доьху шуьга, нохчийн мотт ца бицбар.
Делан а дуьхьа, шайн мерзачу нанойн а, оьздачу дайн а дуьхьа 1алаш белаш нохчийн мотт!!!
Дала ницкъ, собар, кхетам лойла вайна, нохчийн меттан а, къоман а сий деш,  ирсе даха!!!
2012-г1а шо


Рецензии
Крик души Айза)) Амин,Дал ниц1 лойлкх цан и 1амо!

Нарт Орстхоев   09.04.2014 13:26     Заявить о нарушении
Баркалла Н. Орстхоев. Вайн ц1ера д1а мел даг1анчу адамаша нохчийн мотт бицбахь, нохчийн мот г1еллур бу. Бийца мотт боцучух къам хир дац. Дала т1ехье беркате йойла вайн.

Айза Резванова   09.04.2014 15:24   Заявить о нарушении