Ас нанина

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хьаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
- Хьо ду зезаг сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла суна эли,
Барт а боккхуш лерина.

Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.

Мукъ. деш. Резванова А.


Рецензии