Мархийн ч1ара

Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
,,Хьап,, аьлла, д1а кхаьлли ах.

Т 1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош малхо кийра.
,,К1арс,, аьлла, и каг бели,
Ткъа малх юха денбели.


Рецензии