Со малх г1оттуш
Г1уллакхаш дан х1оьттина.
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.
Пису бун чу доьллина,
Бедаш керта лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.
- Баба, ас хьо тахана,
Г1улкхех мукъа яьккхина.
Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду гена д1а.
Ж1ала лета, дарделла,
Шен х1усаман хьешана.
Бедаш йохку, г1адъяхна,
З1идиг юуш кертара.
Орца доьху котамаш,
Хи ду к1орнеш идош д1а.
Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.
Свидетельство о публикации №214041301135