Шух кхетар

Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де-буьйса луьстучу заманах со кхета.
Адамаш сов къиза, х1унда ду, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.

Вон-дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета.
Адмаша тешнабехк х1унда бо ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.

Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета.
Адамаш, мерзаниг къахьдечух, ца кхета!
Х1етте а адамаш, сина-марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.

Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета.
Дог дуьзна и бацахь, безамах ца кхета.
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.


Рецензии