Нохчийн мотт

Мукъ. деш. Резванова А.

Кхолламо йигарх д1а, махкана гена,
Дог ду сан бусулба, ду нохчийн ц1ий.
Дайн г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицлахь д1а довр ду, къонахчуьн сий.

Дай, наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш цу къор1ано беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт хера ца болу,
И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.

Сан б1аьргаш дуьххьара, бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца, сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.

Ламанех схьадуьйлу,  шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг,  сан Даймохк бу.

Ютуп чохь ладог1а таро ю. Даймохк телеканалехь, ,, Наггахь сагатделча,, ц1е йолчу передачехь.


Рецензии