Нана, сатийсинарг

Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.

Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.

1уьйранна ца г1оттуш, висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.

Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, , хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.

Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1еххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра,  доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .

Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.


Рецензии