Малх бу боьлуш

Берашна эшар мукъ. дешн. Резванова А.

Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна, хиш ду къегаш.
Т1аьхь.олу.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Бошмаш ю детийн заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
2.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре, самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш Кхийдош.
Т1аьхь.олу
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн Даймохк бу, денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш.
3
Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду Даймехкан ирсе хилар.
Т1аьхь.олу
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн Даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий ду ирсе къегаш,
Бутт, седий ду стиглахь къегаш.


Рецензии
Айза,Дадашева не на твои стихи поет свою песню?

Нарт Орстхоев   12.05.2014 01:39     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.