Дахаре
Ахь кху сан дагца.
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?
Ойла сан керча яр,
Хин тулг1е санна.
Даймахках хьегаяр
Ненах бер санна!
Ца даьлла х1ай Дахар!
Хьо дог сан зийна?
Я эерна ду лехар
Ирс хьоьца ийна?
Вуй теша цхьа ваьхнарг,
Ахь дог тедийна?
Я вуй те къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна?
2002
Свидетельство о публикации №214050200641