Даге
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе балаза!?
Ойланийн архаш ахь, есалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац,
Вон-дика ца херца, заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!!!
Свидетельство о публикации №214052600244