Марша г1о хьо

Марша ван хьо,
Б1аьргаша лаьхнарг, даго ваьхнарг.
Марша ван хьо,
Сан дог хьегнарг, сан дог эецнарг.
Марша ван хьо,2
Сан дог доххол декъала хилларг.
Марша ван хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача!

Марша ван хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ван хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ван хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг,
Марша ван хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача!

Марша ван хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ван хьо,
Со езначийн декъахь хилларг,
Марша ван хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ван хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача!!!


Рецензии