ГIиллакх

ГIиллакх. (Тхан ден Iумарсолтан дийцар)
Набарна тоам хилла, севсина, стамбелла, чомехь ц1ен бос эцна бара юрт кхачалучуьра лам т1ехьара схьагучубала г1ерташ болу 1уьйранан малх. Т1ехула дуткъа шах чкъор лацаделла селхана дашадоладелла хилла шура санна к1айн лепаш долу ло б1аьрг 1ехабеш къегахь а, 1уьйре шелъеш, хебъеш, эгаеш дара. Оцу шелонах а чукхоассаялан кечъелча санна гульеллачу мокхаза мархех а къехкаш-м бац техьа иза малх гучубаьлла ца болуш, - аьлла хетара, малхана сих ца баларе хьажича.
Лаьмнашна кога бухахь 1уьллуш санна, хьаннех доьттина долу баьрзаш, деккъаш дуьйлалучохь хебина йуьллучу керла йиллина нохчийн юьртахь маь1-маь11ехь екара борг1алаш. Ца даьлла шайн декхар кхочушдан г1ертара ж1аьлеш а, тайп-тайпана «г1алх-г1илх» хезира, г1ийала пешийн туьнталгахула к1ура хьалаоьхучу ц1енойн керташкахь.
Юрт д1атарьеллера жима делахь а маса хьаьдда дог1учу хина аьтто аг1ора гунехьа хьалахьаьддачу бердана т1ехь. К1а1н кирийца «лап!» аьлла серладаьхна лохуочу ц1ено1н пенаша б1аьрге садо1ийтуш самукъадоккхура. Кест-кестта кхайкхаза кхочуш болчу «хьешашца» т1емаш дан 1еминчу нохчаша кхин башха т1ехьалона олий ца йора г1ишлош. Амма зударша кирийца хаза къагайой куц-кепе даладора ц1ено. Ц1енош шадеригаш а цхьатерра хьулделлера йа латта тесина, я шачча, эрз тиллина тхевнашна бухахь. Амма юьртана чувоьлчий бен ца къаьсташ делахь а мелла а кхечарел айделла дара юьртана лакха йистехь цхьа ц1ено. Массеран а керташ б1аьлланган серех юьйцина йина яра. Кевнаш а дара массера а шолха сараг а буцуш хаздинчу з1аранех лаьтташ. Амма кхечарах къаьсташ долу ц1ено кевнаца а дара шен чомехь дина. Ков-керт а нисдеш шардинчу аннех вовшахатоьхна дара.
Малх г1аьттина, айбелла серлонан з1аьнарш йаламна кхийдон баьлча, аннех дина лохуо ков «з-за-къ!» аьлла ц1евзаш д1асаделладелира. Кевна ши дакъа мохе ца кхарстийта уьш ч1аг1деш царна дуьхьала цхьацца горга т1улг а биллина хьалатаь1ира лекхуочу дег1ахь волу кхузткъа сов шо хира долуш цхьа воккха стаг. Къежалло к1айн йина юьхь шаериг бохург санна хьулъеш т1еозийна 1аьржа суркуй цхьана балано совсийна корта къовлуш тиллина хетара. Суркуйнал совнаха г1овтал а лепачу дарех йина коч.
Суркуйнал совнаха г1овтал а, лепачу дарех йина коч а 1аьржачу басахь яра. Детица кхелина шаьлтий, ц1еххьана оьг1азло еш санна къарзийна юха д1абайина ши б1аьрг, кхожан маж бен сирла х1ума дацара воккхачу стагана т1ехь. Техьахьаьжича шен хенал жима хеташ велахь а г1айг1ано та1ийначу коьрто, хьовзийначу букъой волучулла а къена хетийтура иза. Г1айг1ане хилича а бехк а бацара воккхачу стеган – малх г1оттуш доьллаш долу ков цхьана бахьанен бен деллан оьшуш дацара. И бахьана дара – тезет!
Тахана кхоалг1а 1уьйре яра воккхачу стага т1елъигас х1ара ков схьадоьллу т1улгех г1ортангаш а еш. Соцунг1а а хилла о1лане хьажира Т1елхаг хаза нисдеш аннех дина кевне, т1аккха кет1ахула а кертах а шорделла, стамделла ирахдаханчу таьллашка, кхор-1еже, доккхачу комарийн дитте. Цхьаъ бен воцу к1ант Адам когбаккха волвлауш Т1елхагас доьг1на дара оцу диттий синтараш. Адамица цхьана айлуш, стамлуш схьадаьхкинера дитташ а.
Бера-кера х1ума ца хуьлуш дикка хан технера Т1елхагас шен х1усамненаца Бикатуца. Амма Делан къинхетам хьалха а баьлла к1ант Адам хилира кхеран х1усамехь. Куьйг сацор х1ун ду ца хууш къахьгура хан т1ехиккхина волчу Т1елхигас. Юьртахь цхьаннийн а доцучу кепара доккха ц1ено а, юххехула т1ехбовлучу наха «эхх1ай, ма хаза ду-кх!» - луш аннех дина ков-керт а д1ах1оттийра цо. Адам а вара ч1ог1а куц-кеп долуш, безамеьа кхиина жима стаг. Шен дена а т1ехула хьоьжуш зоьртала дег1е ваьллера к1ант, Т1елхигас цхьана х1уманах коьруш санна сихвелла Адамна нускал далош. Ерриген а юрт екош, самукъане ловзар х1оьттинера х1окху, х1инца сингаттамен байлахь йисина лаьттачу кертахь Ма йоккха, еза ю-кх хьо Делан къайле! Нускал далийна ах шо а далале ден а бахьана доцуш шина-кхаа дийнахь цомгуш а 1иллина кхелхира ден цхьаъ бен воцу жима стаг Адам. Жима зуда Зараъ 1адийча санна йисинера, х1инц-х1инца бераха кхетта язъелла яра иза. Нана Бикату-м ц1еххьана къанъелла тишъелла д1аяьллера. Нахаца леладан дезаш долу г1иллакх бахьана лелара нус а, нана а т1аьххьара ницкъа гулбина 1индаг1аш санна.
«Эш-шша-х1!» - аьлла шен дукъделла са парг1ата доккхуш халла къурд а бина кертахьа д1аволавелира Т1елхаг.
Нахачулла а эимма айдеш шуьйра динчу раг1у к1елахь моггара лаьтташ деха дийнна аннех дина г1анташ дара, царнна т1етесина кузаш а, палсаш а дара. Тезетана сингаттамен дог 1овжош бина кечам бара иза.
1уьйренан ламаз дина а, данза керта гулллуш бара тайпана хьалхара а лула-кулара а баккхийн нах. Корта некхе а божийна раг1ун бухухь лаьттачу Т1елхигана улле г1оьртича нисдина дег1 ца саттош корта охьа а бохийтий, ши куьйг до1ана юьхьана хьалха а лоций д1ах1уттура т1ебог1у нах.
Дукха хан ялале раг1ун бухара г1анташна т1ехь шен-шен метте д1анисбелира баккхий нах а. Раг1уна дехьа-сехьа х1иттина а, тезетана оьшучунна хьадалчаш хилла кертахь кегийрхой бара. Кегирхоша наггахьа вовшен олуш долу дош таь11ина шабарца дара. Лулахой а, гергара а зударий бара дукха билхина, наб ца ярна а йистина яххьаш 1аьржа, мокхан йовлакхашца къуьйлуш ц1енон чохь х1инцале а йоьлхуш, тийжаш.
Ишттачу меттехь кегирхой 1аморан хабарна т1ера хуьлуш болу баккхийн нах а бара х1инца а хиллачух инзаре бевлла кортош а охкийна раг1ун бухахь латийначу ц1аре а хьоьжуш до1анца шайн ойланашка бирзина. Тезете баьхкинарш а шаьш парг1ата баьхначул т1аьхьа хьем ца беш сихлора гучура бовла. Ч1ог1а хала тезет дара х1ара! «Муха! Х1унда!» - бохуш ойланаш яра массеран а коьртошкахь хьийзаш. Массарна а юьртахь везаш а, лоруш а к1ант вара Адам. Х1инц-хйинцце бен ваа волалуш а вацара, ден ненан цхьах бен воцу к1ант. Гонаха шадолу дахар сецича санна хеталора. Нехан ойланаш санна шелонна хебина, г1орийна лаьттара ира-лекха таьллаш а, Т1ехь г1аш доцуш, чекх са гуш делахь а, шуьйра генаш даржийна комаран дитта а. Дуьххьал д1а цхьа малх бара эхь дайна серлабаьлла, мархашна т1ехьара схьакъежаш. Делкъат1аьхьа де суьйренга г1оьртича, малх а мокъа мархашна т1ехьа а баьлла парг1ата белира, тезетахь гучудолу а лаьтташ долу адам а лахделира. Лула ярташкара деъна адам а «гена некъ бан беза» - аьлла д1адахан тохаделира. Т1елхиг вацара шена гонаха хуьлуш дериг, наха лелош дериг х1ун ду, цуьнан синкхетам болуш. Рог1ера адамийн тоба тезетан гона т1ейеъча, жима волуш дуьйна шена 1амийна г1иллакх-г1уллакх леладора цо. Куьйг а, ког а шашаха лелаш хетара, аз а шена а ца девзаш хийцаделлера. Амма ц1аьххьана шен г1айгане корта рог1ера цо айбинчу хенахь цо тидам бира, ша цхьалхха диллинчу кевнаха чувог1учу цхьана къанон. Генара кхаьчначух тера дара иза воккха стаг. Жимма сеттинчу букъна т1ехьа диллинчу куьйгех кхозуш говрана тухуш йолу дуьйцинчу бахтарах йина йоца шед яра. Генарчу некъехь басаяьлла, макхъелла г1овтал а яра цунна т1ехь. Когахь йолу муьжгийн этагаш а яра дикка хоттах юьзина. Дог1ано а, чано а мелла а бос лахбина 1аьржа суркуй бара къежан ц1оцкъамаш хьулдеш т1етиллина. Х1инца кхин болу а наха тидам т1ебахийтира жимма цхьана когана астаг1а а вуьйлуш тезетан дайшна т1евог1учу къонахна. Амма баккхийчарна а, кегирхошна а х1ара вевзачух тера дацара. Тезете-м Нохчийчохь вевзариг а, цавевзариг а кхача, гучувала декхарехь ву. Коьртаниг иза цхьанна а ца вовзар дацара, амма иза генара кхаьчна хилар а, иза баккхийчарна цхьаннах тера хетар а дара тидам т1ебахийтинарг. Ткъа нах сиха бацара ишттачу меттехь х1ора х1умана шен раг1 ю, сихо товш а г1иллакхен а яц.
Оцу заманчохь къано тезетана дайшна т1ехоьттина нисвелира. Цо до1ана хьлахалецира ши куьйг, корта жимма лаха а беш охьабахийтира. До1а дина ваьлча ши куьйг юьхьт1ехула охьахьакхира цо, чо къежан мажна т1ехула охьачекх а доккхуш. Цулла т1аьхьа жимма соцунг1а а хилла, Т1елхиге а хьаьжина цунна улло вахара цавевзариг:
- Т1елхиг, цхьаъ бен воцу к1ант кхалхар хала х1ума ду-кх. Дала собар лолда хьуна! Дала гечдойла Адамна! – аьлла ц1аьххьана вист хилира цавевзарг.
Схьагарехь цунна Т1елхиг а цуьнан х1усама а дика евзачух тера дара. Амма Т1елхигана т1евенарг ца вевзара, кхин башха иза вовзан г1ерта хьал а, г1ора а ца дисинера кхуьнгахь. Шен к1ентан ц1е хезича б1аьргашна хьалха цхьа вон бода хуттура Т1елхигна. Цундела халла шена чуьра озийна даьккхича санна дуьхьала г1иллакхен цхьа ши дош элира цо.
Т1евеънарг леррина хьаьжира Т1елхиге, иза ца кхийтира: я ша ца вевзина, я хьешан г1иллакх лелош ву шен шира накъост шеца. Ткъа хьешаца долу г1иллакх нохчийн шира заманахь дуьйна схьадог1уш дара, иза дара т1евеъначу хьеше цо арабаьккхина некъ хеттар ца товш хилар. Т1евеъначо шена лаахь дуьйцура амма цо ца дийцича цуьнга хоьттуш духевуьйлуш 1едал дацара х1усамден нохчийн г1иллакхехь. Телхигас лелориг г1иллакхал совнаха т1евеънарг шена ца вовзар дуйла кхийтира къано кестта. Шен аг1ора г1иллакхе велира иза а. Кхин ша вовзийта ца х1уттуш дехьуо а ваьлла баккхийчарна улло, т1е куза тесинчу г1анта охьалахвелира иза. Амма къайлахуо деккъа ц1ена б1аьргашца Т1елхиге кест-кестта хьжуш-м вара и. Бехк бацара Т1елхиган шен къонаволуш хилла накъост ца вевзича а. Дукха хан-зама д1аяханера х1ара шиъ вовшаха къаьстина. Цунна т1ехула т1е Т1елхиг кхин стагга а вевзачохь а, гучохь а ма вацара. Дукха догдоьхна, дукха г1елвелла, к1адвелла вара иза. !оккха хала киртиг яра цунна т1ех1оьттинарг! Бехк бацара цуьнан стагга а ца вевзича а, стагга а вовза ца лиъча а.
Нохчийн тезетехь вевз-везарг, гергара вериг деношкахь 1ен декхаре вара, амма герара а, юххера а жимма хираниг шен декхар кочушдина ваьлчи тезетехь воккха волучо мукавоккхуш а парг1ата воккхий д1авохийтуш а дара. Х1инцалерачу заманехь а сан къомо лелош ду и хаза г1иллакхаш.
Т1елхиган тезетара тайпана хьалхарчу Таьштамир ц1е йолчу ехха охьахецна к1айн маж а йолуш воккхачу атага эххар а элира т1евеъначу цавевзачуьнгахьа а воьрзуш:
- Вайн де суьйренга г1оьртина а дог1у, хьо генара кхаьчна моьттуш а ву со. Цундела хьо новкъа валан везаш хила мега… Хьо мукъа хилича бакъахьа хир ду Ахьа хьегна къа Дала меле яздойла! Хьуна Дела реза хуьлда!
- Со-м деллахьа вара г1иллакх лаьцна 1аш… Генара вог1уш а ма ву со, кхин генара вог1ийла а дуй тешна  аьлла. Амма со суо вахан араваьллачига схьакхаьчна, - жимма г1айг1ане а хуьлуш элира цавевзачо. Таьштамир, хьуна-м со дага ца вог1у моьтту суна. Хьуна-м билла бехк бацара. Бераллехь соьца хьалакхиъначу сан доттаг1чунна а ца вевзиначух тер аду. Со-м вог1уш, со диканера ца ваг1ахь а, дикане кхача сахьийзаш веънера. Сайн накъостана Т1елхигана т1ехкхаьна вониг жимма а юххе х1оьттина а лахдан декхаре а ву со. Зандакъара Хьажмурдан к1ант 1умарсолта вай со-м, - аьлла ц1аьххьана луьйчура сецира иза, ша мелла а г1иллакхера ваьллий техьа аьлла хетаделла.
Ц1аьххьана набарах ваьлча санна эккъана схьахаьжира Т1елхиг, «1умарсолта» аьлла ц1е йоккхуш хезашшехь. Т1аккха ша 1аш воллучуьра айвелла шен накъост вевзина, цунна т1ебоьг1на б1аьргаш ца хадош, улло веира иза:
- 1умарсолт, ма дукха хан яра вай вовшен ганза! Вон деина б1аьрса а техина сан. Уггаре а суна г1ортор оьшучу хенахь-м кхечи хьо, - аьлла аз лахделира Т1елхиган. Саде1ан хала долучух тера дара цунна.
Б1аьрса диа ца хилирна б1аьргаш хибдина, серлонна дуьхьала б1аьргашна т1ехула куьйг а лаьцна хьуоьжуш волу Таьштамире а вирзина Т1елхига т1етуьйхира:
- Вай ломара охьадог1учу заманахь сох къаьстина Теркана дехьа д1авахана хилла, соьца жима волуш цхьана кхиина сан накъост 1умарсолта вай х1ара-м! – аьлла
- Х1аъа, дагавеан суна, - т1етайра Таьштамир.
- Дера вара кхуьнан да Хьажмурд, къонаха стаг, - аьлла т1етайра кхин болу а баккхийн нах.
- Х1ун хьал ду шуьгахь! Могуш-маьрша 1аш м аду шу! – г1иллакхана т1ера ца волуш, дуьхьала жоп далан дагадеира 1умарсолтина цкъа хьалха. Амма о1ла ц1еххьана хийцаелла кхечу аг1ора хьаьдира цуьнан:
- Эхь-бехк Дала лорийла! – аьлла ойлане лен велира иза цул т1аьхьа. Таьштамир, ахьа пурба лахь, дуьйцура дара аса сайна т1е1оттаделларг, - аьлла дийца бакъо йийхира цо цкъа хьалха.
- Малх бузун хан т1екхачале вайн кхин а хан ю, т1аккха тезет а ерзош, малхбузан ламазаш а деш х1ума дийра дув ай. Ткъа х1инца 1умарсолта дийцал ахьа хьо дийцан г1ертариг. Арахьа лелачу стагана дукха х1ума ган деза хуьлу, дукха хеза пайдехь х1уманаш а хуьлу хезаш, - аьлла вистхилира тезетана хьалхара къано Таьштамир.
Т1аккха лен велира 1умарсолта, юьхьанца лаха хилла аз т1аьхьуо ч1аг1дина нийса а деш:
- Сан накъостана т1едеина вон гича догдоьхна, айса арабаьккхина некъ а бицбелла висинера со. Сайн накъостана т1едеъначу вонна сайн бала т1етохан лууш а вацара со, амма ойла йича кхийтира со х1инца Т1елхигана оьшуш дериг х1ун ду.
Жимма соцунг1а а хилла, кхин цкъа а ладуг1учаьрга леррина б1аьрг а тоьхна дийцира цок хин д1а а.
Шуна ма-хаъъара, х1ара юрт йиллина шовзткъа шо совнаха хан яьлла, оццу хене г1уртуш хан ю со кхечу вайнехан тобанца Далла т1е болх а биллина Теркаца лаха охьавахана, сайн дуьненан кхоллам лоьхуш. Со оцу хенахь жима стаг вара, кестта х1усам вовшаха а кхетча, доьзал а айбалан боьлча, хьайба-даьхни дебан доьлча, кхин тобанца цхьана Терканал дехьарчу эрна аренашка, Г1амармахка г1оьртира. Шйла 1а деъенера Теркан аренашка оцу шарахь. Массо хьаьдда дог1учу Теркана т1ехь меттигашкахь тоъъал стомма ша лацабеллера. Говр-ворда а, даьхни а шен т1ехула кхин башха хало йоцуш дехьа делира. Теркана дехьа бацана хьекъначу аренашкахь дахар кхин атоделла д1адоьдура. Даьхни дено а стамлуш, дебаш дара. Дахар-вахар а нисделла д1адоьдуш дара. Амма кест-кестта винчу, кхинчу лаьмнашкахь лаьттара дог, ойла даима а. Х1усамехь нисвелла ворх1 к1ант а, б1аьстенан заза санна кхуьуш кхоъ йо1 а яра. Лула-кулахь накъостий а церан яхьолу нисбелла доьзалаш а бара. Амма кест-кестта лаьмнашка, винчу аг1онехьа ходий йоьдура дог, ойла.
Доьзалш бакхий хила буьйлира, хьайба, даьхни де мел дели а дебаш дара. Доьзалан а шайн х1усамаш, шайн доьзаш вовшахакхетан буьйлира. Церан х1у стамлуш, шорлуш, беркатен хилла д1ах1уттуш дара. Ткъа аса кест-кестта дуьйцура берийн берашна винчу лаьмнашкара юькъа хьаннех, мерзачу шовданех, хьозийн хаза эшарех лаьцна. Шийлачу 1ано, ехачу буьйсанашкахь къаьсттина сахьийзара сан цхьана б1аьрга мукъна а вина аг1о, лаьмнаш ган. 1аьнан шийлачу суйренашкахь сингаттаме бекара сан нохчин дечиг пондар.
Даьхний а, бахам а гулбеллера, амма бераш, берийн бераш а къомах, дай баьхначу латтах херлуш лаьттара. Цундела, дикка ойла йинчул т1аьхьа, цхьана суьйрана сайн к1ентий гулбира аса со 1аш волчу чу. К1ентех дага а ваьлла аса сацам бира, шелонаш лахъялале тхайн бахамца шат1ехула Терках дехьа а девлла дай баьхначу лаьмнашна юххе г1орта. Кхин хьиэм ца беш шолг1ачу дийнахь 1уьйренца некъана кечдала дуьйладелира тхо. Некъана кечам беш цамоьттучу аг1ора дукха хан елира тхан. 1аьнан ч1аг1далар, шело а мелла лахъелира. Теркана т1ера ша мелла а г1елбелла хила мегаш бара. Делахь а «ларалуш хир ду вай!» - аьлла новкъадевлира тхо.
Теркана т1ера ша ч1ог1а лацабелла, болатан санна хетара. Со говрахь дехьа-сехьа велира шанан ч1аг1оне хьоьжуш. Бежанаш а лаьхкина сехьадехира. Со бежнашка хьоьжуш Теркал сехьа висинера. Зударий, бераш ворданашкара а биссийна г1аш ша т1е бевлира, сан к1ентий говрийн яхххьаш лаьцна ворданашца сехьабовла буьйлабелира. Уьш дикка з1ехилла бахбеллера ша т1ехь цхьана меттехь шана ницкъа ца хилийтархьама. Суна сайн берин берийн йоьлуш йолу, шелоно ц1енйина яххьаш гуш яра. Цара соьга а самукъане аьзнашца маьхьарий деттара. Со а уьш хьоьстуш дуьхьала къамеле ваьллера цаьрца. Оцу хенахь суна а сан х1усамна а ца моьттург хилира.
Гонаха жиманиг а, воккханиг а массо а саде1ан дицделлча санна 1аш бара. 1умарсолтас цхьанна гарна кхоьруш санна къайлаха доккха са а даьккхина кхин д1а чекхдаьккхира шен къамел. Теркана дехьара берда техь сан к1ентан к1анта ша шат1еяларна кхоьруш лара еш рема яра. Амма бераша шат1ехула сехьабовлучаьрга хьоьжуш, рема цхьана ханна йицъйинера. Шадериг а нисделира говрашкахь 1ашдолу бераша ремин т1ера тидам д1абахийтинчу хенахь. Сан жимаха волучу к1ентан ремана юккъехь цхьа нисъелла, ж1ала санна цунна т1аьхьара ца йолуш лелаш дин-говра яра, Сирдин ц1е а йолуш. Шен да вордана юьхь а лаьцна шат1ехула гена волуш гича, Сирдин ц1еххьана ремана юккъера а яьлла шат1ехула вордана т1аьхьа хьаьдира, ц1ога а айбина, терсаш. Иза гинчу бераша шаьш х1ун до а ца хууш т1аьхьахаьхкира цунна шаьш т1ехь 1аш долу говраш. Иза дара уггаре а коьрта г1алат, х1унда аьлча, рема а царнна т1аьхьа хьаьдира. Цулла т1аьхьа Теркана т1ехь х1оьттинарг жоьжаг1атан сурт дара. Адамийн маьхьаршца «т1ах! т1ах! т1ах!» аьлла стигала ят1аеш санна, иккхинчу шан тата делира. Б1аьрган нег1ара тоха а ца кхиира со Теркана бердахь со суо вуьсуш. Цхьаъ дийна ца вуьтуш, къизалла иккхина д1адаханчу Терко хин буха, ша шен буха хьарчийра шаберш а. 1адийна висира со г1овг1ане керчан даьллачу Теркана йисттехь. Аса хьоькху ц1ог1а Терко тергалла а ца дора! Аса стигале дийхира, Деле а кхайкхира суна ницкъа ло аьлла! Суна жоп дала ца велира цхьа а. Со шийла мохь аьлла хьаьдира Теркана ша кагбеллачохь керчаш йолучу тулг1еца хаьрчина сайн х1усамна т1аьхьа кхиан дагахь. Амма оцу хенахь мокхаза берд санна охкаеллачу мархашна юккъехула ерриге стигал серлайоккхуш туойхира серло. 1аьнаюккъехь стелахаьштиг! Со ц1аьххьана хьалха ког тоьхна сецира. Сан цецваларан барам бацара. Деле, хьо воккха ву-кх! Хьан къайле йоккха ю-кх! – аьлла вухавелира со Теркан йисттера.
Эххар а со новкъавелира дай баьхначу аг1ора. Суна дагавеира сайн жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиина цхьаъ бен воцу доттаг1а Т1елхиг. Новкъа вог1уш, къен нахана, мискачарнна берриге а бохург санна сайн бисина бажа а д1абийкъира аса.
1умарсолтас шен къамел чекхдаьккхича, гонахара адамаша садоь1ий техьа аьлла хеталора сел тийна долуш.
-Сан доттаг1 Т1елхиг, хьуна т1едеъначу вонна аса сайн бала т1етохарна суна къинт1ера валахьара хьо, - аьлла вист хилира иза, жимма а 1ийна…
- Сан доттаг1 1умарсолта, хьуна т1едеъначу вончуьнца, бохамца дустан доккха х1ума дац суна хилларг-м, - олуш, Таьштамире вирзира Т1елхиг. Таьштамир! Сан тезет х1инца чекхдели! Кхин д1а сан доттаг1чуьнан 1умарсолтан тезет ду сан кертахь! До1адехьа, хьо вайна юккъехь воккхаха вара-кх!
Таьштамир а, кхин берш а баккхийра нах дег1 нисдеш г1евтира, до1ана куьйгаш а лаьцна д1ах1уттуш.


Рецензии