Лакхарчу юьртара Iандаркъа

Оцу лекхачу Башламан т1ера охьанехьа лахлуш дог1у лаьмнаш, раьг1наш, хьаннаш кхачалуш Нохчийн аренга кхевддачу меттехь 1уьллуш яра жима ламаройн юрт. Генарчу лаьмнашна т1ера сиха хьаьдда дог1уч меттигера хишка хьаьжича, дикка доккха ларалуш хи а дара оцу юртан йисттехула охьахьаьдда доьдуш, лахахь цхьана дикане сатуйсуш санна сихделла. Оцу юьртаца цхьа аг1о хоттаела-яланзий лахенгахь хица охьанехьа к1отар яра. Кхечу ярташкахь 1аш берш хьега ца бан оцу юьртан ц1е юьйцура яц вай. Амма к1отаран ц1е яьккхича цуьнан бахархошца кийчча дов-м дара. Къайлаха аса йовзийту шуна оцу к1отарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла ц1е яккхан мегаш дара и к1отархой уллохь болуш а. Г1езийн к1отар алар-м, оцу хин йисттехь 1уьллучу к1отарарчу нехан алссама, г1ези1 олуш долу маьхьарен з1аькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу к1отархошна хезаш яккхан йиш яцар-кха нохчийн к1отаран ц1енна нохчийн ц1е, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а генуо, тилла ца валийта, оцу хинйистеша охьавахача, базар х1оттал йоккхачу юьрта а кхочура. Ярташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин г1ожмаш» санна ю, делахь вайн оцу ярташца кхин бала а бац. Цхьана б1аьстан довхуочу бахаран дийнахь оцу з1аькардаьхнин ц1е йолчу к1отаран лакхахь йуьллучу юьртара 1андаркъа ц1е йолу цхьа ламро вара лахенга охьаг1ерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй г1ажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнт1ера детта чоьшна юккхера схьагуш мелла а т1едаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста 1аьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла. К1айн вир хоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш. Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура уо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш. Шех терраниг х1усамнана а нисъеллера х1окхунна, кхин «х1ара де вай, иза де вай!» бохш майрачунна ша к1орда ца йойтуш.
Ц1ог1не з1аькардаьхнийн ц1е йолу юьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. К1отарахь-м вацара хаалуш дийна дег1 а, шаберш а базара баханехь а, йа х1ара к1ан вирахь вог1ург гина д1алевч1инехь а. Лакхара юрт а, к1отар а хинна аьру аг1ора хинйисттехь 1уьллуш яра, ткъа базар хуьлу юрт хинна аьтто аг1ора 1уьллура. Цундела ламаро ша к1отарна т1ехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м ч1ог1а реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м г1ийлла шен ког боккхуш схьаг1ертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчнна. Масийттаза г1оьртира к1айн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах г1уллакх ца хилира. Вир т1ера воссан дийзира вехачу 1андаркъин. Делахь а, х1ун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза г1аш вог1уш санна, когаш х1ора г1орзолах а тийсалуш вог1уш. Мухха делахь а, виран т1ер воьссина юьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а яьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш. Делахь а хеча дикка лекха яшонза-м ца висира и. гуонаха хьаьжича гуш дийна дег1 а дацара, ткъа т1еда хеча настаршна т1елеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гуонаха д1аса а хьаьжина сихха яьккхира 1андаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран к1айн букъна т1ейоьттинчу 1алг1ожна т1ехула яржош ластийна кхоьссира цо шен т1еда хеча. Цу т1еластаяле хьалха иза-м 1аьвдинехь а дацара х1умма а. ткъа хечех охьа1ийдало т1адамаш-м кегийра татолаш санна охьахьаьддера таьлсашна, силгахь йинчу нуьйрана а, цигара а охьадахча виран к1айн дег1ан аг1онца чоьшна юккъехь къевладолура. Шайна т1ехь хьекъна чо лаьцна йолу к1айн настарш г1овталан т1емашна юккъеша виран босца къийсайолийтуш, берзина кога юьйхина т1е газана мохь хаькхина базарденна къагийна муьжгийн эткийн, 1аьржа бос шен настаршца, виран аг1онца а къийса йолийтуш шен виран боларца улло х1оттина, хин тог1ин чухула охьанехьа г1ертара 1андаркъа. Тог1ина аьтту аг1ора жимма лекхуо айделла брдаш дара, оцу бердат1ехула охьа боьдура базаран юьрта ворданаш лелан некъ. Бердашна юккъехь цхьана меттехь хьала болуш некъ а болуш, бердаш хи дистина деъча цухаьрчина меттиг бара. Оцу метте шен вир дерзийна тог1ийна чуьра хьалавалан дагахь вара 1андаркъа. Дехьа, сехьа можа лаьттан бердаш а долуш чухирцина дикка беха бара бердах болу некъ. Эххар а бердах хьала велира т1ехь хеча йоцу къонах, Санчо Пансин виран Дон Кихот санна, шен к1айн вирана улло а х1оьттина, хьала-м велира къонах, амма ца ваьллехь а кхин х1ума а-м дацара.
Шен хеннахь, сатосуш малх анайист ц1енеш хьалаг1оьртича, арабевлла базарахь шайн г1уллакх чекхдаьккхина ц1ехьа бирзина ворданашкахь, говрашкахь, варрашна т1ехь, г1аш бердах чувуллучу кхаьчна дуьхьала бог1ура, шаверг бохург санна. Жима а воккха а, ц1е яккхан йиш йоцучу к1отаран бахархой. Бердаха болучу некъах хьалаваьлла дег1 нисдина 1андаркъий, к1отархой вовшен дуьхь-дуьхьала нисбелла ыкъан а вовшен ца гича санна делахьа, «делахь, вай-м вовшен ца гинехь а ма х1ума а дацара» - аьлча санна делахь а, дикка хенахь лаьттира буог1абелла. К1отаройн бехачу мог1ана т1аьххьарниш, хьалхарниш сенна севцина техьа, аьлла хьоьжуш соцунг1а хилла бисиера. Эххар а к1отархойн беха мог1на юьхьиг шена кхин х1ума а ца гича санна бердах чухьаьвзинчу некъах чубуьйлабелира. Бисина к1отархо1н мог1а а текъарган деха дег1 санна т1ехьаг1оьртира. 1андаркъин-м хьекъал тоьира шен к1айн вирана т1ехьа валан. Амма корта къевлабаларх, 1аьржа хьийзина чоьшна юккъера, виран когашна юккъаша к1айн лепа, настарш-м шаьш гучуюьйлура. Баккхийра к1оратхой-м шайна ца гун кеп х1оттош д1абоьрура, амма кегийн берийн иза дан хьекъал ца тоьура:
- Довлет! – ша санна жимчу к1антан белш хьаеш, гойтура пхи-ялх шо хир долчу вордана чохь шеца 1аш волчу к1анте.
- Х1у йоха ахь? – ламаройн 1едалехь хоьттура Довлета.
Виран когашна т1ехьара мужгийн эткаш чохь лепаш гинчу настарех г1адваг1на воьлура ши к1ант.
Бердах чубуьссучу к1отархо1н мог1ана т1ехььара ц1ога къевладаьллий-даланза ду аьлла хеташ 1андаркъас катуьйхира, виран букът1ехь малхо дикка якъийначу шен хечех. Х1инцачул т1аьхьа буьйсана д1авуьжуш а т1ера хеча 1оккхура йолчух тера дацара, цуьнан охкаделла кхекхан куйна чоьшна юккъера ц1еххьана къаьрзина, ши к1оран т1улг санна, 1аьржа б1аьргаш гича. Кхин иэхьен х1уманах Дала ларвеш д1акхечира 1андаркъа базар хуьлучу хинйисттехь аьрру аг1ора яхъелла 1уьллучу юьрта. Оцу юьртан йохалла юкъехь х1оьттинчу базара д1акхаччалца дуьхьала вог1уш цхьаъ нисвелча сихха шена лаха охьахожура къонах, ша билггал т1еюьйхиний техьа шен хеча, олий. Хеча х1инца-м шен меттехь яра. Кестта базара а кхечира къонах. Базар-м кестта д1айохан б1арзъелла, г1аж тоьхна з1угийн бен санна карзахъяьллера. Делкъахан т1ехиккхина хиларан билгало яра иза. Делахь а, оццул генара охьавеъна 1андаркъа а вацара кхин вухувалан дагахь. Шен к1айн виран юьхь а лаьцна т1аьхьий, хьалхий дикка дог 1аббош лийлира и шиъ, базар йоьхна чекхяьллалца. Миска к1айн вир а д1адоьллачух тера дара базарах, иза а яра 1андаркъас хьожуш корта берзийна, юхкуш йолчу х1умане шен олладелла деха ши лерг а дерзош, шен дена т1ехьах1оьттина лелаш. Вир-м шен денна ца гуш йисина хазчу юхкучу х1уман а хьажа кхуьура, къаьсттина юхкуш ериг хаза чам болу ахьар делахь, тамархяьхна, галешна д1асаяьржийна бертигаш а йолуш лаьтта, хьаьжк1аш а виран б1аьрг т1ехь соцуш яра. И хьаьжк1аш юхкуш верг а, шен галешца, 1андаркъа а висира цхьа-а, шен к1айн вирца, эххар а шерачу базаран майданахь. Гулъялар а, йохар а ц1е санна сиха хуьлуш ду-кх нохчийн базаран. Т1ом баьлча санна вовшен:
- Ва. Товсари, сихо елахь хьайн д1айохказа йисина к1алд, т1едог1учу базаран дийнахь д1аюхкур ахьа! – бохуш, хьуьнхахь хьонка гулбеш санна сиха шайн йохказа йисина х1ума а гулъеш вовшен мехьарий деттара базархоша аьлча а, базар йохорхоша.
Дохказа дисина хьажк1ийн ши гали хаьлхадериг-м дишнийн юккъера Мовла ц1е йолуш, 1андаркъин хенаца кхин дукха къийса йиш йоцуш хан йолуш къонах вара. Мовлин жимах волу к1ант вара дийнахь кха т1ехь хьаьжк1аш чуерзош шен вежаршца, ненаца болх а бина, базар чекхйолуш говран ворданахь шен дена т1аьхьаван везаш, нагахь санна цуьнан шайолу хьаьжк1аш базарахь д1айохкар ца хилахь а аьлла, дисина хьаьжк1ашчуьра галеш ц1а дахьан. Амма, Мансур, ц1е йолу мовлин жимахверг стенна делахь а т1аьхьавар ца хуьлуш висинера.
Есса базаран майданахь висина ши къонах эххар а хабаре велира. Вира дара оцу къамелан ч1ог1а реза, х1унда аьлча вовшен дуьхь-дуьхьал вирзинчу шина къонахан уллохь долу вир х1инца а бертиг къовлаза йолчу галин чуьра кест-кестта кхевдаш хьажк1ан буьртигаш лахьон аьтто хуьлура. Мовла бохуш волу стаг а дика адам долучух тера дара, иза-м дуьхьала вацара генна некъ бина к1адделлачу, мацделлачу виро жимма хьаьжк1ан буьртигийн чам баккхарх.
- Ой, хьо лакъара юьртара ву боху ахьа? – хаоьттура Мовлас.
- дера ву оцу г1иллакхца а, хьаша-да ларарца а Нохчийчохь дика евзачу оцу юьртара-м со! – дозалла деш шен-мекхан юьхьиг хьовзийра 1андаркъас.
- Ткъа хьонка х1окху шарахь муха хилира шу долчу хьуьнхахь? – къамел хийцан г1оьртира Мовла.
- дера, хьонка дика бара х1окху шарахь… Ай, иза-м шабериг а х1окху базарах чекх ма белира, - аьлла. Дера хьаша веза ва! – шен цхьа о1лана керара ца валалора юьртан хьаша.
- Хьаша-м Делера стаг ма-ву! – т1етайра Мовла.
- Ай, иза йоха-кх аса, - шен г1уллакхаш толуш ду-й кхийтира юьртан хьаша.
- Аса-м веза хьаша вина т1еоьцура дера вара хьо… Ц1е муха ю бохура ахьа хьайн? – хаьттира Мовлас юккъехула.
- Ай, сох-м 1андаркъа олу жима волуш дуьйна, - бегаш бира ламарочо, шена луучунна т1екхочуш дуй а кхетта г1уллакх.
- Аса-м хьаша вина т1еоьцура ма-вара хьо, амма х1ара ши гали хьаьжк1аш йисина-кх сан кочахь, к1ант т1аьхьа ван хьевелла суна говра ворданахь, - дере дира Мовлас, шен хилла ваьллачу хьеше.
- Ши т1оьрмиг хьажк1аш йох ахьа? Хьалт1екхосса вирана! – олуш Мовлин галин бертигаш йоьхкуш г1о дан сихвелира хьаша.
Есса базаран майданахь шаьшших висина ши къонах-м ч1ог1а г1адвахара реза вара иштта д1анислучу г1уллакхна. Базар чекхйолуш шайн к1алдаш схьаг1лъеш сиха тохабеллачу зударел а х1умма а меллаша ца хьийзара х1инца х1ара ши къонах а. Амма ессачу базаран майданахь кхоалг1аниг-м сиха кхийтира ша диина хьаьжк1ийн буьртигаш х1инца шена марах девриг хиларх. Вира-м шен архаш д 1ахецначура, ц1ехьа боьду некъ лохуш д1аса хьаьдира майданехула «ий-йокъи-йокъи-йокъи!» - аьлла кхузарчу юьртахошка орца а доьхуш «со а ма-дара юьртан хьаша!» - аьлча санна.
Амма сиха гуо бинчу шина къонахчо каден хадийра виро шен бакъонаш ларъеш маршонехьа айбина къовсам. Вир шен архашах когаш хьаьрчина к1еладисира, йийсаре даг1ара! Хьажк1ех дуьзина, виро шена хиндер а ца хууш кхаьллина масех буьртиг ца багарбича, шиъ гали виран букъан буьххье делира.
Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна шаьшшиъ вовшен вевзаш волуш санна к1айн виран букъна буьххьера шина гали хьаьжк1ашна хьалха ваьлла дишнийн юккъе схьаг1ертара ши къонах. Виран деха к1айн ши лерг хьалхачулла а лаха олладеллера, лахара белда а дара делхан кечделлачу беран санна олладелла, ша шега «г1улкх дарий хьан нехан хьаьжк1ашна т1ехкхийда!» бохуш шабар-шибарца дов деш санна хьиэш. И дишнийн юкъ-м юьртана юкъ-м юьртана йохалла хьалнехьа гена а хиллера, делахь а вирана мелла а там хуьлуш дериг, иза некъ ц1ехьа боьдуш хилар дара. Х1ора боккхучу когаца х1орш виран юьртана улло г1ертара.
Эххар а дуьхьала кхечира дукха сиха лаьллина йоккха г1овг1а айбина йог1уш говрана ворда. Вордан юккъе ирах1оьттина говра чехош Мансур а вара. Хиллачух массарел а хьалха кхетта к1айн вир, дуьхьала д1а дела-м ца делира, кхин дериг-м хилира цунна. «Иа-акъ!» - олуш 1ахан а туохаделира и, амма т1еххьара ша 1аьхча юртахойх шена ца хилла накъосталла а, шена цул т1аьхьа хилларг а дагадеъна шен хеннахь д1асецира и. галеш вордана т1е а ластийна Мансур-м, шаг учу ма валлар сиха дишнийн юккъе д1атилира.
Мовла хьешаца висира х1окхунна шен ков-керта боьду некъ гойтуш. Х1инца а хьалха ма вар дукха хенахь дуьйна вевзаш волуш санна къамеле ваьлла вог1ра ши къонах. Хьалха санна т1ехьах1оьттина к1айн вир а дог1ура, делахь а лергаш охкаделлехь а шен х1инццалца хиллачу охкадаларехь дара, балда хьалаоьзнера… Ткъа болар! Болар-м дика хьоьгуш йолчу жерочуьна болата лекха к1ажа болчу тухленаша дечу «ц1ак-ц1ик!» - ках тера дара. Шен юьртабоьдучу некъара дишнийн юккъе шен архаш д1аоьзийча-м жимма дог тохаделира виран, болар а хийцаделира. Делахь а, кестта вир-м ц1енна ялсамане кхечира. Мовлин кертахь, 1индаг1ехь! Шийла сирла хи малийча! Лилула сийна буц йиллича хьалха! «хах!» аьлла чу садеинчу виран к1айн бос г1ург1езан масс анна лепара.
Мовлас Мансур сихонца вахийтира кха т1е шен х1усамнана ц1аялон.
- Болх а, хьажк1аш а йитий ц1айола ала хьайн нене. Вайга хьаша веъна ала! – олуш сихвинера дас шен к1ант.
Веа хьаша а раг1у к1елахь паднар т1ехь парг1атаваьккхира Мовлас. Лула-кулара, тахана балхахь воцург шайн нийсархой а чу кхайкхира, хьаша веъна аьлла. Боккха яй а оьллира кестта ц1ере, чохь буьззина жижиг а долуш. Х1усамнана а дукха хьен ца елира, Мансурас говра ворданахь кхачийра иза. Кестта жижиг-галнаш х1оттийра раг1у к1елахь йоккхачу, лоха горга истолана т1е. Истол хьаша 1аш волчу паднарана улло хилийра! 1индаг1ехь паднаран керахь берана санна набозийначу везчу хьешана кхийтира и хаза хьожа! Сихонца велира и сама, паднарах чу хийцира цо ши ког, дехьа-сехьара вевза-везарг а вара хьаша веъна аьлла раг1у к1ела гулвелла.
- Могуш-маьрша 1аш дуй техьа шу! – г1иллакхехьа бевлла хоьттура дишнийн къонахоша хьеше. Х1ора къонах хьешана мараэккхаш чекхвелира.
Башлам санна истолан юккхехь шунна чохь лаьттара кхихкинчу дерстинчу жижган таьрхаш! Оцу Башламана гуобина раьг1наш санна жижигана гуо бинера дамин, ахьаран галнаша! Т1ера оьхуш гуш 1а яцахь а, йовхалла кийра ловзабоккхура болуш лаьттара жимчу кедашна чохь т1ехула лацаелла хьоналлин стомма чкъор а долуш чомехь жижиган чорпа! Ткъа саьмарсекхан берам!
Истолан гуонаха хевшира, хешана баьрччехь меттиг а кхочийтуш, ша элий санна и дишнийн къонахий!
Ткъа сарахь-суьйренца и воккха а, жима а вериг а лулахой, куьпахь бериш балхара ц1а бирзича, гулбелира Мовлин шуьйрачу уьйт1ахь. Х1оьттира синкъераман гуо! Юьртахь генна хезаш бекара аз хаза и кехатан пондар! Халхарчана дог ловзадоккхура оцу горгачу аз сихачу вотано!
Хьаша а воккхура хелха оцу дишнийн босхазчу маьхкаршца!
Буьйса юккъал т1ехтиллалца хьешан самукъадоккхуш лаьттира синкъерам. Сов ц1а чохь к1еддачу меттаваьккхина садо1а витира и веза хьаша.
Малх делкъане г1орта дагахь бара хьаша самаволуш. Мовлин х1усамнана Х1ийжан яра масийттаза бохбина кхача кхин цкъа а сихо йина бохбеш. Эххара а дууш молуш дикка хан чьккхича хьаша дагавелира ша новкъа вала везаш хиларна.
- Мовла, Х1ийжан а ялош, к1ентий, несарий а болош вола со волчу хьошалг1а хьонка т1еболучу хенахь. Дера хаьа суна и ша "т1анк!» аьлла хьонках юьзина меттигаш вайн хьуьнхахь! – х1орш хьошалг1а кхойкхуш дозалла дира лакхарчу юьртара хьешо.
Кечдина уьйт1а даьккхира хьешо шен к1айн накъост а. Ша дина синна велира хьаша шен вирана т1е. Вирал а беха шен муьжги эткаш т1ехь когаш ластийра цо, вирана ша дан дезарг хоийтуш. Амма вирана дицделлачух тера дара ша дан дезарг, мухха делахь а, ца кхета кеп-м х1иттайора цо. Кхин цкъа а г1унна чохь ши ведар санна лестира вирана аг1онашкахь мужги эткаш. Амма вир-м гуттар а хьекъалах телхинчух тера дара, х1унда аьлча, иза т1ехь 1аш волчо шена ен хичаш тергал ца еш, ша мерза буьйса яьккхинчу метте а даг1ана шен йисина сийна буц яан дуьйлира. Веза хьаша лаьтта воссан вийзира, вираца дикка къийсича, цхьа дика дукха генахь-м дацара и воссан деза латта. Хьаша лаьттаваьлча а дикка дуьхьало дера йира виро-м, делахь а, дуьрстана гелаш шена багайоьхкича, ницкъа цхьатерра ца хилар кхетийра мискано. Дуьрстано ийзочу аг1ора д1а ца даг1ача балдаш ч1ог1а лозадора. Иштта юьхь лаьцна диган дийзира 1андаркъин шен вир юьртах араваллалца, т1аккха велира иза вирана буьххье.
Мовлин х1умасхойн а, лулахойн а самукъадаьккхина вахана 1андаркъа цл т1аьхьа а х1ора базардийнхь схьаэхан марзвелира, иза х1инца-м Мовлин х1усамхо санна вара, ц1ахь стагга а вацахь а, шен ден ц1а веъча санна вара иза х1окху кертахь. Вирана-м гуттара дика хаьара Мовлин керта бог1у некъ, иза-м ц1а а ца доьдура иштта самукъадолий.
Дууш-молуш, садо1уш буьйса а йоккхий ша д1авоьдуш даима а кхойкхура 1андаркъас Мовла шен х1усамца ша волчу хьошалг1а а, хьонка баккха а.
Иштта цхьана б1аьстана юьххье, Х1ийжанас хьахийра майрчуьнга:
- Деллахьа, стаг, оцу лакхарчу юьртара и хьан хьаша а вара шайга ца дог1у бохуш халахеташ. Цаьрга а х1уттуш. Цигарчу хьуьнхахь хьонка а боккхуш даг1ана даьхкича х1ун дара техьа вай? Баа а хир бара хьонка, бисинарг базара баьккхина сом-ком а хир дара.
- Д1аялахь, цо х1ун дуьйцу! Суна-м и сайн хьаша 1аш стенгахь ву а ца хаьа! – аьттехьа а ца дитира Мовлас.
- Вайн ц1ахь а кха т1ехь а жимма йох ца елча дан х1ума а дац. Мукъа хан йоллучуьра даг1ача мегар дацара. Хьан хьаша-м церан юьртахь хаьттича схьагойтура вара вайна, - майрачунна т1аьхьара ца йолура Х1ийжан.
- Х1ан-х1а, бег1ила ца хета суна-м цаьрга ваха, - реза ца хилира Мовла.
Зударийн х1илланца кхин а масех дийнахь собар а дина майрчуьнга дийхира зудчо кхин а:
- Варах, хьо хьуо а ма ву болх бан хан т1е ца кхочуш куьйгаш а к1амделла лелаш! Дуьхьалла д1а хьонка баккха мукъане а г1уо вай лакхарчу юьртара хьуьнха, хьан хьаша волчу г1ура дац вай! – дехар дира Х1ийжанас.
- Деллахьа ма ч1ог1а чудоьссина хьуна и хьонка баккхар! Мегар х1ета, кхана 1уьйрана новкъа девра вай. Кечам бе ахьа тахана дийнахь. К1ентех несарех ван лууш верг а билгалваккха, - олуш зудчунна т1етайра Мовла.
Ша говр ворда кечъян вуьйлира иза. Йиъ ч1ург схьамалъеш, хьакхар хьокхуш чекхвелира и, говрана бергийн, ланнийн а тидам бира цо.
Г1оттучу малхаца 1уьйрана новкъабевлира х1орш: Мовла, Х1ийжан, кхин а шиъ нус, цхьа к1ант. Алссама гулдинера х1окхара галеш а, наггахь санна, хешо ма дийццара, цигахь хьонка дукха хилахь а аьлла.
Мовла, шена некъ дика бовзаре терра, к1отар йолучохь хих дехьа ца волуш лаккхара юрт йоллучохь дехьа велира, цундела мелла а сихо кхечира х1орш оцу лакхарчу юьрта. 1уьйре х1инцца д1аиккхина хан яра Мовла шен тобанца лакхарчу юьрта юккъехь нилуш.
- Со шайн юьрта а веъна, чу а ца вог1уш д1аг1ахь дегабаам бийр бу-кх сан хьешо! – шен х1усамхой кхетийра Мовлас ша дан дагахь волучух.
Х1ийжан къаьсттина реза яра оцу майрачуьна ч1аг1онна, амма вуьйш а бара, шайн х1усамхо хилла 1аш волу хьешан 1ер-вахар муха ду хьажа сак1амделла.
Хаа-м лаьара х1окхарна а, амма иза стенгахь 1аш ву хьанна хаара?
Хатта дийзира хьангга хаьттина цхьанге. Ворда а сацийна, дуьххьара дуьхьала кхеттачу цхьана къонахчуьнга хаьттина хиира кхарнна шайн хьешан ц1а стенгахь ду. Жимма рег1ахь хьалаг1оьртина эвлайисттехь, гуонаха йина керта а йоцуш цхьана г1ишлон улло нисбелира хьеший.
- Хь1енех! – аьлла мохь туьйхира Мовлас ворданара вуссуш, ша х1усамдеца эвхььаза хиларе терра. Амма «хьенех-м» вацара гучуволуш цкъа а, шозза а, кхин а мохь тоьхча а. Эимма 1ийна х1усаман чохь цхьа таь11ина аьзнаш хааделира кхайкхина боцучу хьешашна.
- Хьенех! – аьлла т1аьххьара тоьхначу маьхьаро араяьккхира ц1евзинчу не1арах биллгал х1усамнана хилан мегаш цхьа даш санна язъеллачу мархех тера цхьа зуда. Юьхьан мохклла, кхин къаьсташ аматаш дацара цуьнан, мел ч1ог1а цуьнга хьежча а.
- 1андаркъа ара ца волу? Базар юьртара хьеший баьхкина ала цуьнга сихха,- велакъажаран бахьана дира Мовлас шен юьхьна т1ехь.
Амма 1андаркъин х1усамнана-м дицделлачух тера дара ша т1аьххьара елакъежина хан. Цундела дисинера Мовлин къажар дуьхьала д1а къажар хилла, дуьхьала жоп доцуш. Ц1енна т1ехьа дихкина к1айн вир-м дара хьешашна дуьхьала деладелла а ца 1аш х1окху дийнна лакхара юьртана а хозийтуш хьеший т1еоьцуш. «Ия-якъ! Акъи-акъи!» сацан а ца тугура хьешашга маршалаш хоьттуш оьзда к1айн вир.
Деллахь а, вир долучу баьхкинчух тера дацара и хьеший. Уьш хьиэм ца беш бирзира, шайн вордана а хевшина. Кхин багара дош ца долуш г1ийла т1ехьа хьоьжуш 1андаркъин х1усамнана а йолуш. Ц1енна чохь хьулвелла 1аш ша х1усамда а волуш. Дуьххьара некъан гуола туххучохь г1ийла кхевлаелира Мовлин говра ворда.
Хьун-м мел йоккха елахь а цигахь дац урамаш, хьо д1асаийзаван, цигахь хьуьнюккъехь ю-кх бакъйолу маршо! Хьайна луъъучу вахан йиш ю хьан, лаахь цхьанхьа а ца вахан а, 1илла хьайна диттийн ялсаманехь, аьхка бецашна, диттийн г1ашна юккхехь керчаш, садо1уш.
Х1ара хьаннаш-м Мовлина цхьа а 1андаркъа ца хилчи а дика евзира, х1орш а кхарнна т1ехьара лаьмнашка хьалахьаьвдда раьг1наш т1ера хьаннаш а. Дийнахь сарралца гулбира х1окхара маь1-маь11ехь х1инца а 1уьллуш ло а долуш хьуьнаюккхехь хьонка. Оцу т1ехь х1окхерн дика аьтто а белира, делахь а х1орш шайн юьрта ц1акхаьчча арахь лахара шело а йолуш 1аьржа буьйса яра.
Кхин новкъахь а, шаьш ц1акхаьчча а шайн хьешан ц1е ца яьккхира х1окхара.
К1ира а сихделла т1ехтилира, базаран де а т1екхечира, 1уь1ре а т1ехтилира, суьйре а т1екхечира, буьйса г1оьртира т1е, амма Мовлин хьаша-м вацара тахана кхочуш, массарна а тамашена а хеташ цуьнан к1айн вир ца гуш уьйт1ахь, суьйренца цо шен ц1ог1не йиша а ца локхуш, сийна бецах я йоллах церг тоьхначул т1аьхьа.
Кхин цхьа к1ира а т1ехделира, бутт а, амма хьаша-м вацара Мовлина вог1уш. Массарна а вицвелла вог1ура лакхарчу юьртара хьаша, хьаьжк1ийн г1ад маждала дуолалуш хана яра. Цхьана базаран дийнахь суьйренца Мовлин кет1а к1ан вир х1уттуш. Хьалха санна хецна чу ца дог1уш, х1усамдас х1ун олу техьа, бохуш лаьттара вир а, виран т1ехь верг а.
- Ассалам1алайкум, хьаша т1еоьций аша! – хезира цхьаа г1уллакхна-м уьйт1а ваьллачу Мовлина кевнал арахь.
- Ва1алайкум салам, хьаша Делера ву! Оьцу дера, ьа чу лалла хьайн вир-б1орз, - вир хастош дуьхьала волуш ков диллира Мовлас.
Диллинчу кевнаха чухецаделира вир-м. Шен Т1ера бере воьссаний-воссаза вуй аьлла хетачу хенахь лалладелла шен дика девзаш долчу хьаьвдина йистте д1атарделла ш еден ц1а кхаьчча санна, парг1атаделира иза. Вир шен метте д1анисделча Мовлас кхин хье ца деш, д1адехка а ца г1уртуш дитира иза. Раг1уна т1ехьа уьйт1ана геннарчу сонехь т1ехь лаба а йолуш, лаьттачу хьаьвдана чохь и дуьззина йиллина йол а яра, йисттехь гунна чохь хи а дара. Кхин х1ун оьшу виран к1еззигчу ирсана?
- Базарахь жимма хьен веллера со, буьйсана к1ела а воьдуш новкъа вала а кхерамен ду. Берзалойн тоба хааелла оцу тхан лакхарчу юьртана йисттехь. Хьо волучохь буьйса а яьккхина кхана г1оттучу малхаца новкъавер-кх аьлла ма-вог1у со-м, Мовла, - олуш бехказлонаш йийца вуьйлира 1андаркъа.
- нийса веъна-кх т1аккха, тхо-м хьо ца вог1уш хьевелча, могуш воцуш хилла техьа, бохуш саготту дара, - хьешан сапарг1ата даьккхира Мовлас.
Раг1ун к1елахь лоха горгачу истолан т1ехь сиха х1оттийра Х1ийжанас хьешана кхача:
- Маьрша дог1ийла шу! Могуш, маьрша 1аш дуй шу? – олуш.
1андаркъа-м Х1ифжанас истолан т1е кхача х1оттош д1аса хьийзаш шена дика евзачу паднаран йисттехь хиина 1ара. Шен гихь йоллу топ а юьстаха яккха дицделлера цунна, Мовлас:
- Топ новкъа хир ю хьуна гихь. Топ юьстаха яьккхий парг1та волуш, садо1а, 1андаркъа! – аллалц.
- И топ-м дера яц аса вуьжуш-г1оттуш юьтуш, - олуш паднара йистте пенаца ирах1оттийра цо. Лулакулара ши-кхоъ къонаха а веънера жимма луьйш-олуш 1ийра ду-кх аьлла. Горгачу истолана гуонаха хевшина, кхачех кхеташ 1аш бара къонахий, хьешана баьрччехь меттиг а белла.
Дишний-м даима а бара бегашах буьззина, аганахь 1уьлларг а, к1ела тесина х1ума яшийна а бегаш бийр болуш. Ша а царах цхьаъ хиларе терра, Салавди ц1е йолу, Мовлин шича а, лулахо а вара, буьйсана кхоъ сахьт даьлча а самаваккхахь а, хьо шена ца вевза кеп х1оттийна а, бегаш бийра болуш. Истолан т1ера котамберамна чу 1оьттина котаман г1ог1 ах бохург санна кхаьллина даь1ахк ц1анъеш, хьеше хаьттира цо:
- 1андаркъа, шу оцу лакхарчу юьртара къонахий ч1ог1а нийса топ тухуш ду бохуш хезна суна. Бакъ дуй и?
Массо а шайн вуткъа веха хьеше а хьаьвсина, т1аккха цуьнан паднаран йисттехь пенаца х1оттийна лаьттачу йоцачу тоьпе хьаьвсира.
- Дера иза-м бакъ ма-ду! – шена тидам бина везавира хьаша, безамца шен тоьпе а хьожуш.
- Мел доккхачу экхана топ кхетара яра хьан? – цхьаъ-м дагадеъна х1иллане хаьттира Салавдис.
- Топ-м акхтаргана буьххьехь 1аш хилчи а, тарсална а тухура яра ас, - дозалла дира ламарочо.
- Делахь, ца хаа суна-м, оцу йоккхачу хьуьнхара йог1ий, тхан кертара хьаьжк1ийн шадолу г1ад дожадой йоьду-кх и цхьа онда налла. Оцу наллана кхетара ярий хьан топ? – хоттуш элира Салавдис.
- Наллана-м б1аргаш хьаббина а кхетара яра сан топ! – кхин цкъа а хастийра ша 1андаркъас. Цо-м дийцира ша чана муха топ туьйхира а экхехь. Иштта къонахий луьйш-олуш 1аш буьйса а т1екхечира. Х1ийжанас раг1у к1елахь латийра и сирла мехкдаьттан чиркъ. Буьйса-м яра дукха 1аьржа беттаса а доцуш. Къамеле бевлла къонахий буйлира х1ора а шайн экхе баг1начохь хилла-цахилларш дийца. Къамеле бевллачу къонахша тидам ца бира Салавди г1аьттина юьстаха волуш.
Раг1ун к1елара сехьаваьлча бодано сиха хьулвеш къевлаваьккхира иза. Амма Салавдис дан леринарг кхин йоккха серло оьшуш х1ума а дацара. Боданех к1айн шаршу санна хаалуш долу вирана уллох вахана иза дуьхьалаг1ертар тергал ца деш, тоттуш, тухуш, 1уттуш керта лаьллира цо. Йоккха керт юькъа хьун санна луьста-лекха хьажк1ех юьззина яра. Хьаьжк1аш юккъехь-м мерза суг1, 1ег1а кхин бецаш яра. Юьхьанца дуьхьала г1иртина вир сиха 1ехаделира бецах, хьаьжк1ийн луьйдагех, коьртаниг, доьжначу г1одмашна т1ехь хилла яьлла поттарчашна т1ехь х1ьжк1аш яра! Гена мел дели а вир-м кхин а ч1ог1а 1ехалора.
Салавди тийна-таь11ина раг1у к1елахь шен меттиге веъна охьалахвелира. Буьйса т1ехэккхалца 1йра божарий цхьацца самукъане къамелаш деш. Эххар а, наб т1ег1оьртина д1асабуьйъира уьш. Хьешан буьйса декъала йина, шайн ц1абирзира лулахой а.
- Мовла, ахьа пурба лахь кхуза паднарт1ехь вуьжур ву со. Чохь садукъло сан, арахь мох х1онехь дика хетар суна, - дехар дира хьешо.
- Томехь дац суна хьаша арахь вижон, - дуьхьало йора мовлас, делахь а хьешана луург коьртаниг дара.
Хьешан д1авижа аьтто баьккхина, Мовла ша шен х1усамхошца чохь д1атарвелира.
Хьешана набм едда гена яьллера. Ша-шех эхь хетара цунна, Мовлин г1иллакхо вохийнера иза. «Кхана серлонехь муха хьожура ву оцу баккъхьарчу стеган б1аьра!» - ойла йора цо. Ц1еххьана буьйсанан боданан тийналлехь х1усамден кертахь цхьа г1овг1а хезира кхунна. Сихха к1егаа хиина, паднаран т1ехь 1аччохь сема ладуьйгира цо.
- Иэ! Г1одмаш дац уьш кегдеш? – ша-шега хаьттира цо.
«… оцу йоккхачу хьуьнхара йог1ий тхан кертара хьаьжк1ийн шадолу г1ад дожадой йоьду-кх и цхьа онда налла! Оцу наллана кхетара ярий хьан топ!» – Салавдин дешнаш хьаьвзира 1андаркъин коьрта. Куьйг хьаькхина кера ийцира цо шен йоца пхоьаза йолу топ. Цхьана буйнахь топ а йолуш т1еозийра цо шен г1овтал, кога озийра мужги эткаш. Экхахь санна тебина ваг1ара къонах хьаьжк1ийн керта. Меллаша цхьана куьйга шен б1аьргашна хьалхара г1одмийн луьйдагаш тоьттуш, ког байбина воьдура иза г1одмаш кегдеш яьккхинчу г1овг1на т1е.
«Гар-р-ров! Гуов-в! Гуов-в!» - аьлла юьйлучу тоьпан г1овг1а елира г1адмийн кертахь.
«Суна-м хьаара х1ара иштта чекх дера дуй! Со-м сайн ма-хуьллу дьуьхьалаг1иртира!» - бохуш санна бага а г1аьттина жимма арабаьлла мотт а болуш 1уьллура чохь са доцу миска к1айн вир, 1андаркъа, улло вахана ша йийна «налла» мелла онда ю хьажан воьлча.
- Х1ун хилла цигахь, 1андаркъа! – г1одмаш а иэгадеш ведда вог1ура Мовла, цуьнан к1ант Мансур а велира т1аьхьуо гучу, буйнахь чиркх а болуш.
Ша топ тоьхна дийначу к1айн виран т1е х1оьттина лаьтташ гира царнна шайн хьаша.
- Х1ун ди ахьа! Ахьа туьйхи цунна топ? Муха нисдели и! Хьайн вир ца девзира хьуна? – воьхна хаьттира Мовлас.
- Дера ца девзи-кх… Хьалавеъча хьаш а ца вевза! Охьавеъча сайн вира а ца девза! – ша-шена кхиэл еш, элира ламарочо.
1уьйрана анайист ц1иэн еш г1аьттинчу малхаца, г1аш хьалаволавелира Мовлин хьаша, шайн лакхахь 1уьллачу юьрта вахан.
- Говрахь к1анте д1акхетавайта хьо! – аьлла Мовлас х1оттийначу г1иллакхана дуьхьала г1иллакх х1оттош дьухьало йира цо.
Цул т1аьхьа кхин ца хаавелира Мовлина 1андаркъа базарахь а, х1окху юьртахь а.


Рецензии