Пайхамарийн дийцарш

"Уггар хаза дийцар"

"Юсуф пайхамар"

Делера салам хуьлда цунна

 

 

ТАМАШИЙНА ГIАН

 

Юсуф жима кIант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла.

Юсуф хаза кIант хилла.

Юсуф хаза кIант хилла, Юсуф хьекъале кIант а хилла.

Цуьнан дена Якъубана иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел.

Цхьана буьйсанна Юсуфана цхьа тамашийна гIан гина.

Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла.

Жима Юсуф чIогIа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гIенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуф шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гIан.

{ХIай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш}.

Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла.

Якъубана чIогIа хазахетта цунна гина гIан бахьана долуш.

Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хIай Юсуф, цхьа гIуллакх хир ду хьан. И гIан кхаъ бу, Iилманца а, пайхамараллийца а.

Цхьа гIуллакх хир ду хьуна. И гIан кхаъ бу, Iилманца а, пайхамараллийца а.

АллахIа ниIмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахIа ниIмат динера хьан дедена ИбрахIимана а.

Бакъдолуш, Цо ниIмат дийр ду хьуна а, ниIмат дийр ду Якъубан охIлунна а.

Якъуб воккха стаг хилла,

адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтIано толам муха боккху, шайтIа адамаца ловза муха ловзу а.

Цо аьлла: ХIай сан кIант,

Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гIан, цара хьагI лоцур ю хьоьца, мостагIий а хир бу уьш хьуна.

 

 

ВЕЖАРИЙН ХЬАГI

 

Юсуфан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Бинйамин цIе а йолу. Якъубана и шиъ чIогIачу безамца везаш хилла,

и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.

Вежарша хьагI лелош хилла Юсуфца а, Бинйаминаца а, оьгIаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуф а, Бинйамин а вайл дукха хIунда веза?

Вайн дена Юсуф а, Бинйамин а хIунда веза, и шиъ жима а, гIийла а воллушехь?

Вай хIунда ца деза цунна Юсуф а, Бинйамин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хIума ду иза!

Юсуф жима кIант хилла,

цо дийцина гIан шен вежаршка, чIоьгIа оьгIаз бахана вежрий шайна гIан хезча, церан хьагI чIагIйелла.

Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежрий, цара аьлла: Ве и Юсуф, йа цхьана генарчу махка виге дIакхосса иза.

ТIаккха шун да шуна шайна хир ву,

цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу.

Церах цхьамма аьлла: ХIан-хIа, муххале а, некъара цхьана гIу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза.

Массо вежрий цунна тIетайна.

 

 

ЯКЪУБ ВОЛЧА НАХ БАХИЙТАР

 

Шайн цу хIуманна тIехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чIогIа кхоьруш хилла Юсуфана цхьаъ хиларх,

цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагI юй а, царна иза ца везий а.

Якъуба Юсуф вохуьйтуш ца хилла вежаршца. Юсуф шен вешица ловза а ловзуш Iаш хилла, гена а ца волуш,

вежаршна иза хууш хилла,

делахь а, вон дар тIелаьцна цара.

Цара аьлла: ХIай тхан да! ХIунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша Юсуф? Стенах кхоьру хьо?

Иза тхан хьоме ваша ма ву,

тхан жимах волу ваша ма ву,

тхо цхьана ден вежрий ма ду. Вежрий даим цхьаьна ловзу,

ткъа тхо хIунда ца ловзу даха а дахана цхьаьне?

{Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву}.

Якъуб воккха стаг хилла,

Якъуб хьекъале а, кIеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуф шена генавалар. Юсуфана цхьаъ хиларх чIогIа кхоьруш хилла иза.

{Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гIопул хилла а долуш}.

Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча?

Бакъо елла Якъуба Юсуфана.

 

 

ХЬУЬНАХ

 

Хазахетта вежаршна чIогIа, Якъуба Юсуфана бакъо елча. Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуф кхоьссина хьуьнхара гIу чу, жимчу Юсуфах къинхетам ца бина цара,

Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуф кхоьссина хьуьнхара гIу чу, жимчу Юсуфах къинхетам ца бина цара,

Воккха стагах Якъубах а къинхетам ца бина цара.

Юсуф жима кIант хилла, цуьнан дог а жима дог хилла. Ткъа, гIу кIорга хилла,

гIу бодане хилла, Юсуф ша цхьаъ хилла.

АллахIа кхаъ баьккхина хилла Юсуфе, Цо аьлла цуьнга: Са ма гатде, кхера а ма кхера. Бакъдолуш, АллахI хьоьца ву, хьан цхьа доккха гIуллакх хир ду.

Вежрий богIур бу хьуна тIе, ахь дуьйцур ду цаьрга цара динарг.

Шаьш дийриг уьш дина боьлча, Юсуф цара гIу чу кхоьссича, уьш гулбелла цхьаьне, цара аьлла: ХIун олу вай вешан дега?

Церах цхьаболчара аьлла: Вай да ша иза барзо ваарх кхоьру бохуш вара, вай цуьнга эр ду: Бакъ луьйш хилла хьо хIай тхан да, барзо виъна иза.

ТIетайна вежрмй цунна, цара аьлла: Вай цуьнга эр ду: Барзо виъна иза.

Цхьаболчу вежарша аьлла: Делахь а, хIун билгало ю цуьнан?

Цара аьлла: Цуьнан билгало цIий хир ду.

ТIаккха вежарша ка схьа а эцна, цунна урс хьаькхна.

Юсуфан коч схьа а эцна, цунна басар дина цара.

Хазахетта вежаршна чIогIа, цара аьлла: ХIинца тешар ву вайн да!

 

 

ЯКЪУБАНА ХЬАЛХА

 

{Уьш баьхкина шайн да волчу суьйранна, боьлхуш}.

{Цара аьлла: ХIай тхан да, къовсадала даханера тхо, Юсуф тхешан хIумнаш уллохь витинера оха, тIаккха барзо виира иза}.

{Цара деара цуьнан куча тIехь харц цIий}.

Цара аьлла: ХIара ду Юсуфан цIий!

Церан да Якъуб пайхамар хилла,

иза воккха стаг хилла. Иза шен берел дукха хьекъале хилла.

Якъубана хууш хилла, барзо адам диъча цо иза лаза дой, цо цуьнан коч ятIа йой.

Юсуфан коч цIена хилла, цIий чу Iоьттина хилла, цундела хиъна Якъубана, иза харц цIий дуй, барзах лаьцна долу дийцар а кхоьллина дийцар дуй.

Цо аьлла шен кIенташка: Муххале а, хIара дийцар аш кхоьллина ду

{Хаза собар}.

Сингаттаме воьжна Якъуб Юсуф бахьанехь чIогIа, делахь а цо хаза собар дина.

 

 

ЮСУФ ГIУ ЧОХЬ

 

Вежрий бухабирзина цIа, цара витина Юсуф гIу чохь,

яахIума йиъна вежарша, дIабийшина уьш меттанаш тIе.

Юсуф гIу чохь хилла, мотт а боцуш, даар а доцуш. Вежаршна вицвелла Юсуф, дIабийшина уьш.

Юсуф ца вижина дIа, цхьа а виц а ца велла цунна.

Якъуб Iийна Юсуф дагаоьхуш,

Юсуф Iийна Якъуб дагаоьхуш.

Юсуф гIу чохь хилла, гIу кIорга хилла.

ГIу хьуьнхахь хилла, хьун юькъа хилла.

Иза буьйсанна хилла, буьйса бодане хилла.

 

 

ГIУ ЧУРА ГIАЛИЙ ЧУ

 

Цу хьуьнхахь новкъа йоьдуш цхьа тоба хилла. Новкъахь уьш хьагбелла,

цара лехна гIу. ГIу гина царна,

цу тIе цхьа стаг вахийтина цара, шайна хи даийта.

Стаг гIу тIе веъна, шен ведар схьаэцна цо.

Ведар чухецца цо, тIаккха ведар деза карийна цунна!

Хьаладаьккхина цо иза, ведар чохь кIант хилла!

Цецваьлла и стаг, цо кхайкхина (кхечаьрга).

{Кхаъ бу шуна, хIара кIант ву}.

Нахана чIогIа хазахетта, цара иза дIахьулвина.

Мисре дIакхаьчча уьш,

базара дIа а хIиттина, цара кхайкхина: Хьан оьцу хIара кIант? Хьан оьцу хIара кIант?

Iазиза эцца Юсуф, кIеззиг дирхIамех. Махлелохоша воьхкина Юсуф, царна ца воьвзина Юсуф.

Iазиз иза а эцна, шен гIали чу вахна,

цо аьлла шен зудчуьнга: Ларам бе Юсуфа, бакъдолуш иза нийса кIант ву.

 

 

МУЬТIАХЬАЛЛА А, ТЕШАМАЛЛА А

 

Iазизан зуда Юсуфана тешнабехк марзбан гIоьртина хилла.

Делахь а, Юсуф доьхьал ваьлла, цо аьлла: ХIан-хIа!

Ас тешнабехк бийр бац сайн элана,

баккъалла а цо суна дика дина, сан лерам а бина. Бакъдолуш, со Делах кхоьру.

ОьгIаз яхана тIаккха Iазизан зуда, цо арз дина шен майрачуьнга. Iазизана-м хиъна зуда харц луьш юй.

Цунна хиъна Юсуф тешаме вуй.

Цо аьлла шен зудчуьнга:

{Бакъдолуш, хьо гIалат боьвллачерах хилла}.

Юсуф Мисрехь шен хазаллийца вевзина хилла,

иза цхьанна гича, олуш хилла:

{Дац хIара адам, сийлахь малийк бен дац иза}.

ЧIагIделла зудчуьнан оьгIаз йахар, цо аьлла Юсуфе:

Делахь, гIур ву хьо набахти чу!

Юсуфа аьлла:

{Набахти гIолий ю суна}.

Цхьа денош дIадоьвлча, Юсуф набахти чу вахийта веза аьлла хетта Iазизана.

Iазизана хууш хилла Юсуфа бехк боций.

Набахти чу вахана Юсуф.

 

 

НАБАХТИН ХЬЕХАМ

 

Набахти чу вахана Юсуф,

набахтин дерриг охIлунна хиъна, Юсуф сийлахь жима-стаг вуй.

Юсуфехь доккха Iилма а дуй.

Юсуфан кийрахь къинхетаме дог а дуй.

Дукха везна набахтин охIлунна Юсуф, сий дина цара цуьнан.

Хазахетта нахана Юсуф бахьана долуш, вазвина иза цара.

Цуьнца цхьаьна набахти чувоьллина хилла ши стаг. Цаьршима дийцина цунна шаьшшинан гIан:

{Цаьршинах цхьамма аьлла: Бакъдолуш суна сой го малар доккхуш}.

{Вукхо аьлла: Бакъдолуш суна сой го, сайн коьрта тIехула бепиг эцна воьдуш, олхазаро цу тIера даа а дууш}.

Цаьршима хаьттина Юсуфе, и гIан тидарх лаьцна.

Юсуф гIан туьдуш Iилманча хилла.

Юсуф пайхамарех цхьа пайхамар хилла.

Цуьнан заманахь адамаш Дела воцучунна Iибадат деш хилла.

Цара шайгара хIиттийна хилла дуккха а деланаш.

Цара аьлла: ХIара латтанан дела ву,

хIара хIурдан дела ву, хIара рицкъанан дела ву, хIара догIунан дела ву.

Юсуфана и ша-дерг гуш хилла, иза воьлуш хилла.

Юсуфана и ша-дерг хууш хилла, иза воьлхуш хилла.

Юсуфана лууш хилла уьш Далла тIе кхайкха.

АллахIана лиъна, иза набахти чохь хилар.

Набахтин охIлунна хила хьакъ дац хьехам?

Набахтин охIлунна хила хьакъ дац къинхетам?

Набахтин охIлу а Делан лайш бац?

Набахтин охIлу а Адаман кIентий бац?

Юсуф набахти чохь хилла, делахь а иза маьрша, майра хилла.

Юсуф къен хилла, делахь а иза комаьрша хилла.

Бакъдолуш, пайхамарша бакъ дерг дIадовзуьйту массо меттехь.

Бакъдолуш, пайхамарш комаьрша хуьлу массо заманахь.

 

 

ЮСУФАН ХЬЕКЪАЛАЛЛА

 

Юсуфа аьлла ша-шега:

Хьашто тIевалийна суна и ши стаг.

Хьашт долуш волу стаг кIеда хуьлу, муьтIахь хуьлу.

Хьашт долун стаг муьтIахь хуьлу, цо ла дугIу.

Ткъа ас шаьшшинга цхьаъ аьлча цаьршимма ладугIур дара, набахти чохь болчара а ладугIур дара. Делахь а, Юсуф сих ца велла.

Муххале а, цо аьлла цаьршинга:

Ас дуьйцур ду шуьшинна гIенан тидар, шуьшинна шуьшинан даар схьакхачале. И шиъ тIаккха охьахиъна, паргIатваьлла.

ТIаккха аьлла цаьршинга Юсуфа:

Со Iилманча ву гIан тидарехь,

{Иза - сан Дала суна Iамийнарг ду}

Хазахетта цаьршинна тIаккха, паргIатваьлла и шиъ.

Эццахь хан карийна Юсуфана, цо дIаболийна шен хьехам.

 

 

ДЕЛА ЦХЬАЪ ВАРАН ХЬЕХАМ

 

Юсуфа аьлла:

{Иза - сан Дала суна Iамийнарг ду}.

Делахь а, Дала Шен Iилма хIора цхьанна ца ло.

Бакъдолуш, АллахIа Шен Iилма Шеца накъост луьйцучунна ца ло.

Хаьий шуьшинна, сан Дала суна Iилма хIунда Iамийна?

Ас Делаца накъост лацаран некъ Iадбитина дела.

{Со тIаьхьахIоьттина сайн дайн ИбрахIиман а, Исхьакъан а, Якъубан а некъана}.

{Йиш яцара оха АллахIаца цхьаъа хIума накъост лаца}.

Юсуфа аьлла:

ХIара тавхьид тхуна тхаьшна хилла ца Iа.

Муххале а, иза массо нахана ду.

{Иза - АллахIа тхуна дина дика ду, нахана а дина дика ду, делахь а дукхах болчу наха шукр ца до}.

Эццахь саца а сецна, хаьттина цаьршинга Юсуфа:

Аш олу: лаьттан дела, хIурдан дела, рицкъанан дела, догIунан дела.

Оха олу: АллахI ву Iаламийн Дела.

{Тайп-тайпана деланаш бу дика, йа АллахI ву, Ша цхьаъ волу, толаме волу?}.

Стенгахь ву лаьттан дела а, хIурдан дела а, рицкъанан дела а, догIунан дела а?

{Схьагайта суна хIун кхоьллина цара лаьттах, йа накъосталла ду церан стигланашкахь?}.

ДIахьовсийша лаьтта тIе а, стигла а, хьовсийша адаме.

{ХIара ду АллахIан халкъ, ткъа аш схьагайта суна Иза воцучара хIун кхоьллина}.

Муха хир ву лаьттан дела а, хIурдан дела а, рицкъанан дела а, догIунан дела а?

ЦIерш ю уьш {техкина йолу, аш а, шун дайша а}.

Хьукм АллахIан ду, паччахьалла а АллахIан ду, латта а АллахIан ду, гIуллакхаш а АллахIан (керахь) ду.

{Аш ме де Цунна бен Iибадат}.

{Иза ду нийса дин}.

{Делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх}.

 

 

ГIАН ТИДАР

 

Юсуфа, шен хьехам бина ваьлча, дийцина цаьршинна гIенан тидар. Цо аьлла:

{Амма шуьшиннах цхьаха волчо шен элана малар мелор ду}.

{Амма важа - иза жIарах дIатухур ву, олхазаро цуьнан коьртах цхьа дакъа дуур ду}.

Доьххьарчуьнга аьлла цо:

{Со хьахавелахь хьайн эла волчахь}.

И ши стаг араваьлла, доьххьарниг паччахьана малар луш хилла, шолгIаниг жIарах дIатоьхна.

Малорхочунна дицделла, шен паччахье Юсуф хьахо.

Юсуф набахти чохь Iийна шерашкахь.

 

 

ПАЧЧАХЬАН ГIАН

 

Мисран паччахьана тамашийна гIан гина.

ГIенах ворхI берстина етт гина цунна.

И хьелий дIадууш (гина цунна) озачу ворхI атто.

Паччахьана гина ворхI баьццара кан а, ворхI бакъабелла кан а.

Цецваьлла паччахь оцу тамашийна гIенах, шеца хевшина Iачу накъосташка цуьнан тидар хаьттина цо.

Цара аьлла: иза хIумма а дац, наб еш волчунна дуккха а хIуманаш го, бакъ доцуш долу.

Делахь а, малархочо аьлла: ХIан-хIа, ас дуьйцур ду шуна хIокху гIенан тидар.

Малорхо набахти чу вахана, Юсуфе хаьттина цо паччахьана гIенан тидарх лаьцна.

Юсуф комаьрша, сийлахь стаг хилла, Дала кхоьллинчух къахеташ, цундела цо дийцина цунна гIенан тидар.

Юсуф комаьрша, сийлахь стаг хилла, бIаьрмецигалла йоьвзаш ца хилла цунна.

Юсуфа дийцина тидар, цо гайтина дан дезарг а.

Цо аьлла: ВорхI шарахь латта дIаде аш, шаьш даьккхина ялта шен кенахь Iадда дита аш, шаьш дууш долу цхьа кIеззиг доцург.

Цул тIаьхьа чулацаме йокъуна хир ю, шаьш дIадиллина хилла ялта дуур ду аш хIетахь, цхьа кIеззиг доцург.

И йокъуна яхлур ю ворхI шаре.

Цул тIаьхьа гIо доIур ду, нахана ялта хьекъар ду.

Малорхочо дIа а вахана, паччахье дийцина гIенан тидар.

 

 

ПАЧЧАХЬО ЮСУФ ВОЛЧУ ГЕЛАНЧАШ БОХУЬЙТУ

 

Паччахьана и тидар а, дан дезарг а хезча, чIогIа хазахетта цунна

Цо аьлла: Мила ву и тидинарг?

Аьлла паччахьо: Мила ву и комаьрша стаг, вайна хьехар дина волу, дан дезарг гайтина волу?

Малорхочо аьлла: Иза доттагI Юсуф ву. Со сан элана паччахьана малар малорхо хир ву аьлларг а иза ву.

Паччахьан сагатделла Юсуф ган,

Юсуф волчу бахийтина цо. Паччахьа аьлла:

{Схьавалаве суна иза, сайна гергара вина хоржур ву ас иза}.

 

 

ЮСУФА ТАЛЛАМ БАР ДОЬХУ

 

Юсуф волчу геланча веъча, цо цуьнга: "Паччахьо кхуьйкху хьоьга!" аьлча

реза ца хилла Юсуф набахти чура иштта аравала.

"ХIара ву Юсуф! ХIара селхана набахти чохь вара, Iазизана ямртло йина цо" наха а бохуш.

Бакъдолуш, Юсуф доккха са долуш хилла, нийсачунна бен реза воцуш,

бакъдолуш, Юсуф доккха хьекхал долуш, хьекъале хилла.

Цхьаъ Юсуфан метта набахти чохь а волуш, паччахьан геланча цунна веъча,

паччахьан геланчо цуьнга аьлча: "Паччахьо кхойкху хьо, хьоьга собар деш ву иза!" аьлла, и стаг сихвелла хьодур вара набахтин неIарга, иза аравер вара.

Делахь а, Юсуф сих ца велла.

Делахь а, Юсуфа сихо ца йина.

Муххале а цо аьлла паччахьан геланче: Суна таллам бан лаьа, суна сайн гIуллакх таллийта лаьа.

Паччахьа хаьттина тIаккха Юсуфах лаьцна. Хиъна паччахьна а, хиъна нахана а Юсуф цIена хилар.

Араваьлла Юсуф бехк боцуш, сий дина цуьнан паччахьо.

 

 

ДУЬНЕНАН ХАЗНАШ ТIЕХЬ

 

Юсуфана хууш хилла, нахана юкъахь тешамалла кIеззиг дуй.

Юсуфана хууш хилла, тешнабехк нахана юкъахь дукха буй.

Юсуфана гуш хилла, Делан даьхни тIехь наха дукха ямартлонаш йой.

Цунна гуш хилла, дуьнена тIехь дуккха а хазнаш юй, делахь а уьш дола деш йоций.

Уьш дола даза хилла, хIунда аьлча куьйгалхой церан хьокъехь Делах кхоьруш боцу дела.

Церан жIаьлеша дууш хилла, нахана даа хIума карош ца хилла. Церан цIеноша духуш хилла, нахана юха хIума карош ца хилла.

Дуьненан хазнашца нахана пайда бийр бац лардан хууш а, лело хууш а волчо бен.

Лардан а хууш, лело ца хууш хилча дуьненан хазнаш стенгахь ю хуур дац, церах пайда муха эца беза а хуур дац.

Лело хууш а волуш, лардан ца хууш волчо церах юур ю, ямартло а йийр ю.

Юсуф лардан хууш а, лело хууш а хилла.

Юсуфана лууш ца хилла, нехан даьхни даайтуш куьйгплхой Iадда бита.

Юсуфе ла луш ца хилла адамаш мацлуш гар, уьш леш гар.

Юсуф бакъона тIехь эхь хеташ ца хилла.

Цо аьлла паччахье:

{ХIоттаве со дуьненан хазнаш тIе, бакъдолуш суна лардан а хаьа, лело а хаьа}.

Иштта хилла Юсуф, Мисран хазнийн тешамхо.

Адамаш чIогIа садаьIна тIаккха, АллахIана хастам бина цара.

 

 

ЮСУФАН ВЕЖРИЙ БАЬХКИНА

 

Мисрехь а, Шемахь а мацалла хIоьттина хилла, Юсуфа ма-аллара.

Шемарчу нахана а хезна, Якъубана а хезна Мисрехь цхьа къинхетаме стаг ву олуш.

Мисрехь цхьа комарьша, сийлахь стаг ву олуш, иза дуьненан хазнаш тIехь ву олуш.

Нах цунна тIебоьлхуш хилла, цуьнгара даар схьаоьцуш хилла цара.

Якъуба шен кIентий а бахийтина Мисре, даьхни хьуш, даар схьадан.

Бинйамин шен да волчахь висина, хIунда аьлча Якъубана иза чIогIа дукха везаш хилла.

Иза шена гена вала лууш ца хилла цунна. Якъуб кхоьруш хилла цунна цхьаъ хиларх, Юсуфана цхьаъ хиларх кхераре терра.

Юсуфан вежрий новкъабоьвлла Юсуф волчу баха, иза шайн жимах волу ваша Юсуф вуй а ца хууш.

Иза гIу чохь хилла волу Юсуф вуй а ца хууш.

Царна моьттуш хилла иза велла аьлла.

Иза муха лийр вац, гIу чохь ма вара иза.

ГIу чохь ма вара иза, гIу кIорга а ма йара.

ГIу хьуьнхахь ма йара, хьун юькъа а ма йара.

И хIума буьйсанна а ма дара, буьйса бодане а ма йара.

{Схьабаьхкина Юсуфан вежрий; уьш боьвлла иза волчу чу, цунна боьвзина уьш, царна иза воьвзаш а воцуш}.

Юсуф шайниг хеташ ца хилла царна, иза воьвзаш ца хилла царна,

делахь а Юсуфана хиъна уьш шениш буй, уьш боьвзина цунна.

Хиъна Юсуфана, ша гIу чу кхоьсинарш буй уьш.

Ша вен лууш хилларш буй уьш, делахь а АллахIа ларвина хилла иза.

Делахь а, Юсуфа хIумма а ца аьлла цаьрга, сийсаз беш гучу ца баьхна цо уьш.

 

 

ЮСУФАНА А, ЦУЬНАН ВЕЖАРШНА А ЮКЪАХЬ

 

Вистхилла цаьрга Юсуф, цо аьлла цаьрга:

Шу стенгара ду?

Цара аьлла: КанIанера ду!

Цо аьлла: Шун да мила ву?

Цара аьлла: ИбрахIиман кIентан Исхьакъан кIант Якъуб ву (Делера салават а, салам а хуьлда царна)

Цо аьлла: Кхин ваша вуй шун?

Цара аьлла: ХIаъ, тхан цхьа ваша ву, Бинйамин цIе а йолуш!

Цо аьлла: Иза хIунда ца веъна шуьца?

Цара аьлла: Тхан дас шех дIа ца ходуьйту иза, шех иза гена вала а ца лаьа цунна.

Цо аьлла: ХIунда ца ходуьйту цо иза шех дIа, чIогIа жима кIант ву иза?

Цара аьлла: ХIан-хIа, делахь а цхьа ваша вара цуьнан, Юсуф цIе а йолуш, тхоьца веара иза цкъа, тхо къовсадала дахнера иза тхешан хIумнаш уллохь а витина, тIаккха иза барзо виира.

Юсуф шен дагахь велавелла, делахь а хIумма а ца аьлла цо; сагатделла Юсуфа шен вешина Бинйаминана.

АллахIана лиъна Якъуб шозлагIа а талла.

Юсуфа омру дина, царна даар ло аьлла.

Цо аьлла цаьрга:

{Шайн дена вина ваша валаве суна}.

Даар карор дац шуна, аш иза схьа ца валавахь.

Юсуфа омру дина: церан даьхни схьа а эцна церан хIумнаш юкъадиллина.

 

 

ЯКЪУБАНА А, ЦУЬНАН КIЕНТАШНА А ЮКЪАХЬ

 

Бухабирзина уьш шайн да волчу, дIадийцина цара и хабар, аьлла цара цуьнга: Схьаваийта тхоьца тхан ваша,

йа цхьа а дика карор дац вайна Iазиз волчахь.

Бинйамин вехха цара Якъубе, цара аьлла:

{Оха ларвийр ву иза}.

Якъуба аьлла:

{Шух тешор вара ас иза, хьалха цуьнан ваша тешоре терра?}.

Дицделла шуна Юсуфан дийцар? Юсуф ларваре терра ларвийр ву аш Бинйамин а?

{АллахI ву дика лардархо, Иза ву къинхетаме болчарна юкъахь уггар къинхетаме верг}.

Шайн ахча шайн хIуманаш юкъахь карийна царна, тIаккха цара аьлла шайн дега: Iазиз комаьрша стаг ву,

тхан ахча юхаделла цо, тхоьгара мах а ца ийцира цо.

Бинйамин ваийтахь тхоьца, цуьнан хьакъ а схьаоьцур дара оха.

Цо аьлла цаьрга: Дан хIума доцуш шаьш ца дисахь, аш иза вухавалор ву аьлла Делаца чIагIо йаллалц воуьйтур вац ас иза шуьца.

Цара чIагIо йина Далла хьалха. Якъуба аьлла:

{АллахI ву аш олучунна теш (доладийриг)}.

Якъуба аьлла шен кIенташка:

{ХIай сан кIентий, шу чу ма гIо цхьана неIарехула, шу чу гIо тайп-тайпана неIаршкахула}.

 

 

БИНЙАМИН ЮСУФ ВОЛЧАХЬ

 

Вежрий (гIали) чу бахна тайп-тайпана неIаршкахула, шайн дас шайга омру ма-дарра, уьш тIекхаьчна Юсуфана.

Юсуфана чIогIа хазахетта Бинйамин гича, цо иза тIелаьцна шен цIахь.

Юсуфа аьлла Бинйамине:

{Бакъдолуш, со ву хьан ваша}.

ПаргIатваьлла Бинйамин. Еха хан яьллачул тIаьхьа, гина Юсуфана Бинйамин.

Цунна дагаеъна шен нана а, шен да а, цунна дагадеъна шен цIа, цунна дагаеъна шен жималла.

Юсуфана лиъна Бинйамин ша волчахь Iан, хIора дийнахь шена иза гуш волуш, цутнга вист хуьлуш, шен цIийнах лаьцна цуьнга хатта а хоттуш.

Делахь а, муха хир бу некъ и иштта хилийта,

Бинйамин кхана КанIане вухавоьрзуш хилча?

Муха хир бу и хIума дан некъ, вежарша Делаца чIагIо йина хилча, иза шайца вухавалор ву аьлла?

Юсуфе муха сацалур ву КанIанхо Бинйамин ша волчахь, цхьа а бахьана доцуш?

ХIара зулам ду?

Делахь а, Юсуф кхетаме а, хьекъале а хилла.

Юсуфан цхьа еза пхьегIа хилла,

Цу чура хи молуш хилла цо. И пхьегIа Бинйаминан хIумнаш юккъе йиллина цо. ТIаккха кхайкхархо кхайкхина: "Жуьйликаш ду шу!" аьлла.

Вежрий цхьанакхетта, цара аьлла: ХIун йайна шу?

Цара аьлла: Паччахьан пхьегIа йайна тхан, иза схьаеанчунна эмкал тIехь даьхни а хир ду.

{Цара аьлла: АллахIаца дуй буу оха! Шуна хаа ма хаьа тхо дуьнена тIехь бохам бан даьхкина доций, тхо жуьйликаш хилла а ма дац}.

{Цара аьлла: Цуьнан бекхам хIун хир бу, нагахь санна шу харц луьш хилахь?}.

{Цара аьлла: Цуьнан бекхам - иза шен хIуманаш юкъахь карайахь - иза ша (сацор) бу цуьнан бекхам, иштта бекхам бо оха зулам динчарна}.

Бинйаминан хIумнаш юкъара схьаяьлла пхьегIа, эхь хетта вежаршна, делахь а эхь ца хеташ аьлла цара:

Бинйамина лачкъийнехь, делахь цул хьалха цуьнан вешо Юсуфа а лачкъийнера.

Юсуфана хезна и кхоьллина харцо, вист ца хилла, оьгIаз а ца вахана иза, Юсуф комаьрша, кIеда мерза ма хилла.

{Цара аьлла: Хай Iазиз! Воккха стаг да ву цуьнан, цуьнан меттана схьаэцахь тхох цхьаъ, бакъдолуш, хьо дикчу нахах хилар го тхуна}.

{Цо аьлла: Делаца ларло со, тхешан хIума шегахь карийна воцург дIалацарх, оха иза дича - тхо зуламе хир дара}.

Иштта висина Бинйамин Юсуф волчахь, хазахетта тIаккха массо вежаршна.

Юсуф ша цхьаъ хилла дукха хенахь дуьйна, шен охIлунах цхьа а гуш воцуш.

АллахIа валийна цунна тIе Бинйамин, ткъа муха сацор вац цо иза ша волчахь, иза ган а гуш, цуьнга вист а хуьулш?!

Зулам дуй ткъа, ваша шен ваша волчахь Iийча? Данне а хир дац!

 

 

ЯКЪУБ ВОЛЧА

 

Шаьш шайн да волчу юха муха доьрзур ду ца хууш хьере хилла бисина вежрий.

Ойла йина вежарша, хIун эр ду шаьш шайн дега, аьлла.

Селхана Юсуфца лазам бира цара цунна, тахана Бинйаминаца а лазам бийр бу цара цунна?

Амма церах воккханиг дуьхьал ваьлла шен да волчу юха ваха. Цо аьлла шен вежаршка:

{Шайн да волчу духа а дерзе, аш ала: ХIай тхан да! Хьан кIанта лачкъийна, тхаьшна хуучуьнца бен оха тешалла а ца дина, къайлах дерг лар а ца делла тхоьга}.

Ткъа Якъубана и дийцар хезча, цунна хиъна, Делан пурбанца хилла дуй иза, Дала ша толлуш вуй.

Селхана Юсуф бахаьан долуш лазам хилира цунна, тахана Бинйаминах а лазам хуьлу цунна. Бакъдолуш, АллахIа ши бала гулбийр бац цунна тIехь,

бакъдолуш, АллахIа шина хIуманца лазам бийр бац цунна.

Бакъдолуш, АллахIа шина хIуманца лазам бийр бац цунна, Юсуфца а, Бинйаминаца а.

Делан цхьа къайлах кхел ю цу гIуллакхца.

Делан цхьа хьекъале, къайлах бахьана ду цуьнца.

АллахIа даим толлуш хилла Шен лайш, цул тIаьхьа хазахоьтуьйтуш хилла царна, ниIата деш хилла царна.

ТIаккха кхин а, воккхах волу кIант а Мисрехь ма висина, КанIане вухаван дуьхьал а ваьлла.

КхоалгIачунах а лазам хир бу-те цунна?! Цул хьалха шиннах лазам хиллера цунна. Бакъдолуш, иза хир дац.

Эццахь паргIатваьлла Якъуб, цо аьлла:

{Хьанна хаьа, АллахIа уьш берриг а схьабало ма мега суна, бакъдолуш Иза ву хууш верг а, хьекъале верг а}.

 

 

КЪАЙЛЕ ГУЧУЙОЛУ

 

Делахь а Якъуб адам хилла, цуьнан кийрахь адаман дог хилла, тIулг ца хилла.

Юсуф дагавеъна, тIаккха сингаттам керлабаьлла цуьнан, цо аьлла:

{Ма халахета-кх суна Юсуфана хилларг}.

Цуьнан кIенташа бехк баьккхина цуьнан, цара аьлла: Юсуф дагауьхчура соцуш вац хьо, хьой хIаллакьхиллалц.

Якъуба аьлла:

{Ас Деле бен ца белха бо сай бала а, гIайгIа а; суна АллахIера хаа а хаьа шуна ца хуург}.

Якъубана хууш хилла, къихетамах догдиллар керстаналла дуй,

Якъубан доккха догдахар хилла Делан хьокъехь.

Якъуба шен кIентий бахийтина Мисре, Юсуф а, Бинйамин а цаьрга лахийта, цу тIехь цаьрга къахьегийта.

Якъуба ца магийна царна Делан къинхетамах догдиллар

Вежрий Мисре бахана, шолгIа юха а.

Юсуф волчу чу бахана уьш, шайн къелла а, шайн бала а арз бина цара цуьнга, дика дехна цара цуьнгара.

Эццахь меттахдаьлла Юсуфана чохь сагатдалар а, безам а, шен са саца делла цуьнга.

Сан ден кIентий, пайхамарийн кIентий, шайн къелла а, шайн бала а буьйцуш бу паччахьашна юкъара цхьана паччахьна!

Меллалц хьулдийр ду ас и гIуллакх церах? Меллалц хьоьжур ву со церан хьоле? Меллалц Iийр ву со сайн да ца гуш?

Шен са саца ца делла Юсуфе, цо аьлла цаьрга:

{Хиин шуна шаьш Юсуфна а, цуьнан вешина а динарг, шаьш ца кхетамехь долуш?}.

Ткъа вежаршна хууш хилла, и къайле шайна а, Юсуфна а бен йоьвзаш йоций.

Хиъна царна иза Юсуф вуй.

Сийлахь-цIена ву-кх АллахI! Юсуф дийна ву-те?

ГIу чохь вала ца велла иза? Ма тамашийна дика хIума ду! Мисран Iазиз Юсуф ву?

Иза ву тхуна даар долуьйтуш хилларг?

Шеко ца йисина церан, шайга къамел деш верг Якъубан кIант Юсуф хилар!

{Цара аьлла: Баккъалла а хьо ву хIара Юсуф?}.

Цо аьлла:

{Со Юсуф ву, хIара сан ваша а ву, АллахIа дика дина тхойшинна; бакъдолуш, Делах а кхоьруш, собаре хилча, АллахIа эрна ца йойъу дикчу нехан ял}.

{Цара аьлла: Вайн Делор, Дала вазвина хьо Шена гергахь тхоьл, тхо гIалат доьвлла а хилла}.

Юсуфа бехк ца баьккхина цаьргара цара динчунна, муххале а цо аьлла:

{АллахIа гечдойла шуна, къинхетаме болчарна юкъахь уггар къинхетамениг ву Иза}.

 

 

ЮСУФА ЯКЪУБ ВОЛЧА БОХУЬЙТУ

 

Сагатделла Юсуфан Якъуб ган; муха гатлур дац цуьнан са, къастар дахделла хилла хилча?!

ХIинца собар хIунда дийр ду цо, къайле гучуяьлла хилча?

Маларан а, дааран а чам хир буй цунна, цуьнан дена маларан а, дааран а, набаран а чам хууш ца хилча?

Гучуяьлла къайле, тIехулаяьлла къайле,

АллахIана лиъна Якъубан бIаьрг бузийта (хазахетийта).

Якъуб бIаьрзе хилла, дукха велхар а, сагатдар а бахьана долуш.

Юсуфа аьлла:

{ХIара сан коч эце гIо, сан ден юьхь тIе таса иза, бIаьрса нислур ду цуьнан, шайн охIлунца цхьаьне схьа а дуьйла со волчу}.

 

 

ЯКЪУБ ЮСУФ ВОЛЧАХЬ

 

Юсуфан коч эцна и нах КанIане бахча, Якъубана хааелла Юсуфан хьожа, цо аьлла:

{Бакъдолуш, Юсуфан хьожа хаало суна}.

{Цара аьлла: Вайн Делор, хьайн хьалхалера тилар чохь ву-кх хьо}.

Делахь а, Якъуб бакъ хилла.

{Ткъа иза волчу кхаъ боккхуш стаг веъча, цо коч цуьнан юьхь тIе тесча, бIаьрса метта хIоьттира цуьнан; цо элира: Ас ца элира шуьга, сайна шуна ца хуург Делера схьа хаьа аьлла?}.

{Цара аьлла: ХIай тхан да, гечдар дехахь тхан къиношна, бакъдолуш тхо галдоьвлла хилла}.

{Цо аьлла: Ас гечдар доьхур ду шуна сайн Деле, бакъдолуш Иза гечдеш верг а, къинхетаме верг а ву}.

Якъуб Мисре дIакхаьчча, Юсуфа духьал а вахана тIелаьцна иза, ткъа ахь ма хетта цаьршинан хазахетарх а, самукъадаларх а лаьцна.

Къаьстина де хилла и де Мисрехь, беркате де хилла иза.

Юсуфа айдина шен да-нана Iарш тIехь, Юсуфана муьтIахь хилла сужуде эгна уьш.

Юсуфа аьлла:

{ХIара ду сан хьалхалера гIан тидар, сан Дала бакъ дина иза}.

{Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш}.

Хастам бира Юсуфа АллахIана, дика, дукха хастам.

Шукр дира Юсуфа цунна доккха шукр.

Юсуф а, Юсуфан охIлу а Iийна Мисрехь дуккха а хенахь. Якъуб а, цуьнан зуда а Мисрехь делла.

 
 

ДИКА ТIАЬХЬЛО

 

Оцу доккхачу паччахьалло Юсуф Делах дIа ца хьовзийна, йа иза хийца а ца хийцина цо.

Юсуфа АллахI хьехош хилла, Цунна Iибадат деш хилла, Цуьнах кхоьруш хилла иза.

Юсуфа Делан хьукманца кхел еш хилла, Делан омрунаш чекхдохуш хилла.

Юсуфана паччахьалла доккха хеташ ца хилла, иза доккха хIума лоруш ца хилла цо.

Юсуфана дезашш ца хилла паччахь санна валар а, паччахьашца ша (къемат дийнахь) вовшахтохар а.

Муххале, Юсуфана дезаш хилла (Делан) лай санна валар а, дикчу нахаца ша вовшахтохар а.

Юсуфан доIа иштта хилла:

{Сан Дела, суна паччахьалла делла Ахь, къамелан тидар а делла Ахь; хIай, стигланаш а, латта а кхоьллина верг, Хьо ву сан доладархо дуьненахь а, эхартахь а, бусалба волуш валийта Ахь со, дикчу нахах дIа а тоха Ахь со}.

АллахIа иза валийтина бусалба волуш, Цо иза дIатоьхна шен дайх, ИбрахIимах а, Исхьакъах а, Якъубах а, Делера салават а, салам а хуьлда царна а, вайн пайхамарна а.


Рецензии