Безаман оганах...
Са доккхуш, сайн синан дола.
Т1аккха со еха 1а,
Т1етевжий безаман огана.
Ойланех 1ехалой,
Сурт х1иттош, сина мерза лаамех.
Сатийсам х1уьтту схьа,
Д1атоьттуш сингаттам хиламех.
Цу муьргах ирс оьцуш,
Еха 1а, дериг а дицлой.
Ткъа зама уьду д1а,
Уьду и, болар а сихдой.
Свидетельство о публикации №214091401052