Къинхетам бейша

Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Т1еэега лайн чимаш к1айн.

Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез-к1еззиг озадеш т1етт1а.
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду шелоно латта.

Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар дисна-кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.

Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те, къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцуха,
Шайн синойх къинхетам бейша!


Рецензии