Хьан ц1арца, Нана
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а, хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.
Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахарийн, ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн, къинхетам хьекъаш.
хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша, ницкъ лойла, Хьан сий деш даха!
Ахмадова Пет1аматана доьзалшкара
Нана, тхан дахаран йовхо,
Тхан дегнийн самукъне малх.
Къагалахь нана хьо ирсе,
Тхан ирс ду хьан б1аьргаш чохь...
Дац тхуна хьан меха х1ума,
Хьол мерза, марзо яц кхин.
Хьан б1аьрхи ма гойла тхуна,
Хазахетарца дацахь и...
Нана тхан ирсана делла,
Делера совг1ат ду хьо...
Безачех йоккхаеш денна,
Ехийла хьо, цагуш вон!!
Хьайн сина лаамаш эшош,
Халонаш, баланаш ловш.
Тхан синтем цкъа а цабохош,
Ца 1ийний хьо-м дерриг товш..
Делахь а, тхан хьоме нана,
Къинт1ера ялалахь тхуна.
Цхьана дашна тилкхаза девлла,
Йинехь вас, хуорам беш хьуна..
Я Аллах1,ницкъ болу Дела!
Хастам бу, ахь деллачунна!
Тхайн нана резаеш даха,
Ницкъ лолахь Я Аллах1 тхуна!!
Свидетельство о публикации №214091401108
Айза Барзанукаева 23.11.2015 00:48 Заявить о нарушении
Дукх хан яра вайша йистхуьлу хазанза а.
Х1ун хьал ду шуьгхьа?
Дела реза вайна массарна а хуьлда!7
Айза Резванова 01.02.2018 15:47 Заявить о нарушении