Лом

Ломара Лом ду
дера тийжаш,
Сингаттамна
ойла ц1ийзаш,
Шен туьшахь ша
Дисна сцхьа,
Г1айг1ане ди
Иза хьан?
Тохарлера
Уьйраш а яц,
Бассабелла
хьейшийн гуо…
Ойланаша
корта огу,
Шен бехк лоьхуш,
Дог а догу:
«Акхарой сох,
Стенна къехка»? –
Оьг1азлонна
Кийра кхехка.

Бехк шеен хеташ
Дац и цкъан,
Жима, къона,
Даларх къан.
Йицъелла шен
Сонталла,
Ша лийрина
Къизалла.
Цхьанна тухуш,
Важа воруш,
Кхечо дийнарг
Шена оруш,
1азапах тардина г1ан,
Шен гонехь
латтийна ан.
Паччахьалла
Моьттина,
Шена цхьана
доьттина.
Х1инца кхуьнгахь
Дац кхин таж,
Масех тилла
Коьрта хьаж,
Мохь а балац
Цхьаъ кхеро,
Духа дийра дац
кхин пхьеро,
Кхетча, кхета а
т1аьхьа ду –
Цунна кхаьчнарг
Лехнарг ду.
            
(Лом в переводе на русский означает - лев. Басня на чеченском языке, издана в 2008 году). 


Рецензии
Ч1ог1аЧ1ог1а
дика язйина ю, соьга хаттича ишшта Нена маттахь байташ язъяр мелло алсам хила дезара. Жималлехь язйинехь а, ч1ога чулацам болуш, шен амалийн низам нисбан луучунна схьаэца шортта хьекъал долуш язйина байт. иштта белхаш ненан маттахь мелхо алсам хила беза аьлла Хета суна. Вай къам маттана шери, дукхахьолахь ала дезачехь дош ала хаьаш къам ду, забарех кхета , дукхах верг дещачи шен метта кица дало хаьаш хуьла. Вуьштта, цуьнах болх бина т1аьхьаваьлча баккхийчара дуьцуш шортта хьекъале, пайденна, массарна доьвзаш доцуш дукха дийцарш ду. Оцу аг1ор болх бича вай къоманна чог1а беркате а, къаьсттина т1екхуьучу къона ч1урана пайденна, беркате болх хир бара цуьнах. Дала дикакчу 1алашонца болиначу белхий т1аьхе беркате йойла!

Салим Камиль   15.11.2014 22:39     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Салим,дика дош аларна!

Фаиза Халимова   16.11.2014 00:57   Заявить о нарушении