Дин а, Дахар а
Иштта 19-г1а шо 20-чу б1ешарца хийцалуш, дукха а хийцамаш хилира, къаьсттина Дуьненан 6-г1а дакъа хилла ,"къехойн"ницкъаца, дуккхачу а къаьмнийн ц1ийца, хьацарца д1ах1оттийна 70 сов шарахь гергга лаьттинчу вайн махкахь: Советан 1едал харцарца маьрша делира дахарехь дукха а дихкина цхьацца 1адаташ.
Уггаре а коьртачу хийцамех 20-чу б1ешеран чаккхенехь- 21 -чу б1ешаран юьххьехь - синоьздангалла кхиош болу г1ирсаш мелла а маьрша бевлла хилар.Дин а, дахар а йуха а цхьаьнаиэран новкъа даьллера.
Ткъа муха дара йаханчу (Нунуев Сайд-Хьамзата шен романехь билгал ма--дарра) «Йилбазан оьмарехь»? Советан 1едалехь кхиинчарна, баьхначарна дика дагадог1у хир ду и, х1ета дин сийзаздаран политика йара коьрта .
Муьлхха а дин сийсаздора урхаллин векалчаша. Дин бен а дацара Дела хьехош дерг: Ислам а, Христианство а , Иудаизм а, кхин д1а а. Маьждигаш сийзаздина ца 1ара, клубаш килсанех а йора иштта. Иза т1еч1аг1даран тоьшаллаш карадо дуккха а баккхийчу нехан дийцаршкахь а, йаздархойн говзаршкахь. Х1ета д1адоладелла динсийсаздаран «ун» , 20-г1а оьмар д1акарччалц схьа а деара.
Материалистически хьежамаш болчу 1едалан хьадалчаша доьхкуш дара дин а , Дела хьахор а , нагахь ахь айхьа дуьйцуш дерг сийсаз деш дацахь. Деша баха арабевллачу студенташка а цхьаьна хоттушдерг цхьаъ дара:"Делах теший хьо?" Дуьненан ни1мат бахьана долуш "цатешачийн" терахь а дара денна стамлуш. Нагахь санна ца хууш а багара "Дала мукъ лахь","Дела реза хуьлда" даьлча а хьаькам кхин телевидени-м х1етте а ца воуьйтура, балхара а , некъара а вохавора...
Бакъду, суна дагадог1уш цхьа х1ума ду: марха, ламаз, дин шайгахь долчаьргахь муьлххачу къомах хиларх, долуш дара. Дагчохь къуьйлуш а, къайллаха лелош а. Дехка мел дихки а, Дин довза лаар алсам а долуш.
Делан Дош сирла а, ц1ена а хиларан билгалонех дара, динан лексика ца эшаялар а. Керлачу шифран кодашца долу "Барак Аллах1" (« Дела реза хуьлда»), "Спаси Бог» а дара даим а хезаш Делан лаамца. Дин къар ца лора,иза ца лиера...
Иман хилар дика ду, иза Дела цхьаъ вар, а Цунах тешар а ду. Дин дерг оьшур а вац цкъа а, бакъ дин дерг. Мацца а толам боккхур бу.
Х1окху чолхечу дахарехь дин а ,дахар а цхьаъ хила уьйла лаьа.
Т1аккха бен хила йиш йац дахар сирла а, токхе а кхузахь а, цигахь.
Дин хилар-иза ду Абадех тешар а. Дахар-къахьегар ду абддалц Делан дуьхьа бечу новкъахь. Олхазаршна т1оманека санна, адамашна хьашт ду дахарехь къахьегар, рицкъа лахар а. Къинош к1еззиг леторехь къахьегар а цу йуккъе дохуш ду, гонаха мел долучу Дала кхоьллинчу садолучу х1уманашца къинхетаме хила везар а, 1алам 1алашдан дезар а, иштта кхин д1а а Дала т1едехкина декхарш ду адамашна. Ирсечу Дахаран бух бу Ц1ена Дин. Нохчийн къоман синоьздангалла ч1огг1а динах х1оьттина йу. Цундела динан баххаш а, синоьздангалла цхьаьна кхио йезаш йу йукъараллийн институшкахь, къаьсттина ишколашкахь, йуьхьанцарчу классашкахь берийн бошмашкахь. Хьехархошна а бала беза динах кхетам.
Дахаран хийцамаша шайн г1улч йуьту муьлххачу а хиламашкахь.Керлачу кепашка дерзо дезаш ду дуккха а х1уманаш.Дешаран хьаьрмашкахь а хийцамаш бан безар бу...Нохчийн г1иллакхехь а,бусулба динехь а нийса доцурш дукха ду д1айаханчу дешаран системехь. Дукха ду цхьана классехь зудаберашна а, к1енташна а дийца там боцурш 1илма 1аморехь а. Дийца ца дог1ург (масала биологи урокехь) эвххьаза зудабераш а, к1ентий а болучохь дийцаро эвхьазалла а , иман лахдо т1екхуьучу ч1урехь.
Делахь а уьш къесто х1инца а таронаш йац вайн, амма олуш ма-хиллара ма хетта ца нисделча, ма-торру д1анисдан дезара (тема ц1ахь шаьш 1амаелаш аьлла а)...
Х1ета а ма йара "Научный атеизм", "Уроки атеизма" бохуш дисциплинаш, уьш тхуна ца хьиеха хьекъал а, кхетам а тоьура саоьзда болчу хьехархойн,цара тхуна г1иллакх а,оьздангалла а хьоьхура.Хийла шайн кабинеташ д1а а къовлуш,цу чохь ламазаш а деш хиллера цара.
Атеизм цхьа а бух боцу "йилбазан 1илма" хиларх теша бусулба нах.Делахь а Дала маршо елла 1есачарна а шайн некъ харжа а, д1акхехьа а дуьненахь.
Амма йуха а сан х1ара сан статья йоьшу йолчаьрга къаьсттина динан векалшка , цаьргахула хьехархошка, дай-наношка а д1ахазо луург:динан оьздангалла кхиор таханнехь доло дезаш ду, т1аьхьа ца тоьттуш , дин а, дахар а цхьаьна некъа т1е дерзош къахьега дезаш ду.
Исламан з1аьнарш йаьржийла вайн маьршачу махкахь, Иманан дохк а даьржийла вайн дахарехь, кхин цкъа а арахьара талораш хир доцуш.
Вайн махкахь дебо деза Бакъ Ислам! Ткъа Ислам- иза маьрша , ц1ена Дахар ду. Дала Иманехь совдохийла вай.
2000-2003 шерашкахь йина ойланаш.
"Денойн т1е1аткъам" йозанашна юкъара.
Свидетельство о публикации №214110100083