Цкъа а д1а ма йойла вайн кхерчахь ц1е!

     Х1ора шарахь- февраль баттахь къаьсттина, даккхий чимашца ло дог1учу дийнахь - суна гуттар а дог 1ийжош коьрте хьийза цхьа ойла. Иза ду вайн къам 1944 шарахь шайн Даймахкара арадаккхарца доьзна. Юха а, т1аккха а цул ирча, доьхна де дог1ийла дуй-теша адамашка, олий, хетара со жима йолчу хенахь...
     Нохчашна и къемат де деана 71 шо кхочу кху шарахь 23-чу февралехь. Амма дукха хан-зама яларх, цкъа а дагар дера дац сайн ненанас а, денанас а, церан хенарчу наха а лайнарш, цара дийцинарш а. Ойла йо аса: ма ч1ог1а доьналла а, собар а долуш хилла уьш х1етахь шайна т1ех1оьттинарг лан. Сайна гича санна хета и сурт, лерехь ду наха хьоькху маьхьарий, берийн делхар, бежнийн 1ехар, ж1аьлийн летар, кхерчахь д1айовш йолу ц1е...  Ткъа и ирча сурт къайладаккха г1ерташ санна, даккхий чимашца дог1у ло, дег1ах чекхболуш хьоькху шийла мох.  Лерехь ду "т1ах-т1ах" бохуш д1аоьхучу ц1ерпоштан тата.  Б1аьргаш хьалха лаьтта цу чуьра дуьненан серлоне хтажа г1ертачу нехан б1аьргаш. Амма дуьненан серло царна гойла дац: бежнаш лелочу вагонаш чохь буьгуш бу уьш сийначу Сибреха. Цу бехачу новкъахь гина йолу шело, г1ело, хьогалла, мацалла, йицъеш дара д1акхаьчча хилла хьелаш. Б1аьрго схьа ма лоццу гуш лайн аренаш... Цкъа а ца гиначу кепара шело, кхоьссина туй лаьтта кхачале ша хуьлуш.
   Х1етте а царах хьега мегар дара Хьайбахехь багийна хиллачу 700 стеган. Некъаш хала хиларна, аьлла, шайггара сацам а бина, оьрсий эпсарша омар а делла, цхьана ферме чу а лаьхкина, дийна боллушехь багийнера уьш. Къизаллина  юккъехь къиза долчу оцу хиллачух бакъдерг дукха хан яллалц хиина а дацара, цул сов, дийца дихкина а дара. 1956-чу шарахь  нохчий Даймахка ц1а берза бакъо лучу хенахь  Н.С.Хрущевца х1етахь и дийцаре даьккхина я ца даьккхина хууш а дац. Амма кхузткъе итт шарахь сов лаьттинчу Советски Союзан пачхьалкхехь массо а республикийн, областийн - массо а меттигийн школашкахь дешархошна (нохчийн берашна а!) евзара Хатынь а, Лидице а, Куропаты а, Сонгми а ц1ерш йолу меттигаш. Бевзара пионераш, комсомольцаш, "турпалхой" й1е техкина болу Матросов А., Космодемьянская З. и д1.кх.а. Хеназа, къиза белла болу царах  къахеташ делха а доьлура. Советан 1едалан къизалла шайна т1ехь лелийна болчу дай-наноша тхан дегнашкахь ца кхиийна хиллера цабезам, гамо. Мелхо а, кхечу къаьмнашца бертахь, г1иллакхе хила 1амийна хиллера. Карахь даржан мукъ боцчу нахана хууш хилла: цхьа а къам вон дац, вуьшта х1ора къомана юккъера бовлу цхьацца адаман юьхь-сибат а долуш, амма дог-ойла иблисан долуш нах. Оцу наха яллайо адамашкахь къизалла.
Цундела до цара кест-кестта ц1ий т1ехь къизаллин "охана". Вайн къоман т1ехь юха  а ди 20-г1ий - 21-г1ий б1ешерийн хотталучу шерашкахь  рог1ера "охана"...
    Даккхий чимашца дог1уш ло ду тахана... Февраль бутт  бу д1абоьдуш... Т1екхочуш ду нохчашна къемат де  х1оьттина долу кху беттан 23-г1а де.
Маьршачу дахаран ирсе денош бен ма дог1ийла вайга кхин т1ейог1учу заманахь!
Цкъа а д1а ма йойла вайн кхерчахь й1е!


Рецензии
Сан нана шина бераца ара якхина Сибрех хьажийра. Ц1ийна да т1ам т1ехь эпсаран званехь вара. И ши бер кхин вала накъост воцуш ша лахьти чу диллира цо. Цул т1ехьа хаам хилира ц1ина да Полшехь велла аьлла. Дехой берш берриг обаргаш хилла байъиний, бисиний царах хилларг хууш дацара. Кхин яха меттиг ца хилла нана шен шича йолчахь д1а а тар елла киргизашна истангаш деш хене яла охьа хиира. Невца баьрччехь эхь хеташ дан х1ума доцуш 1аьчу хенахь, сан хин волу да орцух велира цунна, х1усам нана д1а кхелхина деъа бераца 1еш волу. 1952 шарахь и ши адам вовшах кхитийра и я единственный продукт этого согласия.
Бусалба динца ю, к1ур байначу ц1ентара ю, ваша воцу йиша ю, бохуш нана д1 кхелхинчу тезетахь тоьшалла дора бакхийчу наха белхаран къурдаш а беш.
Айза! Юха карла даькхи ахь суна и ц1къа диц ца до де.

Амин! "Цкъа а д1а ма йойла вайн кхерчахь ц1е!"

Гунки Хукиев   16.10.2015 09:01     Заявить о нарушении
Гунки, Дала гечдойла вайн наношна! Уггар дуьненах сакъералучу хенахь къиза дахар хилла церан.

Айза Барзанукаева   16.10.2015 20:52   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.