Сайд-Хьасан Кацаевн кхоллараллех тидамаш
аьлла хета, цуьнан говзарш-ирташ,къаьсттина забаре дийцарш (Мол-Несартех лаьцна цикл, кхин дукхха а).
(90-чу шерашкахь девзира суна цуьнан ира ,беламе дийцарш.Дахарех хуьлуш долу кега-мерса кхачамбацарш говзачу дашца беламе дохура авторо...
Дика хета тахана х1ара сайт йолуш,луучунна деша йиш ю Кацаевн дийцарш кхузахь, иштта цуьнан шен сайтехь а...
Т1еман тематика-м даим а хетта чолхечух,цхьа шатайпа ю Кацаевн дийцаршкахь т1амах йолу ойланаш, цундела деша дог а дог1у.
«Машар»-дийцар ас дийшира ара ма -деллинехь а, иза Маршонан дийцар а хийтира суна,хийлаза Маршонах Машар хуьлуш даьхначу вайн къоманна даим а машар лоттийла-кх аьлла ,х1оттийна мух1ар долуш санна т1еийцира…Машар,маршо-орам а бу цу дешнийн цхьаъ
Т1амах кхетам Сайд-Хьасананчул сов а,дика а хир болуш къоначех яздархо ца го суна долучу хьолехь.Т1амах яздан т1еман к1уьрлахь вахчавала веза ,ткъа яздархо теш ву дуккхачу а хиламийн."Машар"-дийцар -орцане мохь санна т1еийцира ас...
Кху дийцарехь яздархо говзачу матттаца гайтина Нохчийчохь 20 б1ешарахь хиллачу керлачу т1еман бахьанаш а, уьш бухдаха дезаран некъаш а.
Х1инца а ца кхетта вай маца кхета дохку те?Боккъал а даха ма дезара вай хаза,маьрша даха,кхоллараллех,дешар-1илманах,1аламах пайда а оьцуш.
Тоьур ма дара т1емаш бар а,маьрша даха ма дезар вай-иштта ойла кхоллайолуьйту Сайд-Хьасанан цу дийцаро...
Вайна ма-хаьара тахана кхоллараллийца бала болуш к1еззиг нах бу ,вай вешан ца лерича,амма тешна ю со,т1екхуьучу ч1урана вай хьоьгуш долу къа пайдехь хирг хилар...Цундела мало ян а мегар дац кхоллараллин новкъахь,деша деза вайн яздархойн дийцарш,таллам а беш.
«Ц1еран арц» -ч1ог1а яздина дийцар-эссе!
Са1ид Бадуевн кхолларалла юха таллаезаш хилар гучудолу кху дийцарехь…Замано даьсти къайленийн дог1а. Иза вуно дика схьа а гайтина кху дийцарехь-эссехь…
Х1ета Са1ид яздинарг динна дуьхьал долуш санна теллинера 1илманчаша.
Амма массо а заманахь хилла ю харцо,шалхо.Шен дийцаршкахь Бадуевс ширачу 1адаташна йина кхел динна дуьхьал герз долуш санна дуьйцура. Дино а ца боху адамаш х1аллакде,динца ца доху 1адаташ хилла Са1идна гинарш а.
Дукхаха йолу Ойланаш цхьаьна йог1у сан С. Кацаевн хьежамашца.
Йоккхае историх бакъдерг яздан, и даста а Заманна Кацаев Сайд-Хьасан велла.
Тидамехь латтор ю цуьнан кхолларалла...
2011 шо ( Дневник юкъара)
Свидетельство о публикации №215021902024