Со къен, миска
-Муха ду хьан 1ойла бохуш.
Сингаттам хир бу хьан коьротехь,
Со ирсе ехийла лууш.
Меттиг бац бахамах хьега,
Я духар г1аддайна дац.
Сирла ду дахаран некъаш,
Безамах къаьстина яц.
Шо шаре мел дели хьекъаш,
Дуьненан рицкъанаш ду.
Иманехь, сан дагах кхеташ,
Беркате доьзалаш бу.
Кхолламо аганахь техкош,
Сан дахар-м нах хьоьгуш ду.
Делахь а, хьан марзо йоцуш,
Нана, со къен, миска ю!
Свидетельство о публикации №215022001557
Баркалла, Айза, х1ораннан дагахь дерг аларна!
Лерамца, хьан ц1архо
Айза Барзанукаева 19.05.2015 18:03 Заявить о нарушении
Ненан марзонах 1аба йиш яц.
Дала аьтто бойла хьан.
Лерамца Айза
Айза Резванова 06.06.2015 14:55 Заявить о нарушении