Зударий, шу декъал дойла!

Б1аьстено жил-1алам санна,
Дахаре денъеш шун ойла.
Делера кхаъ-совг1ат кхаьчна,
Зударий, шу декъала дойла!

Бошмашкахь доьллу заза санна,
Ойланаш шун йохуш серла.
Доьзалаш беркате кхиъна,
Зударий, шу декъала дойла!

Мутт дуьйлу, мерза стом санна,
Безаман марзонах ийна.
Ирсаца бала эешийна,
Зударий, шу декъала дойла!

Даймехкан г1иллакхаш лоьруш,
Доьналлехь даха ницкъ лойла.
Дуьнено сий дан хьакъ долу,
Зударий, шу декъала дойла!


Ц1анончашна
(уборщицашна )

Ц1анончаш, зударий оьзда!
Шу лела адамалла тоьлла.
Аш лоьху и маьлхан серло,
Адамашна совг1атна кховдо.

Муьлхха а Делан са лорий,
Куьг хьокхий, аш парг1ат доккху.
Ц1анончаш, шу оьзда наной,
Шу долчахь дерриг а тало.

Ц1ано ю езнариг Далла,
Шу ду мохк дешиха кхалларш.
Мерзачу кхаьънашца денна,
Хьоьстийла шун дегнаш Дала.

Ма гойла дахарехь цкъа а,
Шун ойла кхуолаеш бала.
Беркате дахарах доьлла,
Дехийла ирсе шу, г1оза!!!


Рецензии