Велларг-м юхавог1ур вацара

«Котаман к1орнешна а ахьаран мижаг тесна, эсана а йол кхоьссина, ледара х1умма а дисина моьттуш яц со!» – аьлла, ков д1а а ч1аьг1на, д1айолаелира Буч1а. Иза када йоьдуш яра. Селхана а, стомара а цигахь 1ийнехь а, тахана а гуча ца яьлча нийса хир дац аьлла хийтира цунна. Велларг цуьнан марзахойх вара. Кхин юххера гергалло дацахь а шайна юкъахь, вовшийн чу-те а боьлхуш 1ийна бара уьш.
Чоьхьайоллушехь, кадам схьаоьцуш 1ачу зударшна маракхетта йилхира иза, «ва-а-а…ши буьйса д1а ма ели иза вайца воцуш… хьенех диканарг ма вара… ах1ий-ах1ий-ах1ий» – аьлла.
– Ма елхал Буч1а, ма елхал. Вай делхарх иза юха а вог1ур вац, – аьлла, зударша, шен белхарций юхаерзийра иза.
Цул т1аьхьа, веъна-ванза мила ву-те аьлла, гонд1а б1аьрг кхарстийна, оьшу аьлла хетачунна г1иллакх лоцуш мара а иккхина, охьахиира.
Белхар х1оттийна йоккха чоьна юххера чохь йолчу мебелан, дуьххьарчу дийнахь дуьйна а тидам бинера цуо.
– Зезаг, оцу чохь лаьттачу мебелах, мел ахча делла? – аьлла, веллачуьнан йо1е хаьттира Буч1ас. Йилхина ши б1аьрг а бистина хиина 1аш яра важа.
– Да велла лаьтташ йолу иза, кхул т1аьхьа х1ун бен ду цунах х1уъу делчий а, – олуш жоп луш, дог1анах 1енира иза. Ткъа Бушта, шен хаттар г1ара далале, сихо еш юьстахъелира.
– Дехьачуьра мебелах х1ун делла-те кхара?! Сан лулахочо а эцна и саннарг, цо сайна аьшпаш боьттаний хьажа г1ертара со. Ша деллачул а, эцначу х1уманах ахча алсам делла олуш 1едал ду цуьнан. – элира цо, шена юххехь нисъеллачу зудчуьнга.
– Хаац суна-м. – аьлла, пенах букъ товжош ши ког д1ахецна парг1атъелира важа. Цуьнан са парг1ат 1ерах хеталора, стеннах х1уъу делчий а, хьанна х1уъу хилчий а цунна бен а дац аьлла. Цуьнца къамел д1аг1ур доций хиина Буч1а, шена йист хила стаг лохуш д1айсахьоьжуш а йолуш, арахьа дуьйна йоьлхуш чоьхьаелира Мелижа. Вон деъначарна, елхар а сецош маракхетта, шега кховдийначу лоха г1анта охьахиира иза.
– Ма дош дац-кх шен ц1ахь доцург! Кемант1ера охьа ма йоссара схьайог1уш ю-кх со. – аьлла, кхозлаг1чу дийнахь бен ша ца яг1арна бехказло а хьовзош. Вонах дакъа кхаьчначеран дашца догъэцна, т1ебог1учарна меттиг парг1атяккха, юьстахуо хилла охьахиира иза.
Оцу м1аьргонехь цунна юххе шершира Буч1а.
 – Ц1а кхечин шу Мелижа, х1умма дуй чохь, бераш могуш дуй? – аьлла, могуш-парг1ат хатта х1оьттира иза.
Мелижа, Буч1ийн маьршичехь яра, хаза неха санна таро йолчу бух т1ера а яра. Цуьнан денц1ахь санна бахамаш болуш нах Буч1ийна к1езга бевза. Иза ялийча дуьйна хьал-бахам кхуьнан маьршичин а гулбеллера. Карарчу хенахь, Москва д1абахна, шайн долахь туьканаш а йолуш 1аш бара уьш, цундела кхозлахчу дийнахь бен тезета а ца кхаьчнера.
– Дика 1аш ду тхо. Бераш а дика д1алелаш ду. Шуьгахь х1ун ду? – аьлла, кочачу озаца йистхилира Мелижа.
– Далла бу хастам, дика дохку тхо а. Шун денц1ахула х1ун ду? Муха 1аш бу уьш? Вешийн бераш а даккхий хилла хир ду?! – элира Буч1ас.
– Далла бу хастамма, тоьар ду. Вешийн бераш а даккхий хилла. Цхьа мегашерг нисъелча к1антана зуда ялор йолуш бара уьш. Шен хенна ялийна д1анисвалар доккха х1ума дара. Зуда ца нисъялар а ма бу боккха сингаттам. – олуш, доккха садаьккхира цо.
– Бакх ду-кх хьуна иза. Х1инца лела хууш зидабераш дан а-м дац, – Буч1ас олушехь, «ах1ий-ах1ий-ах1ий» – нехь, боьлхуш зударий чоьхьабевлира. Буч1ин йиша а, шичой а бара цаьрца.
– Т1е г1ой со, х1орш сан денц1ера а, со лерина а баьхкинарш бу, – Мелиже а аьлла, чоьхьабойлла кадам схьаоьцучарна дуьхьал а хевшина боьлхучу зударшна т1е яхара Буч1а. «Ма йиш яцара тхан хьо воцуш, ма йиш яцара, ах1ий-ах1ий-ах1ий!» – аьлла, юьхь т1е йовлакх лаьцна елха х1оьттира Буч1а. Ишта йоьлхуш йолу цуьнан вешийн зуда Буч1ина мара кхийтира. «х1орш сан марзахой ма бацара, х1орш сан йижарий, вежарий ма бара, ткъа хьенех воцуш цатерг ма вара… ас х1инца х1ун дан деза?!» – бохуш, мохь хьоькхуш йоьлхуш йолу иза, массара а дехарш дина, хала тейира. Ша «ган» баьхкинарш д1абахча, юха а Мелижина юххера меттиг схьалецира цо.
– Деша йоьдучу йо1е, хьуо ц1аеъча кампоташ е аьлла схьаеъна-кх со. – элира цо.
– Мел хан ю цуьнан?
– Дера ду, вуьйрх1ийтта шо.
– Хуур дуй цунна кампоташ ян? – хаьттира цуьнга Мелижас.
– Цунна-м массо х1ума дера хаьа. Дечу г1улкхана ас дукха жима йолуш дуьйна юха изийна яц иза. – элира Буч1ас.
– Боккъалий! Жима ма ю иза-м! Деша яхийтина аш? – цец а йолуш хаьттира Мелижас.
– Жима ю я яц-м хаац, г1уркх санна ирх-м яхна иза. Школехь хаарш т1ех лакхара ду бохуш, и директор кет1ара а ца яьлла яхийти-кх оха иза деша а. Х1ара таг-м лууш дера вацара, г1ала иза ша д1айсалелийта. Селхана кхузахь яра иза. Доьшучохь цамогуьйту царна юкъара вийлича. Тахана а ц1ахь 1ийна кхуза еача х1ун дара-те ша бохуш яра иза ша я-м. Делахь а, кхано цара экзамен, зачет д1ацах1оттош хьийзор ю хьо аьлла, д1аяхийти-кх ас.
– Х1ун дийр ду вай, еана йист хилчахьана тоьар ду, нийса яхийтна. Са-м гатдо царна бакъдерг дийцича, делахь а дешар х1окху заманахь ца хилча ца йолуш х1ума ю-кх. – элира Мелижас.
– Хьастаг1а, тхан йишийн йо1ана нуц вог1уш цо кечйина хилла котам гайта ас хьуна, – аьлла, телефон хьалаяккха Буч1а кисана кхевддашехь:
– Буч1а, хьан чохь аддам а вац, кертара дохна а ледара хир ду, д1аг1ол х1инца. Хьо селхана а, томара а сарралца 1ийна, юьхь гича тоьар ду, чу г1ол, ма 1ел кхин! – элира, зударех цхьаммо. Шен ц1е яьккхича, ц1еххьана ша кадахь хилар коьрте деана Буч1а: «Со елчий а лаьттар ду-кх и массо х1ума ша долччохь, хьенех диканарг ма вара… ах1ий-ах1ий-ах1ий» - аьлла, йилхира. Г1еххьа узам бина, д1адерзийтира цо. Цул т1аьхьа хьалаяьккхира телефон, кхаьрзинчу котаман сурт схьа а диллина д1акховдийра Мелиже.
 – Хьажахь х1оккхуза! Ц1арула ц1ен, мел хаза гуш ю алахь! – аьлла.
– Гуш ю, хаза кечйина. – аьлла, сихха кхуьнга юха кховдийра вукхо.
– Хьажал хьо-м д1а а луьстуш, цигахь кхин а ю хьуна, цо йина аьхьина жижиг юккъе а дуьллуш рулеташ а, уьш йоцурш а, сан йоь1ан сарташ а ду хьуна цигахь. – элира Буч1ас.
–  Хаза ма ца хета суна-м Буч1а, бохам беаначара а бехк буьллур бу.
– Д1аялахь, хьан терго еш мила ву моьтту хьуна кхузахь! Хьажахь х1ара ю-кх сан йоІ, моьттур ду-кх иза цхьана хазачу ден, ненан ю, – аьлла, цуьнан карара телефон схьа а ца оьцуш, шен йоь1ан сурт схьадиллира Буч1ас.
– Товш йоІ ю. Т1аьхьа хьожур ю со Буч1а кхинд1а, цкъачунна д1айилла ахь. – аьлла, схьакховдийра телефон Мелижас. Вукхо схьаэцна, кисана йиллира.
– Зуда ялош, гена кхийда ца оьшу. Хьенан ю а, мила ю а хууш долу захало дан деза. ЙоІ а, йоь1ан нах а бевзаш долу гергалло атта хуьлу, т1аьхьенна лело а. Шайн вешийн к1антана захалонна гена ма кхийда шу. – элира Буч1ас.
– Генара делахь а, уллера делахь а, цо ша реза а волуш дина захало атта дара да-м, соьга хаьттича, – элира Мелижас.
– Цуьнца бертаза захало де ма ца боху аса а. Аша хьахийнарг езаяла а мегаш ма ду цунна. Шайна бакъахьа хетачу нехан йоІ хьахош х1ума де аш. Аш хьахийнарг цо реза а хилла ялийча, кхин а дика хир ду. – элира Буч1ас. Хабар кхин д1а д1адахьа шен лаам ца хилар гойтуш корта а ластийна, кхин дош а ца олуш 1ийра Мелижа. Ткъа Буч1а, х1ара кадам чекхбалале, шен йоь1ан дика амалш х1ун дина г1ара йохур яра-те аьлла г1айг1ане юьйжира.
Кхин а дийхира Буч1ига д1аг1ахьара аьлла, амма цуо хьалхачул а шовкъе кеп ялийра: «Со еллехь ца магара хьан метта, со х1унда ца ели, хьо а ца леш!!!» - бохуш, иза тийжамашца мохь хьекхаяьлча, зударша «Шена хуур ду, ша д1аяхаеза хан!» -  аьлла 1адйитира. Ткъа Буч1ина хаара, зуда ялон дезаш вешин к1ант волу Мелижа кхузахь мел ю, шен д1аяха йиш йоций. Х1инца цхьаммо а д1аг1о бохуш юкъара а ца йохуш маьршша шен йоь1ан г1уллакх дуьйцуш яра иза.
– Тхан йишас олу: «Ирс ду-кх хьан йоІ чу хьийзан йолчу х1усамехь бехачеран. Ишта нус сайна нислур юй хиъча, цхьана а х1умана сагатдийр дацара ас,» - олий. Цкъаллига цкъа сан дашана дуьхьала дош деана йоІ яц иза. Дукха жима йолуш дуьйна, юххе х1оьттина аса дийрриг дина цо. Мало х1ун ю ца хаьа цунна. Сай-бодий къаьстина ца хуьлу-кх иза хьалаг1оттуш… – бохуш Мелижин лерехь Буч1а луьйш, садайра.
– Де суьйренга лестинчул т1аьхьа, вай т1аьхьа дилхича, веллачунна ницкъ хуьлу олу, белхар д1адерзадел – аьлла, йист хилира зударех йоккханарг.
Сарралц 1ийна, цу х1усамца уьйраш-марзонаш алсам лаьтта зударий, вон деаначарна х1оранна мара а кхеташ, веллачунна Деле геч дар, цунах дакъа мел кхаьчначунна собур доьхуш д1абаха буьйлабери.
– Хьан телефонан лоьмар хьалхалерранарг юй? – аьлла, хаьттира Буч1ас, д1адаха шаьш арадовлуш. Ю олуш корта та1ийра Мелижас.
«Х1ара лохий г1анташ хьаьнгара деана а хьаьвсина, тховссехь д1адахьа г1айг1а ян еза.» – олуш хьаьвзира бухабуьсу зударий. Хьанна хаьа, тховса-кхана цхьанна хьашт хила а ма тарло уьш, 1ожалла рагІ ларъеш ма ю.

2013ш.


Рецензии