К1айчу динара к1ант

Сан нанас ца йиначу йишийна Асетана

Цхьана аьхка дара х1ара.
Соьца балхахь берш цхьаццанхьа сада1а бахара. Царна юкъахь лома яха дагадеънарг со бен яцара. Баккхийчара дуьйцущ хезнера, ломахь исбаьхьа 1алам хуьлу, хьаша–да ларамца т1еоьцу адамаш ду, бохуш. Сайн дай схьабевллачу метте яхар сайн декхар хетара. Ша 1аш йолчу ден шичас Нахапус, оха цунах деца олу, со самукъадаьлла, т1еийцира. Цуьнца 1аш вацахь а, цхьаъ бен воцчу к1анта терго йоцуш ца юьтура иза. Узуш ши етт, царна т1аьхьа ши эса, масех котам яра цуьнан кхобуш. Ц1енош кегий делахь а, бахамаш бацахь а, долуш долу х1ума цхьа хаза куьгтоьхна хилар гуш дара. Д1акхаьчначу хенахь башха дог дузуш яцара со, х1унда аьлча,  ламанхойн яртех дийцарша сан даг чохь кхоьллина туьйра  юьхьанца схьагинчу суьртах декхалур ду аьлла ца хеталора. Ванах, х1ара нах кхузахь муха мега техьа? – аьлла, ойла кхоллаелира сан урам новкъахь а,  юьртан майданашкахь а схьагуш аддам дацара.   Тийналло хьаьшнера кхузара г1овг1а.
Некъахь к1адъяларна, садайначул т1аьхьа, х1ума ма-кхаьллина, суна наб кхийтира. Самаяьлча, суо йижина хилла мотт д1а а тобина, араяьлча, суна цкъа а ца гина 1уьйре яра схьагуш. 1уьйренаш-м дукха гинера, амма ца гинера и 1уьйре саннарш-м. Сийначу аренех литталуш схьадог1учу 1уьйренан ц1еначу х1авао, дег1ах хьерчаш, 1аламан аьхналла лора, ойла а цхьаьна ц1анъеш, цхьа шатайпа синхаамаш кхийдабора. Ванах, х1ара селхана оццул сингаттаме хетта юрт мукъна а юй-те, аьлла хийтира суна. И дерриге юкъахадаьккхира эхьо – сахиллалц д1а а ца юьжуш г1уллакхаш дича санна къагийна уьйт1е, чоьнаш гича. Зудчун дикалла а, ц1еналла а юьйцучохь хьаьнцца а къийса мегар долуш яра деца. 1алелай, соьх хир юй-те иштта дика зуда! – бохучу ойлано децех йоккхаер эшадой, яхье йохура со.
- Хьо хьалаг1аьттина?! Со-м хьо самаялале, бохуш яьллинера, керла т1уо боккхуш,- аьлла, деца лулахошка шура чекхъяккха яхначуьра ц1а йог1уш, сайна доккха эхь т1едеъча санна, б1аьргаш лечкъош, шурин ведар схьаэца  децина дуьхьал яхара со.
- Со сама х1унда ца йоккхура ахьа? Аса г1о дийр ма дара хьуна.
 - Г1о дан со-м х1уммаъ деш яцара. Ялол, т1о-берам бай, чай мала вайшимма, -  аьлла и д1айолаелча, со цхьана ханна цунна т1аьхьа хьоьжуш сацаелира хьаг1 йоцчу ойланца: йоккха елахь а, цуьнан т1ахъаьлла хиларх, малуо йоцуш леларх мел жима зуда а  хьаьгар яра аьлла.
Тхойша цхьацца дуьйцуш, чай молуш  1аш «йоI, оцу вайна ши ц1а дитча 1аш болчу Хуожаг1еран к1ентан зуда тховса йоссийначуьра ц1аялош ю, ловзарга хьо ялаяр дехна соьга», - аьлча, сайна дуьххьара дага х1ун деара-м ца хаьа, амма и тамашийна дара: «синкъераме юьгур ю»  и цхьана аг1ор хазделира, х1инцца кхуьу йо1 санна, хаза а хир яра со аьлла, ткъа вукху аг1ор – синкъерамо нохчийн дахарехь латтийна йолчу кхерчан йовхонах генарчу г1алахь суо хаьдча санна хеттачу суна и ч1ог1а тайра.
Синкъераме яхар сайца цадог1уш хийтира, х1унда аьлча со ишттачу меттигашка яхана яцара х1окху сайн 25 шарахь. Цкъа доьшуш, цул т1аьхьа балхахь, хенаш д1аихнера. Х1инца со сада1а еана яра.
Суьйренан мелачу х1авао ламанан басешка дайн куьг хьоькхуш, оцу исбаьхьачу суьртах б1аьрг буза со кхиале еана чоьхьаелира Хуожин х1усамнана Мелижа. Иза юьртарчу кегийчу нехан дехарца еана хиллера. Дукха хан ялале нохчийн ловзарга кхечира со. Дуьхь-дуьхьала бирзинчу шина мог1арехь 1аш мехкарий, кегий нах а бара. Со мехкарийн мог1аре охьахаийра. Хелхаволург – хелхаволуш, сакъоьручо – сакъоьруш, х1ара ду ала х1ума доцуш, д1адоьдуш дара ловзарг, аса сайна т1ехь цхьаьннан б1аьрг лоцуш. Къайлаха со д1ахьаьжча, «хаза к1ант ву и-м! И куй х1унда тиллина?!» - дагадеара суна. Цхьаннен а коьртахь боцу, холхаза куй бара цуьнан тиллина. И ловзарг д1адоххалц цуо суна т1ера б1аьрг д1а ца баьккхира аьлча , со харц хир яц. Цуьнан б1аьрг суна т1ех1оьттинехь а, цхьа х1ума  дара со ца кхеташ: цуо я т1е хабар ца даийтира сакъера аьлла, я хелха ца яьккхира. Цуо ерриге ойла деккъа хьежарца кхоьллира.
- Хьоьга «Динахь волчу к1анта» хийисте кхойкху ала, боху - луларчу йо1а шолг1ачу дийнахь еана аьлча, суна цуо забар еш санна хийтира.
- Хьан боху-у?
- Хьо хьежначу, к1айн дин болчу к1анта – аьлча, хьо кхетар ю бохура цуо, и хьоьжуш ву хьоьга.
Яхкенан де далахь а, ломахь суьйренаш мелла а шийла хиларна чу яхана сайна т1е х1ума а кхоьллина, луларачу йо1аца хийисте яхара со.
- Суьйре дика йойла хьан, Пет1амат! Сан сийдина араяларна  Дала сийдойла хьан! – аьллачу дешнаша а, уьш хазале гиначу суьрто а сан кхетам г1еххьа д1абаьхьира. Хийистехь к1айчу динан архаш лаьцна лаьтташ к1ант вара. Т1екхоьллина, суна телевизорчохь нохчийн хелхарчашна т1ехь бен ца гина верта, коьртахь сийсара суна гина холхазан куй схьахезаш, боккхачу безамах йолчу киншкехь бен ца  хааделла, къамелаш.
- Диканца дукха вехийла! – меттаеъча, сихха элира аса.
1алам таппъаьлла д1атийна ладоьг1уш дара: ца хууш байн мох хьакхахь, ловзадевллачу диттийн г1аша, охашимма дуьйцург шена ца хазийтарна кхоьруш санна. Гонд1ара 1алам хийцаделча санна хийтира суна, б1ешерашкахь бакъболчу безамашна теш х1иттина долу шовда  а, цецдаьлча санна дара, цу м1аьргонехь.
- Хезий  хьуна?
– Х1ун хезий? – хезаш х1умма доццушехь, цуо хаьттича, юхахаьттира аса.
- Шовдано бохург?! – иза х1инца шовдане луьйш санна, хи чу доьг1на хьажар а долуш лаьтташ вара
- Ца хеза! Х1ун боху цуо?
- Цуо дера боху, ша кхоьру: ша теш а долуш кхоллалуш хиллачу бакъболчу безамах дийца шира хабарш бен х1умма дуьсуш дац, шен дахаран маь1на гатлуш ду. Адамийн дегнашкахь безаман йовхо лехна, ша г1елделла, боху цуо. Мехкарий, шайн к1удалш йицъелла, зезагаш лехьош бу, ткъа къуонахий говраш д1атийсина, хьаннашкахь тилабелла бисна, боху цуо. Шена орцах вала цхьа вац-те? хоьтту цуо.
Нохчийн къам шен 1адатех, г1иллакхех мел херделла бохуш ойланаш аса ца йина аьлча, нийса хир дац. Амма к1орггера оцу х1уманан ойла айса цкъа а йина цахилар со х1инца кхийтира. Со кхиъчахьана гучудаьлла керла г1иллакх суна ца девза, амма цхьаммо а тергал ца деш вайнахана юкъара д1адевлла г1иллакхаш, д1адевлли а ца хууш д1адевлларш мел ду?!
Цхьана хаттарца санна, охьадог1учу хине а хьоьжуш:
-Со вевзарий хьуна? Суна хьо-м евзара, ган ма гиннехь.
-Вай девзаш дара кхин?
-И бохург х1ун ду? Ма алалахь, хьуо к1айчу динахь верта долчу к1анте ца хьежна?!
- Дера эр дац-кх! Цхьа а йо1 хир юй к1айчу динахь вог1ур волчу к1анте хьежаза?! Т1аккха, хьо сан сатийсамера веана ву-кх?
- Ву дера. Къинт1ераялалахь, хьеваларна. Некъаш хала дара.
-Хьо-м хьен ца веллера. Со оьшшучулла хьоьжур йолуш яра.
Суна суо цхьана туьйране кхаьчча санна хийтира. Суна цу к1ентан ц1е а ца хаара, амма цуьнга ладег1а цкъа а к1ордор доцуш санна хетара. И ван а вара цхьана туьйранера веана, суна дахарера вуон мел долу х1ума дицдина, к1айчу динара к1ант. Аса сайца ялийна йо1 а яра тхо дистхиллалц юьстах ялла соь хьоьжуш лаьтташ.
-Вай сан ц1е а ца хоттуш, д1айоьду хьо?! – г1еххьа лаьттина, тхо д1асакъаьсташ цуо т1аьхьа мохь а тоьхна аьлча, ас жоп делира:
«Суна хаьа хьан ц1е «К1айчу динара к1ант» ю – хьан ц1е, аьлла. Аьлла яьлчи бен суо а таьхьа а ца кхуьуш
-Вахь-хьа-хьа-хьа. Нах цецбахайоллу хьо, и ц1е а яьккхина. Ибраьх1им ю хьуна  сан ц1е, элира цо, т1аьхьа мохь тухуш, со тоъал гена яьлча.
Шолг1ачу дийнахь, 1уьйрана дуьйна, сан дагахь и к1ан Бен кхин х1ума дацара. Сарахь лулахойн йо1 керта яьлча, цуо х1умма ца аьлча а, со кхетар яра даге ладоьг1чахьана. Кет1а йолуш суна дагаеъа-кх децин сеничохь лаьтта к1удал. «Хийисте муха йоьду, к1удал а йоцуш?». Яха ма еззара, белш т1е к1удал йиллина хийисте яхара со.
-Суьйре дика йойла хьан! – элира, селхана санна динахь а, шен духар дуьйхина а волчу к1анта.
-Диканца дукха вехийла! – олуш аса сайн к1удал охьах1оттийра.
Ткъа сан к1ант, цхьа цкъоцкъам ирахдоьдуш, цергашна т1ера балда дадош, и х1ун бохург ду, хоьттуш санна, д1ах1оьттира.
-Со х1окху шовданна, мехкаршна к1удалш йиц ца елли а хоуьйтуш схьаеъна – аьлла, айса динчунна резахилла д1ах1оьттира со
-Хьо схьаяле, и бохуш кхуьнца къийсалуш воллура-кха со а –  аьлла аса бохург т1етадира беречо. Дехьо лаьтташ дин а бара, юкъа кара д1акховдий, бецах це а тухуш.
И тайпа туьйране суьйренаш х1ора дийнахь а еара, т1аьххьараниг йоцург. Цу суьйрана х1ума кхоллуш 1аш децас элира:
-Хьуна хийисте оьху Нахапун йоь1ан к1ант г1ала хьала вахна ма бах. Муха к1ант ву-м ца хаьа, уьш шаьш-м мегар болуш нах бу!
-Вай, и кхузара вац? – сайна хезчух цатешаш  хаьттира аса
-Дера вац. Хьошалг1а веана вара. Нахапу сайн евза дукха хан йолу дела со-м оцу г1улкхана реза йолуш 1аш яра. Тахана г1ала хьалавахна бах. Дера йо1 хьайн кхолламан ойла ян ма езара ахьа. Хазалла, жималла даима ца лаьтта – бохуш, деца шениг дийца йолаелира. Ткъа сан коьртехь кхин ойла яра:
«Ткъа к1айн дин, верта, куй? И мила хилла-те? Я иза хила а хиллий-те? Суна г1ан-м ца гина-те? Хаттарша базбинчу коьртаца, кхана ц1а яха дезар дагахь а долуш, д1айижира со.
 Ломара ц1а еъна бутт хан яьллера. Дахар шен хьалхалеррачу хорша дирзинера. Цхьана 1уьйрана балхахь рог1ерачу кхеташонехь чоьхьаделира цхьа адам, тхан керла хьаькам ву аьлла вовзийтира иза. Динахь вацара, верта я куй а бацара. Карахь папка, т1еюьйхина 1аьржа кастом, йихкина галстук, массарна т1ехула шен хьажар а дадош, де дика дина, суна т1ехь б1аьрг соцуш, корта ластош, вела аьшна а деш, вахана охьахиира иза. Суна кхеташо чекхъер яц моьттура. Сайн дахар цхьана юкъана туьйранах тардинчу к1анта, х1ун олу хаа лаара суна. Сан дахарна туьйра деллачу к1анта.
Г1алахь паркехула тхойша дош ца олуш схьадог1у пхи минот хан хир ю. Х1инца иза кху г1алахь д1асалелачу кегийчу нахах цхьаъ вара. Галстук йихкинчу к1анта со шега хьежний а ца хаьттира, цуьнан метта цхьацца балхах лаьцна къамелаш дира. Карахь папка  йолчу цо  я безам буьйцуш дешнаш ца элира. Цо дийцира, ша х1окху дахарх кулаяьлла, шен ненан нана йолчу лома сада1а вахарх. Ткъа цигахь хилларг ца дийцийта аса кхин къамел долийра. Со кхераелира, деза жовх1ар санна Кама айса кхобу туьйра цуо дайъарна, лачкъорна.
Балха т1ехь Ибраьх1им суна кест-кеста гора. Даима сайн ойланехь ваха висина «к1айчу динара к1ант» суна кхин цкъа а ца гира.


Рецензии