Деза дукъ

Воцчу стагах, нехан б1аьргаш чохь, къамелаца къонах вар а деза дукъ хилла зудчунна.
Кадара бог1учу зударех цхьамма, хьан ц1ийнда х1ун лелош ву аьлла хьоьга хаьттича:
– Юучух тоха туьха а кхуьнга доьхуьйтуш, 1уьллуш ву-кх! Кху стага мел дов до цунна! – аьлла, хьалха а иккхина, жоп делира хьан марненан вешийн зудчо Жайнас. Т1аьх1анале кийра парг1атбаккха шега далхийнарг т1ехтоха бен карош ца хилла, садайначул т1аьхьа, бисмалла даьккхина, не1 къевлича арахь вуьсург.
Хьастаг1а 1уьйрана дар-кха, сийсара вон г1ан гина шена аьлла, саг1ина туьха дохьуш иза не1аре еача.
– Туьха кхачийна яра хьуна со, Дала саг1а дойла. Дала дикачу аг1ор туьдийла хьан г1ан, – аьлла, схьаийцира ахь. Хьайн чуьра стаг ю-кх моьттуш, далхийра дагна 1аьткъинарг. Хьуна ма ца хаара, шех тешийнарг т1ехтоха д1адуьллуш адамаш хуьлий.
 – Х1умма дац, 1иллийта, кхана дог1ундолчу дийнахь д1атакха хьарам рицкъа чутекхор дац! Со-м, кад эцна, цхьаьннан а не1аре ца яхнера. – элира ахь, туьха доцуш йисинехь а, доьхуш ца лелар хоуьйташ.
Ненахойн баьрчехь хьешан г1иллакхашца кхиъна стаг атта хетар дара и да-м.
«Делкъахан хиллалц, самаяла ца кхеташ, хьо йижина 1уьллу ц1енош доьттиначу хьан маьрйишин к1антана, туьханан пачка а цайог1а-те?» – хатта йиш яцар-кха. Несан х1ума нийса ма ца хуьлу.
Дера дар-кха, цу кертара г1уллакх ахь кхаа декъе декъча, ши дакъа сов, х1уъу дан куьг говзачу хьан ц1ийндаc листина дара. Цу керта яхна хьо а хьайн майрачунна юххе елира. Шуьшиъ-м тахана а хир дара, баркалла доцуш, цу кертахь къахьоьгуш, к1антана зудаяло чоь маьршаяккха ца аьллехь. Т1аккха еана ма яра ахь, хьайн йиша-вешера лахьийна, жим-жима д1алур ю аьлла, х1ара ши ц1а т1ехь долу латта эцна шай-кай а.
Стунцахошна «несалахь» ша вехар вац бохуш, дуьхьала а ма вара чохьверг. Ненахой-м дийца ца оьшура, дехойх а шена накъостий хирбоцийла кхетча, кхин дан х1ума ца дисира.
Ахь ц1ера ахчанах х1ума йохьур ю аьлча:
– Цкъа собарде. Дика аьтто хилла охьахиина боху сан ден ваша. Зудаялош дехой оьшура аьлча, цо бен терго ца йира сан. Цо, сайн варх1е а да 1ийначохь х1усам нисъеш накъосталла дийр ду, аьлла хета суна. Базара эккхий, цига кховдо х1ума ялахь, дахана дог1ур вай, – элира цо,
Кхоччуш кхин жоп хазанза цигара юхадеара шуьшиъ. Ткъа ден вашас: «Аьттонца цхьаьна шортта гергара нах карийна суна» – аьлла, т1аьххье хабар даийтира. Ца хууш дош-дашера далар нислахь, юьхь-дуьхьала 1отта бен воцчу хийрачу стаге-м даийтира. «Сан дехой» – боху дешнаш кхин ца дийкира шун х1усамехь.
Я ненах а ца хилира, хьехар дан а, доглозуш а накъост. Кхуьнан да д1аваьллачул т1аьхьа кхозлаха яханчохь сецира иза. Нанас вина ваша а ма вара, цкъа-шозза а ахча хьашт хилла веача, дац аьлча, г1ам-г1им деш, д1авахарх кхин хаа ца велира. Эххар а т1аьхьа, шайн юьртахочунна къола а дина, 1едало лаьцна ву олуш хезира шуна.
Хьан марнана шозза еара шен к1ентан керта: дуьххьара, ц1ийндеца ийг1ина ша, т1елаца аьлла, амма к1ира а далале, майра ву бохучо т1аьхьа а веана, д1айигира; шозлаг1а, к1ентан тезета а. «К1ентан тезетара, несо ши куьг деса ц1ехьа ерзийти со» – бохуш, хьо юьйцуш а леллера иза.   
Ц1ийнадас хьайга дуьххьара шога дош маца элира дага ца дог1у хьуна, я цуьнан ден ваша волчуьра шуьшиъ ц1а деача дарий-те а моьтту.
Цигара чуькхаьчча дар-кха, де а доцчу х1уманна т1ехула дуьххьара вас яр. Юьхьанца, ша йиначу чевна дохковолий, юх-юха къинт1ера йохура хьо.
– Ма хала хилла-кх, нах боцчу нахах схьаваьлла лела – элира цо, цхьана дийнахь куьйга корта а лаьцна 1аш.
Т1аьххьара а, шена цхьа а махбоцу къинт1ерайоху дешнаш хаза а к1ордийра цунна. Бисмалла даккхаза вижинчунна дуьхьалатосу г1ан-набарш йолуш санна хетара хьуна, дуьненахь садаьржаш, боданца цхьаьна д1аян езий а хууш, амма цкъа а сатосур дуй-те аьлла а хеташ. Мацца хилла а 1уьйре хила езий кхетара, т1аккха бакъдолу дахар д1аг1ур ду аьлла тешна а яра. И тешам бара хьуна кхид1а яха ницкъ лушберг а.
Ца могуш хилла, йоьжна 1уьллуш т1е кхаьчча, вашас г1оле яллалц аьлла  ц1айигча, хьуна т1е зуда а ма ялийра!
- Со йиина ву я яанза ву бала боцуш, ж1аьла санна тесна витина, яхначу хьуна бан кхин вон болх белара – аьлла, хабар  а доуьйтуш.
Йитина ю, я кехъяла боху дешнаш ца олура хьоьга, х1ара керт оьцуш деана ахча, ницкъ ца кхаьчна, ах гергга юхадалаза ма диснера. Цу т1ехала дош дашера а ма долура шун. Ца долура ахь, и т1ех а тоьхна-м.
– Со хьайн кертахь 1аш хета хьуна?! Ас д1алур ю-кх и кепекаш. Цул т1аьхьа ахь кху кертахь минот яккхарна а ца кхоьру – олура цо, ц1еххьана хьалаоьккхий, дош алар доцуш, хьайн г1уллакхаш луьстуш йоллучу хьоьга.
Цо и къамел долийча, хьо къайла йолура.
Ц1ийнден дешнашчул ч1ог1а цхьана а х1умано 1овжош ца хиллера. Цунна хьажийна д1аьндарг хьайн дег1о лаьцча а ца лазийра хьо кхин.
Урамехь мел волу боьрша стаг д1алахьош бог1учу б1аьхошна дуьхьала елира хьо цу 1уьйрана:
– С начало убейте меня! – олуш, хьуо зуда хилча къинхетам бийр бу-кх аьлла.
Амма уьйт1ахь лаьттачу ахьа дуьйцург хезаш, чу ма-ваьлла чохь, са даьхьча санна 1аш волу хьан ц1ийнда, укал чу герз лаьцна, т1ехьадахийтина куьйгаш долуш валош вара. Цкъа а д1а ца хеца санна цунах хьаьрчира хьо. Д1а ца ялахь,  герз тухур ду элира, юха, пхьаьрс а лаьцна, д1атакхийра, ахь мохь хьоькхура, герз т1е хьажош а дайра хьайн майрачунна. Хьуо цунна хьалха муха иккхира, хьуо а ца кхийтира. Зудчунна герз кхетча, воьхна, д1асахьаьвзина, д1авахара и масех б1аьхо. 
– Хьайга цадог1ург дукха а-м леладо – аьлла, шена хьажийнчу д1аьвшо лаьцна 1уьллучу хьоьга раз схьахьаьжна чувахара и, хьуна т1е хьаьвдда лулара зударий а кхардош.
Хьан цхьаъ бен  йоцу йиша хийла йоьлхура, х1ара х1усам йитина ц1аяр хьоьга доьхуш. Ткъа хьо садетта 1емина яьллера, кхечу кепара хилар дицделла.
– Дела воцург юххехь накъост воцуш волу х1ара буо бахьана долуш, Дала ялсамане йохуьйтур яц-те со – олий, жоп лора хьайна тийжачу йишийна.
Иштта айхьа хьайн дог а оьцура, к1оршаме и хьайца мел хуьла а, «Делан дуьхьа сатуху-кх» – бохуш.
Ле цамгар кхетта к1елвисча а ца кхитира иза. Шена  яах1ума хьалха х1оттош а, хьуна не1алт кхайкхош д1ах1оьттира.
– Со новкъара д1аваккха, д1овш тоьхна, еана ахь х1ара! Цкъа хьо кегъян, кху меттара г1аьттина велара – бохуш, хийла пхьег1аш  т1аьхьалестий хьуна.
П1ераскан буса саг1ийна х1ума йохьуш еанчу лулара зудчо инзара яларца:
– Ахь х1унда лов х1ара бала? – аьлла, хаьттича, ахь деллачу жоьпан а ялийла нана.
– Лулахо, и стаг-м могуш-маьрша лелаш,  хьо хьаьстича, ц1ийнда хуьлуш, лазаро метта вожийна дера дош аьлча, хийра  стаг хуьлуш ваций! Лазаро б1арзвина стаг дера ма хуьлу. – аьлла, айхьа жоп даларх хьо дицделла яцара, могуш-маьрша лелаш а и хьайца муха вара.

Дера, жеро аьлла ц1е т1е южу некъ а мосуьйттаза юьхьара ма лецира ахь. Аганахь набкхеттачу к1антана т1е х1ума тесна йоьдуш, некъ ах а бахале юха йирзира, «Нана яларг, мозаша вижа вуьтур вац-кх хьо, агана т1е бой ца тасахь», аьлла. Кхин а мосуьйттаза йирзира юха: цкъа хийра йисна не1, шозлаг1а делкъал т1аьхьа малх чукхетачу аг1ор диллина ага дагадеана, т1аьххьара а д1а ца яха сацам хилла, д1а а кхачаза юхаеара. Хьайн бахьана долу дела хир дара и да-м. Х1уъу лан а бахьан ду-кх нанна шен сих ваьлла доьзалхо.
Хьан некъ маьршабаккха санна, Дала цхьаъ бен воцу доьзалхо бакъдуьнена д1авигча а лийхира ахь-м, юхаян бахьнаш.
Ворх1ангара ваьллачу к1антаца хьайн дахар а д1адоьллина 1аш йолчу ахь хьайна дош делира, кху керта кхин ког ца баккха. Амма хьайн денц1ийнан ураме а кхачале дуьхьалах1иттира х1ума таса дицделла ши к1ира долу котам к1орнеш а, божли чохь 1оьхуш дисина ч1амара эса а. Х1инца а юха йирзира… Х1инца а сецира…
Да воцчу д1енц1а юхаерза а атта ма ца хилла, дуккха шерашкахь кхоьллина дахар цхьана дийнахь доха а дина. Янза масех к1ира а даьлла хьажа-х1отта яхча:
– Хьо буьйса йоккхуш-м соцур яц? – цхьацца к1адбоцурш луьстучуьра схьа а ца йоьрзуш, хоттучу несана т1е яха-м муххале а.
– Шуьгара хьал хии, суо кхииначу х1усаме б1аьрг а туьйхи. Кхи д1а сецна а дац  дан х1ума.
– Йиша йолчохь тховса цхьана кхетар ду аьлла дара тхо.
«Хьайна луъучу яха маьрша ю-кх хьо», – хьайн дагахь а аьлла, ц1ехьайирзира хьо. Хьан ваша къонах а воцуш-м дац х1ара, нанна арз дина, вешийн бераш хьайца гамдан ца лаьа-кх, кху тахана ду я кхана ду а ца хуучу Дуьненахь. Дахаран г1иллакхаша, хьан дас, нанас доьзална бохуш дина ц1а а херадоккхуш хилла. Цхьана ненан кийрахь 1аьхкина, цхьана кедара рицкъа дууш, цхьана хьирчина доьзал, вовшийн хьеший хуьлий д1ах1уьттуш хилла, шена т1е кхаччалц ишта хила дезаш хеташ.

Да-нана дийна хиллехь хьайн дахар кхечу кепара нисделла хир дара аьлла а ма хета хьуна. Билггала ца хаьа, амма дуккха а х1умана т1ехь накъосталла-м дина хир дара. Кхин х1умма ца хилча, дахаро г1елдина дог хьаста, къахеташ адам хилла а. Х1усамнана муха хила еза хьуна масалла гайтина хьан мискачу нанас-м, доьлхучу дагца хьоьга ладег1а дезачу дийне яьллехь, ловр а-м дацара. Наб т1ег1оьртина д1ата1арх, кхин сама ца йолуш, д1айоьллира аш иза, итт шарахь сов цо меттахь лелийна ц1ийнда дехьачохь шега кхайкха а вуьсуш. Дера лелира-кх, и ша бер санна, лерина-м, Дала схьа мел доуьйтучу дийнахьа т1ера х1ума хуьйцуш. Цо ц1е тоьхнарг минот а ялале, ши пхьош хьаладой, кечйой, хьалха а х1оттош.
– Ма доккха х1ума ду-кх х1ара да-м, х1ай. Ма доккха х1ума ду ишта ваха дезар – шена т1ера х1ума хуьйцуш йоллучу хьан нене, бер санна воьлхуш цо до къамел хезира хьуна, хийра йисинчу не1арехула.
– Са к1езга нах Далла  а ца беза хьуна, сатохалахь стаг. Сатоьхнарг бен кхочур вац хьуна Цуьнан дикане.
– Дала диначунна-м резавара со, вуьшта, хьох эхь хета-кх, – элира цо.
–  Шу вовшашца ма хиллара хир ву Ша шуьца аьллачо, хьо бахьана долуш Шен къинхетам сайх бийриг хиларх тешна ю со, суна и доккха х1ума а ду – аьллачул т1аьхьа, цуьнан дог 1ехо забарш ян йолаелира иза, массо х1ума дицделла юх-юха иза воьлур вуй хууш. Хьан нанна санна ц1ийндега, оьшучохь дог-ойла ойъуш, оьшучохь дог хелхадоккхуш йистхила хууш зуда карора-м яцара. Оццул муьт1ахь йолу шен х1усамнана д1аяьлча, кхаа баттахь а ца вехира шун да.
Т1аьхьий-хьалхий да-нана д1адахна, дахарх д1ахаддал ойла юткъаелла хьо лелаш, ма нисделира х1ара довзар. Юххехь да-нана цахиралал совнаха, нанас дена дина х1ума доцуш лела цхьалхачу стагах къахийтира-кх хьуна, ма-дарра дийцича. Цуьнан дог дохо хьайн бакъо а ца хийтира. Дахаран б1аьрг г1ийла т1е хьоьжуш лелла ма дара шуьшиъ ший. Да-нана доцуш цхьалха буо хьо. Да д1аваьлча, нана мареяхна, ненан вешин когашкахь кхиина иза.
Амма кхолламо охьате1ийна  стаг дуьненна а дарлуш хилла. Цунна 1еткъара, доладар доцуш, дехоша ша тесна витар а, нанас к1ентан дахарал хьалха шен ирс таттар а. Олучу дашца хьайн ма-хуьллу цуьнан догъэца а ма хьожура хьо, г1уллакхца накъост а хуьлуш. Хьайн ницкъ кхочург-м дира ахь, амма г1орасиз зудчо т1аьххьарачу ницкъаца туьйсу ка-ма1арш к1езиг хилла кхерчахь йовхо латто. Замано к1аргъяр бен, ерза ца йира цуьнан даг т1ера чевнаш.
Дахаро кхин некъаш а ма хьийхира хьуна. Не1алт кхайкхийний бен хьоьга дош ца олу, оцу чохь 1уьллург ца вийцича, делха а, дека а доцуш хьо лела масех шо даьлча дара х1ара. Ц1еххьана т1е доладеллачу  дог1ано яшийна, майрачуьн дезачу куьйго 1аржйинчу юхьа дуьхьала шипон а лоьцуш, вешийна охьакхетта аьлла къера дуй биина ц1аян дагахь соцунг1ехь лаьтташ яра хьо.
Тидам а ца хилира, к1айчу басахьа цхьа машен дехьуо соцуш, цу чуьра охьадоьссина адам гергакхаччалц. Цо, де дика дан а дицделла, элира:
– Со хезна ву хьан дахарах лаьцна, и лалуш а вац – ткъа хьан багара дош ца долура, хьайн юьхь дагайог1ий, шипон дуьхьала ийзайо ахь. Ткъа цо до1анашца доьху, хьуо вон мел долчу х1уманах ларъян бакъо ло шена бохуш. Хьуна хаьа, цуьнан доьзал буй, шена хьо цхьаьннан ц1арт1ехь юй хуъушехьа доьху цо, хьуо хьакъйоцу стаг витий, шега йола бохуш.  Ахь бехк боккху:
– Оццул хьуна сох чекх саган бахьан дийцахьа? – хоттуш
– Дала ша яздина рицкъа хьарам дойла, хьо атта хетта дош аьллехь. Дерриге а хьан мах хаар ду-кх, ас вала ма дуьллу, хьо дохкоялахь – хьо теша цунах, амма доьхку кхул т1аьхьа и тайпа къамел хьайга дар. И г1улч айхьа яьккхича, хьайл к1езиг х1ума хетар дацара хьуна. Сел к1езиг х1ума кху дуьнен т1ехь а муха лелар яра?!
Цо х1етахь а дийцира, хьан дог шех тешош, амма даьлларг д1ахьедан, кхето а бухахь нана йоцу нус ма ца оьша шена аьлла, цуьнан нанас даийтинчу хабаро дерриге а хьан туьйра харцийра.
Автобус соцу. Хьо д1айоьду, мацах цкъа санна латта, хьайга ирс кхийдо къонах а вуьтуш.  «Хьенех а, минех а х1ара стаг санна лелла волу, цхьа хан д1аяьлча ламазна-мархийна т1евирзина, дахарехь нийсачу новкъа ваьлла д1а ма вахара, х1ара нислур вац-те?!» - бохучуьнга сатуьйсуш хьайн дахар д1адер дуй оцу м1аьргонехь гинехь, ахь х1ун дийр дара а хаац.
Цхьа хан д1аяьлча х1окху оьгучу дег1ан чархана цаьргара оьшучу 1уналлах лаьцна ца дийцича а, дала цхьа а самукъа доцуш йисначу дийнахь а са 1ехо я доьзал а ца хили.
– Осала нах Дала т1аьхьенца деба цабарх-м х1ума дацара – элир-кха, стаг вуьйр волуш делахь а, бакъдерг д1аолучу хьан ден шичас.
Хьо кхийтира и дешнаш хьайга дуй, ахь х1уъу дийцарх, хьан ц1ийнда ца вевзаш ма вацара цхьа а. И а хьан бехк хили, т1аьхье хьакъйоцчу стагца хан яккхарна.
– Пхьоьхана д1ах1оьттина, ч1ог1а дош ала йиш йоцуш, юьртан а хьаша хилла чекхдели-кх сан дахар. Сайн да ваьхначохь ваха доьналла ца тоьънехь а, сайн дена доьг1на чурт лаьттачу кешнашка д1аволла луур ду суна суо, ткъа тезет – суо ваьхначу кертахь хуьлийла а, сайца баьхнарш сайна къинт1ерабовлийла а – хьо йолчу аг1ор забарна а, схьа а  ца воьрзуш, вала цхьа де хьалха элира цуо.
Хьо кху дийне яьллера, «къинт1ераяла» - боху дешнаш хьайн ц1ийндегара хазаре сатуьйсуш. Ткъа тахана хьайн дахар цара цхьана а аг1ор хуьйцур цахиларх кхета хьо. 1ожалло кхерийначу стеган багара декаш, ма эзарзза шайн ницкъ лахбелла а дека уьш. Цхьа г1ийла, дуьххьал д1а, шайх къахеттал бен хьан ойла ца юьтуш. Ткъа хьо-м тоххарехь къинт1ераяьллера, массо а бусулбачу адамна, эхарт дезачуьн ца вала йишйоций а хууш.
Цуо цкъа а ца дийцинера валарах лаьцна. Мелхо а, къихкинера-кх цу хабарх, къихкича, цунах волуш санна. Иза к1елвисна дукха хан ялале, д1а мичахь волла лаьа аьлла ахь хаьттича, дукха кхел кхайкхира хьуна, ша хьо лаьттах йоллаза цхьанхьа  а г1ур вац бохуш. Цул т1аьхьа ахь валар ца хьехийнера. Шен да д1авоьллинчохь д1аволлар нийса ду-кх, чуртана а ма веза вийца да. Ца хилча йишйоццушехь д1абахначарна т1е х1иттина бог1учара вовшашлахь хьахош:
– Хьенехан к1ант минех ву-кх кхузахь 1уьллург – аьлла, вовзийта.
Ц1ийнда д1аваьлла шо гергга хан яллалц лийлира хьо, буьйса юкъал т1аьхъяьллачу хенахь йижинчуьра хьала лелхаш, иза 1иллина чу уьдуш, сардамаш доьхуш хьайга кхойкхуш санна хеташ. Сахиллалц йилхира хьо, ишттачу цхьана буса самаяьлча. Йилхира хьуо-хьайна, хьайн сатийсамашна, яйначу б1аьстенашна.
– Цамгар Делера яц, Делера дарба ду, Дала могашалла ларъее боху. Кхана дог1ундолчу къематдийнахь, жоп доьхур ма ду, хьайн бехкенна ахь х1аллакйиначу могашаллах,– аьлла-кх, къона къанваллац муьйлуш лелла, цамгаро к1елавитначу стага, шега цамгар Делера ю, сатоха деза аьллачуьнга.
Ткъа цу  дийнахь, дуьненахь ахь ца лехначу ирсах жоп дехахь, дуьххьара хир ю-кх хьо, олий, дагадог1у хьуна. Дала аьлла ма боху: «Шега до1анца дика доьхуш кховдийна куьйгаш, деса юхадерзо эхь хета Шена». Къера а хилла, декъазчу кхолламна к1ела ца соьцуш, массарел Комаьршачуьнга ирс доьхуш до1а дина а х1ума ца дарна бехк хета хьайн. Шех сатийсам олу, дог хьоьстуш т1едоьху йовхо чекхъяьлча дуу Дуьне а дош ца хилла.  Ирс доцчу х1усамехь, мел лерина лехарх а, ирс карориг ца хилла! Дала, Ша рицкъа а цуьнгахула лур ду аьллачу ц1ийндеца дика хилча, ирсе хир ю моьттур-кха хьуна, ткъа шеца ишта хила хьакъдолуш хила ца веза и х1усамда – боху хаттар х1отто кхетам ца тоьи!
Хьуна дагадог1у шайн лулара Хьомсаран йо1 марейоьду де. Марейоьда де аьлча а, кхаа дийнахь нускалан кучаца, 1уьйрана т1е юхуш, сарахь кхана т1ейоха хьалауллуш, ша д1айига бахка беза захалш ларбина. Кхуьнца цхьаьна лула-кулара а, гергара а зудабераш дара. Кхаа дийнахьа, гуолаьцна, хьийзийна хиллера кхуьнан захалш беха юьртара бахархой, юьрта чу-ара стаг ца волуьйташ. Т1еман хан яра иза, 1уьйрана араволучо чохь берш къинт1ера бохуш, сарахь чувоьрзур ву олийла доцуш. Амма дахаро шен г1иллакхаш ца хийцинера. Т1еетташ яккхий тоьпаш елахь а, зудчунна доьзалан ирс эшар-кха, цунна кхоьллина ша йолу дела. Кханенга мила волу а цахуучу заманахь а зудчунна коьрта дерг шен х1усам кхоллар дара. Т1едог1учу к1ирнах некъаш маьршадевлча, д1айигира иза. Цул т1аьхьа ахшо а далале, дуьнен т1е валаза волчу доьзалхочуьнца цхьана коша д1а а йоьллира.  Буьйса юкъалт1аьхъяьллачу хенахь кеманаша т1еетта йолийначу ракетех лачкъа тоьли чу хьаьдда йоьдуш хиллера миска. Гуьйренан деношкахь кога х1ума туда а ца кхуьуш сихъелла хиллехь а, к1елхьара ца яьллера.
Хьуна а оьшура доьзал, кхечу зударшна санна кхерч, хьайн х1усам. И карийча бен зуда ирсе ца хуьлу дела. Хьайн ирсана т1е боьду некъ бар-кха ахь юьхьаралаьцнарг. Амма мича ялийна хьо цу некъо?! Хьо шех тешна, шена т1аьхьа х1оьттинчо йиггинче ялийна-кх!
Шолаг1чу 1уьйрана, дей-буьйсий къастале яхана, б1аьрахишца йишин ц1енкъа юьйжира хьо
– Дависарг, дахар х1инца доло йиш хилча! Ма хала ду-кх ша-шена дог а эт1аш лела – юха б1аьра а хьаьжна бехк баьккхира – ахь б1аьргаш делла мегаш ца хиллера-те сан аьлла.
Ткъа йишас, цхьаъ ала дагахь доккха садаьккхира, амма цуьнан багара дош а ца делира. Х1инца аьндолчу дешнийн х1умма нисдан ницкъ бацара.

2011ш.


Рецензии